ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижан йистошкахь къепедацарш хуьлу хIора буса


Франци -- Эйфелан бIов
Франци -- Эйфелан бIов

ХIора буса иттанашкахь а, ткъа цхьайолчу буьйсанашкахь бIеннашкахь а арабовлу Францин коьртачу шахьаран йистошкахь Iохкучу кIоштанийн урамашка шайн яххьашна тIе туьтмIаьжигаш а йоьхкина, полисхойн леламашна дуьхьало яран акцешка цу кIоштанийн къона бахархой. Цу кIоштанийн хилла а ца Iан. Бобинья а, Аржантей а, Мант-ла-Жоли, Ольне-су-Буа, иштта цхьа могIа кхин а кегийчу гIаланашкахь а лаьтта изза хьал тIаьхьарчу иттех дийнахь.

Цу кепарчу дуккха кегирхоша шайн Iедалан белхахошна дуьхьал йолу оьгIазло урамашка яккхаран формалан бахьана хIара карара чиллан бутт болалуш Ольне-су-Буа гIалахь цхьа Iаьржа чкъор долу жимстаг лоцучу хенахь цунна полисхоша ницкъ бина хилар гIардалар ду.

Францерчу хаамийн гIирсаша а, полицин векалша а дийцарехь, чиллан беттан 2-чохь 22 шо долу Тео цIе йолу жимстаг пайдабоцу къепедацар лелор бахьана долуш шаьш лаьцча, цу гIаларчу полисхоша цунна тIехь маьттаза ницкъ бинера. Полисхоша дацаре до шаьш цу жимчу стагца эвхьаздовлар а, шаьш цунна ницкъ бар а, цунна хилла йолу чевнаш ларамза хилла ю иза лоцучу хенахь, бохуш. Бакъду, цу хиламна гонахара IалагIож яржа йолаелча, ткъа Францерчу гIаланийн къе я социалан хьелаш гIийла долчу кIоштийн бахархой и бахьана долуш шайн оьгIазло гайта арабевлла, Тео цIе йолу жимстаг лоцуш декъа хилла волчу веа полисхочунна дуьхьал бехктакхаме гIуллакх схьадиллина церан коллегаша. Цу вианах цхьаъ и кIант хьийзорна бехке веш ву, ткъа важа кхоъ – цунна ницкъ барна. Уьш веа а талламаш дIаберзалц балхара дIа а ваьккхина.

Амма и нах балхах бохорх тоам ца хилла протесташка арабуьйлучарна. Цара цхьа а хIара аьлла Iедале беш кхайкхам а боцуш, бус-буса шайн кадолучу агIор шаьш бехачу гIалийн урамашкахь вандадалла лелайо, нехан машенашна а, туьканашна а цIераш а туьйсуш, аьтто болуш хилахь полисхойн машенашна а тIулгаш а детташ.

ХIун Iалашо ю-те кест-кеста Францин гIалийн урамашкахь цу кепарчу протестийн акцешка ара а бовлий, къепедацарш лелочу кегирхойн? Церан цхьа политикан а, идеологин лаамаш а, Iалашонаш

Магомадов Рамзан: „И хIумнаш тахана я кIира хьалха дуьйладелла дац, уьш хIора шарахь аьлча санна кху Европерчу мехкашкахь и кепара протесташ кегирхоша еш нисло. Шайца цхьа харцо йийцина аьлла шайна хетча, я шайх цхьаъ лаьцча, я шайна тIехь шайна харц кхел йина аьлла хетча арабовлу и кегийрхой иштта. Церан цхьа политикан Iалашонаш хилча-м иза дуьненна а гуш хир дара, хIокхеран иштта Iалашонаш, ца гарехь, яц“

Цу юкъана Теона ницкъ бар бахьана долуш Францин гIаланашкахь лаьтташ долу къепедацарш пачхьалкхан лакхарчу Iедалхошна а сингаттам кхуллуш ду. Францин президент Олланд Франсуа лоьрийн цIийнахь дарба деш Iуьллучу цу кIантана тIаьхьа вахара. Цо полисхойн къизаллин закъалт хиллачу жимстаге тоьшалла дира, Iедалхоша и хIума кхоччуш толлур а ду, бехкечарна догIуш долу таIзар а дийр ду аьлла.

Шен рогIехь Францин премьер-министро Казнев Бернара хаамийн гIирсашкахула кхайкхам бира чоьхьарчу гIуллакхийн министралле, цу кIантана ницкъ бинчу полисхошна вуно шога таIзарш даре.

Карарчу хенахь Парижана гонаха Iохкучу гIаланашкахь къепедацаршкахь дакъалацарна лаьцна 40 сов стаг ву. Амма цу гIаланийн урамашкахь къепе юхаметтахIоттор, хетарехь, кхин а дикка дахлур ду.

XS
SM
MD
LG