ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьешан ларамбеш кхелхина Iилманча Манкиев Якъуб


ГIалгIайчоь -- Долакх-Юьртахь тIеман операци йоьдуш, 07Оха2013
ГIалгIайчоь -- Долакх-Юьртахь тIеман операци йоьдуш, 07Оха2013

ГIалгIайчохь леринчу операцехь оршоьтан дийнахь-буса вийна пхи жима стаг: кхо тIемалой, уьш шен хIусамна чубитина цхьа маьрша вахархой, царна дуьхьал тΙом бина эскархой. Ша волчу буьйса яьккха веана тIемало ара ца валахь, ша а вер вац, аьлла, цуьнца Iожалла екъна Долакх-Юьртахь цхьана вахархочо.



Степная урамерчу 35-чу цIа чохь тIемалой бу аьлла хаам кхаьчначу низамхоша оцу меттигна го а бина, лерина операци дIаяхьна. Оцу цIа чохь нисвелла ОздоевгIеран ши ваша - Адам а, Хьасан а. Цушиммо тIе ца дитина, боху, гобинчара къера а хилий, куьйгаш а айдай, аравала бохург.

Низамхоша деза герзаш детта долийна оцу цIенна тIе. Иза дагадоьлча, цуьнан кIуьра юкъара вала гIоьртина ши тIемало. Шайна дуьхьал нисвелла эскархо а вийна цара герз диттина. Иза ву Амирханов Джамболат. Вадарх гIуллакх ца хилла ши ваша-тIемало догучу цIа чохь велла.

Хилларг дирзина далале, оцу цIенна луларчу кхечу цIа чохь а тусавелла Iедалхошна тIемало. Иза хилла боху Несарарчу тIемалойн баьчча Местоев ИбрахIим. Оцу шолгIачу цIийнан дас Манкиев Якъуба буьйса яьккха чувитина хиллачух тера ду Местоев. Цигахь вийна и тIемало а, хIусаман долахо Манкиев Якъуб а.

Ала догIу, Якъуб гIалгIайн оппозицин декъашгхо волчу Манкиев Баматгирин кIант ву. Дас а, кхечара а дехар дича, хьаша а витина, аравер вац ша, аьлла, жоп делла цо.

Маршо Радиога цунах лаьцна дийцира «Машр» цIе йолчу бакъонашларъяран цхьанатохараллан куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада.

Муцольгов: « Селхана виъ стаг вийна ГIалгIаймахкахь. Суна хууш, ши ваша ву ОздоевгIеран вийна. Адаммий, Хьасанний. И шиъ цхьана цIа чохь вийна. ШозлогIчу цIа чохь Манкиев Якъуб - министр а, депутат а, республикан президентан дарже кандидатан а волчу Манкиев Баматгирин воI ву.

Цо ша аравер вац аьлла, ша волчу веана хьаша ара ца валахь. Хьешехь, Местоевгахь, герз хилла. Манкиев Якъуб волчохь цхьаъ, я шиъ буьйса яьккхина ала ца хаьа суна, амма Баматгирис а, ФСБ-н куьйгалхочо а къамел дича а, Якъуб, ахь дина хIумма а дац, ахь хьо волчу стаг чувитар доккха зулам а дац, аьлча а, реза ца хилла иза. И шиъ ву оцу цIа чохь вийнарг».

Бакъонашларъярхочо Муцольгов Мохьмада бахарехь, вийна волу Манкиев Якъуб шен дас вайнехан гIиллакхашца кхиийна вара. Ша а дахарехь дика кхиамаш болуш, экономист хилла и жима стаг.

Муцольгов: «Экономикан Iилманийн кандидат а волуш, кхаа беран да вара иза. Шен хьаша ара ца валахь, ша аравер вац аьлла цо. Герз а ца хилла цуьнгахь, хIумма а ца хилла. Вукхуьнгахь хилла. Дакъа хIинца а схьаделла дац».

Байина тIемалой, официалера болчу хаамашца, бехке бу стохка Чермен-эвлан йистехь, ГIалгIайчоьнца дозанехь йолчу блок-постехь Iожалхочо машен а оьккхуьйтуш динчу зулама. ХIетахь хIирийн цхьа полисхо веллера.
XS
SM
MD
LG