ТIекхочийла долу линкаш

ФСБ-н белхахой цIийнах хьевсина Джемал Гейдаран хIусамашкахь


Оьрсийчоь -- Вевзаш волу публицист, юкъараллин жигархо, Оьрсийчоьнан «Исламан комитетан» куьйгалхо Джемал Гейдар, 25Гезг2011

Оьрсийчоь -- Вевзаш волу публицист, юкъараллин жигархо, Оьрсийчоьнан «Исламан комитетан» куьйгалхо Джемал Гейдар, 25Гезг2011

64-шо долу публицист, юкъараллин жигархо, Оьрсийчоьнан «Исламан комитетан» куьйгалхо Джемал Гейдар «АьрроагIора фронт» олучу оппозицин боламан координацин кхеташонан декъашхо ву. 2010-чу шарахь цо тIе куьг таIийра «Путин дIавала веза» цIе йолчу кхайкхамна.


Дукха хан йоццуш ша язйинчу цхьана артиклехь Джемала яздинера Оьрсийчоь революцино бен къелхьар йоккхур яц, аьлла. Шинарийн дийнахь Москох ФСБ-н белхахой цIийнах хоьвсина Джемал Гейдаран хIусамашкахь. Цуьнан бахьана ду цо куьйгалла дечу организацин сайт тIехь терроризм лелоре кхойкхуш артикл зорбане ялар, аьлла, хаам бина ФСБ-н векалша.

Карахь болчу хаамашца, islamcom.ru олучу интернет сайт тIехь зорбане яьлла «Джихадехь йолчу зудчуьнан рол» цIе йолу Аль Ийери Юсуф цIе йолчу зудчо язйина артикл. ФСБ-н белхахоша билгалдоккха и артикл дIахIоттийна хилар Джемал Гейдара куьйгалла дечу комитетан офисехь хIоттийначу компьютер тIера.

Маршо Радионна ша йеллачу интервьюхь Джемал Гейдара бакъдира шена бехке дуьллуш дерг адамашна юкъахь хьагI-гамо а, цабезам а кхоллар хилар. Iуьйринна шен неIаре баьхкинарш ФСБ-н белхалой бара, бохуш, дийцира Джемал Гейдара.

Маршо Радио: Муьлаш бара хьуна таллам бан баьхкинарш, хьунда баьхкинера уьш са а тасале хьо волчу, хIун даьллера хьоьгара?

Джемал Гейдар: Уьш полицин белхахой бацара, ФСБ яра. Иза йокхха башхалла ю. Суна хетарехь, цхьана моментехь царна къордийна со дуккха а шерашкахь иштта вист хуьлуш хилар. Цара сацам бина пайда эца, цхьана агIора юкъараллин атмосфера деняларх, вукха агIора дуьхьалонан болам цхьа-мелла а гIелбаларх, шайн ницкъ гойтуш.

Маршо Радио: Ткъа, шайн ницкъ а гайтина, уьш IадIийра бу, аьлла, хетий хьуна?

Джемал Гейдар: Кхузахь мелла а алсам хIума хила мега, со кхеро гIертаралла а сов. Хьунда аьлча цу кепара бодане болчу наха чIагIдо тхан сайт тIехь йолу текст аса язйина, бохуш, иза ма-дарра аьлча, Iаьрбийн маттара гочйина ялахь а. Аса иза, бакъдерг дийцача, йийшира талламхошца къамел дечу хенахь.

Маршо Радио: Ткъа хIун жоьпалла ду хьан и текст цу сайт тIехь гучуяларна?

Джемал Гейдар: Царна хета иза я аса гочйина, я аса иза язйина. Ма-дарра аьлча, иза баккъалла а волуш волу стаг ву, и текст язйинарг. И текст, коч а йина, сайт тIе дIахIоттийна суна хууш а доцуш. Суна хетарехь, цера, забар а йоцуш, Iалашо ю сох таса а белла, со дIа ца хеца. ХIунда аьлча цхьацца билгалонашца кхеташ ду иза со кхеро гIерташ йолу шоу ца хилар. Иза мелла а ладаме хIума ду.

Маршо Радио: Хьо Оьрсийчоьнан исламан комитетан куьйгалхо ву. Президентан харжамаш чекх а боьвлла, Путин Владимирна а, цуьнан Iедалшна а дуьхьала хилла болу нах жоьпе а озош, махкахь маьршонашна гайканаш т1екъовлар дIадолош далахь уггара хьалха хьо харжар стенца дузу ахьа?

Джемал Гейдар: Уьш, схьагарехь, массо а агIора жигара баккха гIерташ бу Оьрсийчурча бусулба нахана дуьхьала беш болу къийсам. Царна чIогIа мехала ду суна тохар дар, дуккха а Исламехь йолу тенденцеш а, генаш а цхьанакхетачу меттехь лаьтташ волу стаг со хиларе терра, даиман а Ислам-дин лардеш со лаьтташ волун дела.

Маршо Радио: Цхьаболчу наха ахьа куьйгалла деш йолу исламан комитет экстремистийн организаци ю, бохуш, чIагIдо. 2009-чу шарахь, масала, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан депутато Мищенко Максима латкъам бинера шу комитет экстремистийн вовшахтохар санна лара аьлла. Цулсовнаха цу стага дехар динера инарлан прокуроре хьо жоьпе озо веза, аьлла, шун сайтана тIехь яздеш дерг бахьана долуш. Цу кепара хьайна бехкаш дохкучу нахана хIун жоп лур дара ахьа?

Джемал Гейдар: Суна хетарехь, экстремизмаца йоьзна йолу бехк-такхаман артиклш стаг бехке варехь бакъонца йогIуш яц. Юридикан гIирс санна уьш бIостнехьа лаьтташ ю юридикан логикана. И артиклш дIаяха езаш ю. Аса даиман а кхайкхамаш бина политикан тутмакхаш ша-берш дIахеца бохуш, шайна юкъахь, цу артиклна тIе а тоьвжина, чубоьхкина нах а болуш.

Маршо Радио: Ткъа хIинца беш болу таллам бехк-такхаман гIуллакх схьа а доьллуш боьрзур бу, аьлла-м, ца хета хьуна? Хаамийн гIирсаш яздо хьуна 5 шо хан тоха мега, бохуш.

Джемал Гейдар: Схьагарехь, и кхерам болуш бу. Муьлхха а бехк-такхаман гIуллакх толлуш ма-хиллара, и кхерам болуш бу.

Маршо Радио: Ткъа муха хилира хьан чохь таллам бар? Цара дIаяьхьнарг хIун ю?

Джемал Гейдар: Со чохь волчура а ца хьуш, сан кхечу хIусамана чура ши компьютер а, диск а дIадаьхьна. Иза цара дина оцу шина компьютерх цхьанна тIера и артикл зорбане яккхина хиларан тоьшалла карон Iалашо йолуш. Амма и артикл дIахIоттийна хиларо цхьана а хIуманна тоьшалла дац деш. ХIунда аьлча цу компьютер тIера иза дIахIоттийнехь а, цкъа далахь, аса иза яз а ца йина, иза гоч а ца йина. ШолгIа далахь, аса омра а ца делла иза дIахIоттае, аьлла.

Маршо Радио: ФСБ-н белхахоша хьо цхьана хIуманна бехке веш хилча уггара хьалха дагадогIург ду цхьа во тIаьхье йоцуш иза ца диса мега, бохург. Нагахь оьшуш меттиг балахь, тIе товжа, хьуна накъосталла дийра долу бертахой буй хьан?

Джемал Гейдар: Сан дегайовхо йерг веза-воккха АллахI ву, кхин цхьа а вац.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG