ТIекхочийла долу линкаш

"Доккхачу цу ловзарна меттиг яра кIезиг..."


Iамеркера эшаршлакхархо Лопез Дженифер, Бразили, Сан Паоло, 26Манг2012

Iамеркера эшаршлакхархо Лопез Дженифер, Бразили, Сан Паоло, 26Манг2012

ДIадаханчу мукъа деношкахь Москох йистехь транспортан кхозлагIачу гонна арахьа «Сафиса» олучу ресторанехь дIабаьхьира Гуцериев Михаилан кIантана зуда ялорца боьзна синкъерам.

Цхьа кIира хьалха дуйна оцу меттехь гIишлошъярхоша болх болийнера, Iаьржа костюмаш йоьхна, даккхийн догIмаш долчу божарша, теллинера оцу меттиган гонахь йолу майда. Меттигера бахархой кхеташ бара, цхьана хьоладен даздаршна кечам беш хиларх.


Амма боккъала а цецбевла нах а, цига бахкина хилла журналисташ а, хьеший а, гIалгIайн олигарх лоручу Гуцериев Михаилан кIантан СаIидан зуда ялорна дайинчу ахчанах. Тахана а билгала хууш дац иза мел ду, амма, цхьацца лараршца, ГуцериевгIара схьабалар долчу ГIалгIайн мехкан шеран бюджетал дукха хилар.

Нускалан коьртахь хиллачу тажан а, кучан а мах 400 миллион соьман барамехь хилла. Ала догIу, ГIалгIайн махкахь кху шарахь могашалла Iалашъяран хьелашна хьажо билгалдаьккхина 25 миллион сом. Иза нускалан коьртахь хиллачу жовхIарх хIоттийначу тажан мах бу. Деккъа зезагех дIадаьлла 200 эзар доллар.


Гуттара а нах цецбаьхна цига кхайкхинчу эшлакхархойх. Бьонсе, Лопес Дженифер, Джон Элтон, Иглесиас Энрике, Стинг иштта кхиберш а. ХIоранна мах бу, ишттачу метте 2-3 эшар лакха вогIуш цхьа миллион еврон тIера 3-4 миллионна тIекхаччалц. Оьрсийчура артистийн мехаш кIезга ду, амма уьш а хилла цигахь дуккха а.

Кхайкхинчу хьешашна юккъахь дуккха а политикаш а, Оьрсийчохь а, цуьнан дозанал арахьа бевза нах а хилла. ГIалгIайн мехкан хилла президент Аушев Руслан а, хIинца волу Евкуров Юнус-Бек а хилла ловзархь.

Оццул дукха харж а еш, Гуцериевс синкъерам хIотторна реза боцуш дийцаре даьккхина хаамийн гIирсашкахь а, интернет блогашкахь а. Вайнехан гIиллакхехь а, бусулба динехь а догIуш дац иза, оьзда доцуш, хIума ду бохуш, дуьйцу царах цхьаболчара.

ГIалгIайн юккъараллехь, доккхах дакъа къе а долуш кхеташ дац, оццул барам ахча муха дойура ду зуда ялош. Несар-ГIалара Бузуртанов Мохьмадас иштта элира Маршо радиога цу хьокъехь вистхуьлуш.

Бузуртанов: «Хаза дац цо динарг. Тахана вай махкахь къе бехаш нах а бу. Оьзда дац иза цо динарг».

Несар-гIалахь вехачу нохчийн совдегархо Ильясов Лом-Iела а цецваьлла ГуцериевгIеран доьзало зуда ялош йинчу харжех. И ахча цхьана мела хуьлучу агIора хьажо дезаш дара, аьлла хета шена элира цо.

Ильясов: «Тахана Гуцериев Минкаила шен кIантан зуда ялош миллионаш а луш йишлакхархой а бакхина, деший ахчанаш дIасадекъна бохуш дуьйцу. Веш лаьтташехь миллиардаш а долуш ма ца вина Гуцериев. Ша кхана вала везийла а ххууш, гIийла а миска а болчу нахана иза дIаделлехьара гIоле ма дара, бохуш ву-кх дIа мел хаьттинарг».

Нохчийн а, гIалгIайн а башхалла а йоцуш, юккъараллехь тIаьхьарчу хенахь чIогIа даьржина схьадогIуш ду, ишттачу даздаршкахь тIехсов, ца дича а мегара йолу харжаш яр. Цунна а терго йо ша а бизнесхочо Ильясов Лом-Iелас.

Ильясов: «Вайна ма хаара, дукха харжаш еш зуда ялор Гуцериев цхьаъ хилла Iаш ма ваций. Декхар а доккхуш, дукхачу наха, шай бахам гайта гIерташ леладо и хIума. Тахана Гуцериевс оцу нахана гойтуш ду-кх, 5 миллион цига делла, вукхунахь делла, бохуш».

Ша даьккхина ахча муьлхачу стага шен луучу дохкарх цхьа а цецвала ца оьшу. Иза цуьнан бакъо ю. Амма вай вайнах хиларо, цхьацца оьздангаллин дехкарш тIедожа а до, аьлла хета Ильясов Лом-Iелин. Оцу синкъерамехь, я вайнехан а, я бусулба динан а барамаш ца лаьрра, элира цо.

Ильясов: «Тахана Туркойн махкахь цхьа кIантий йоIий, керлачу доьзале вовшахкхеташ, даз а ца деш, цунна дайа лаьрра ахча мискачу нахана дIасадекъна. Иза динехьарий бакъахь дара цо».

Гайтаме а деш, гIар а доккхуш, инзаре дукха ахча а дойуш шен кIантан Гуцериев Михаила зуда ялор, пачхьалкхехь экономикан кризис хIоьттинчу хенахь, дукхачу хаамийн гIирсаша цIе тиллина, «ун даьржинчу хенахь той хIоттора санна».

Цхьа бутт сов хьалха, ша Гуцериев Михаила, Оьрсийчуьрчу бахархошка экономикехь хIоьттинчу хьолах а, цара хIун дан деза аьлла бина хьехам тидаме эцча, гIуллакх гуттара а чолхе хетало. ХIара ду и къамел.


Гуцериев: «Массо а хIуманна тIехь кхоам бан дуьйлало. Цуьнан кхин дан шапаIат дац шуна. Шозза дукха болх бан беза, шозза кIезга дайа деза. Шозза дукха ойла ян еза, шозза кIезга дайа деза. Шозза кIезга садаIа деза, шозза кIезга дайа а деза. Иза деш хилахь-аьтто хира бу. Кхиндерг-дIахьокхура ду».

XS
SM
MD
LG