ТIекхочийла долу линкаш

Хьанна оьшу байракхан дов?


Оьрсийн салташа герзаца Нохчийчу еана оьрсийн байракх

Оьрсийн салташа герзаца Нохчийчу еана оьрсийн байракх

Маршо радионо хIокху кIирнахь дийцаре диллинчу хаттарна дахкийтина жоьпаш. Шуна хIун аьлла хета, стенца доьзна ду хьаькхна буц оьрсийн байракхна юкъахь дехьайоккхуш оьрсийн журналисто Нохчийчохь кино яккхар? Леррина кечдина питана ду я, оццул тидам тIебахийттал доккха хIума дац?


ЛадогIархой ах декъе бекъабеллера – цхьана эхана и гIуллакх оццул дийца хьакъ доцу, пайда боцу хIума хета.

Вукху эхана иза Оьрсийчохь кечдина питана хета, юх-юха а нохчийн къам бехке дан бахьана доккхуш.

Оьрсаша шайн байракх оццул лоруш хилча, шаьш гайта беза цуьнга ларам аьлла хетачех ву Нохчийчура Сулейман.


Нагахь и питана делахь, лаам хилчхьана, атта къасталур долуш ду боху Ризвана.


Питана а доцуш, боккъалла а нохчийн зударша оьрсийн байракхна юкъахь буц дIакхоьхьуш хиллехь, оьрсийн журналисто ша и байракх лара лерина, схьаэца езара элира ИбраьхIима:


Изза ойла йолуш Нохчийчура Хьамзат а ву.


Маршо радион сайта тIехь хIоттийначу хаттарехь дакъа лаьцначу 11% ца кхоччуш нахана, оьрсийн байракх, къоман байракх санна лара еза аьлла хета. 3,5% сов нахана хетарехь, хийрачу пачхьалкхан байракх ю иза. 3,6% процент нахана бен а яц оьрсийн байракх. Ткъа 82% сов нохчаша, оьрсийн байракх – мостагIчуьнан байракх лерина.
XS
SM
MD
LG