ТIекхочийла долу линкаш

Дипломатин дов эккха мегаш ду Оьрсийчоьнна а, Германина а юкъахь


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Оьрсийчоьнан дипломатийн хьукматан официалан векал Захарова Марина Russia-ASEAN саммитехь. Сочи. Стиг. 19, 2016

Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан Оьрсийчоьнан дипломатийн хьукматан официалан векал Захарова Марина Russia-ASEAN саммитехь. Сочи. Стиг. 19, 2016

„Аьшпаш биттарца декъал во хьо“ - аьлла ду евзаш йолчу цхьана классикан романехь. Цу цIеяханчу репликица догIуш ду оршот дийнахь масех хьостанехула Германин урхалло а, арахьарчу гIуллакхийн министралло Оьрсийчоьнан лакхар Iедал харцдерг дийцарна тIехь лацар а, цара Путин Владимиран векалш гаррехь аьшпаш биттарна бехкебар а.

Хилларг доьзна ду кIира хьалха Китайхь G20 саммитехь дуьненан нуьцкъалчу ткъо пачхьалкхан куьйгалхой гулбеллачехь Меркел Ангелин, Путин Владимиран хилла бохуш оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министралло даржош долу къамел.

Оьрсийчоьнан дипломатийн хьукматан официалан векал йолчу Захарова Маринас брифингехь журналисташка динчу дIахьедарца, Германин канцлер Меркел Ангела хиллера, Китайхь Ханчжоу гIалахь ша Путинца вовшахкхетчара, Кремлан куьйгалхочуьнца кесталгIа дIабахьа безачу Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин инарла секретаран харжамашкахь шена товш йолчу кандидатурина белшашгIортаяхьара бохучух лаьцна къедамаш бан гIерташ.

Болгарера орамаш долу цхьа кандидат, карарчу хенахь ЮНЕСКон куьйгалхо йолу Бокова Ирина, инарла секретар хила Iалашо йолу, дIа а теттина, цунна метта оццу Болгарера еврокоммисар йолу Геогиева Кристалинина белшашгIортаяхьара аьлла дехна хилла немцойн кацнлеро Путине, арахьарчу гIуллакхийн министраллин векало Захаровас чIагIдарехь.

Кхузахь хьахон догIу, нагахь санна Бокова башха политикан хьежамашца я дIахьедаршца гIарйаьлла яцахь, Георгиева Кристалина ша еврокомиссар болх бечу юкъана масийтаза Оьрсийчоьнан куьйгаллин агIор критикалле дIахьедар дарца евзаш ю.

Цуьнца доьзна хила мега Захаровин сел кIоршаме йистхилар а. „Оьрсийчоь цхьана кулисашна тIехьарчу ловзаршна юккъе озон гIерташ бу цхьаццаболу ницкъаш“, - элира цо, Меркел Ангелин агIор нундохуш.

Тамашийна цу йоллучу исторехь, хIинца гучудаьлла ма-хиллара, и дерриге а харц хилар ду. Аьлча а, немцойн урхалло иза харцхилар гучудаккхар. Оршот дийнахь цкъа хьалха цу хьокъехь дIахьедар дира вуно шогачу кепара Германин арахьарчу гIуллакхийн министраллин векало Шефер Мартина. „Гуш лаьтташехь сел харца информаци официалан тIегIанна тIехь яржор – иза гамонан гIулч ю“, - элира цо, Меркелс Путине хьаххане а Бокова я Георгиева хьахор дацаре а деш.

Муха хила йиш ю цхьана пачхьалкхан лакхарчу Iедалша, шаьш дуьйцург харц делахь, иза сихонца гучудер дуйла а, цунах дуьненаюкъара IалагIож хир юйла а кхеташехь, иштта харцдерг дийцар? Политологе Чапханов Руслане делира Маршо радионо и хаттар. Дуьненаюкъарчу политикехь пачхьалкхан куьйгалхоша вовшашца дийцаре дечу хIумнийн этикет муха хуьлу иштта дийцира цо.

Чапханов Руслан: „Дуьненаюкъарчу кепашкахь и хIума муха хуьлу аьлча, пачхьалкхенан лидерш вовшашца цхьаьнакхетале хьалха цу шинна а пачхьалкхан политикан институцеша а, арахьарчу гIуллакхийн министраллин белхахоша а хьал талла а толлий, анализ а йой, цара вовшашка олуш долу хIума а, церан къамелийн теманаш а билгалйоху. Шена хет-хеттарг, баг деъ-дехнарг ишттачу цхьаьнакхетаршкахь дуьйцуш ца хуьлу. Дийцахь, я дийцина аьлла аьшпаш биттахь юхьIаьрда хIуттур бу-кх уьш“.

Цу юкъана Оьрсийчоьнний, Германиний юккъера дипломатикаллин IалагIож яьржаш ю. Меркел Ангелин пресс-секретара Зайферт Штеффана а дацаре дира леринчу брифингехь, Меркелс Путинца Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн инарла секретаран дарж дийцаре дина бохург. „Цу даржан цкъачунна 10 кандидатура ю, царна юккъехь Георгиева янне а яц“, - элира цо, Кремлан векалш аьшпаш биттина хилар кхин цкъа а билгал а доккхуш.

XS
SM
MD
LG