ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мила ву Донбассехь Малайзин "Боинг" чудаийтина "Хмурый"?


ХIара стаг ву, Украинин малхбалехь Малайзин "Боинг-777" олу некъахойн кема чудаийтинарг ву бохуш, Дуьненаюкъарчу талламан тобано вуьйцург.
ХIара стаг ву, Украинин малхбалехь Малайзин "Боинг-777" олу некъахойн кема чудаийтинарг ву бохуш, Дуьненаюкъарчу талламан тобано вуьйцург.

Украинин малхбалехь Малайзин ""Боинг-777 МН17" олу некъахойн кема чудаийтар толлуш ю Дьуненаюкъара талламхойн тоба. Изза деш ю Bellingcat олу тоба а. Цо чIагIдарехь, талламахойн аьтто баьлла, "Бук" олучу комплексан ракета а тоьхна Донецкан гергахь "Боинг" кема дохийна стаг мила ву бохург къасто.

Bellingcat олучу проектан декъашхоша рапорт арахецна, «Хмурый" мила ву къастор» аьлла цIе а йолуш. Цуьнан Iалашо яра Украинин эскаран векалша дIаяздина телефонан къамелаш дина волу оьрсийн эпсар мила ву къастор. Дуьненаюкъарчу талламан тобанна вевзина «Хмурый" цIе лелон стаг.

Украина -- ХIолландера а, ОБСЕ-н а талламхой бу Малайзин Боинг-777 охьадоьжна меттиг толлуш, Лахьан-бутт 6, 2014
Украина -- ХIолландера а, ОБСЕ-н а талламхой бу Малайзин Боинг-777 охьадоьжна меттиг толлуш, Лахьан-бутт 6, 2014

Иза ву Советан Армехь эпсар хилла, Донецкехь вина а, ОвхIанистанехь тIом бина а, Ростох кIоштахь вехаш волу стаг. Вуьйцург ву 54 шо долу Дубинский Сергей.

Bellingcat-а дийцарехь, царна билггала ца хаьа Донецкана гергахь, «Бук» ракета а тоьхна, "Боинг-777" чудаийтинарг мила ву.

2014-чу шарахь Товбеца-беттан 17-чу дийнахь "Боинг" чудаийтира Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа. И бахьана долуш вийра 298 стаг. Уьш бара коьртачу декъана Нидерландийн махкахой.

«Бук» эцна Украинин малхбале вахана хиллачу стага ша бехке вац бохуш чIагIдо "Боинг-777" некъахойн кема чудаийтарна. ББС-н оьрсийн сервиса электронан почтехула хаттарш делла хилла цу стаге. Цуьнан электронан адрес далийнера Bellingcat-о ша бинчу талламехь.

Доцца жоп луш цу стага хаам бина, ша омра делла чудаийтина дац кема аьлла. Ткъа Оьрсийчура «Бук» Донбассе дIакхачош дакъалаьцний ахьа, аьлла шега делла хаттар жоп а доцуш дитина цо.

Талламхошна хетарехь, «Хмурый» цIе лелош хилла стаг хила мегаш ву 2014-чу шарахь аьхка Украинин эскархошна а, сепаратисташна а юкъахь тIемаш доьлхуш «Бук» юьгуш Донецке ваханарг.

ХIолландин говзанчашна хетарехь, "Боинг-777" кема чудаийтинарг ю Оьрсийчоьнан «Бук» олу ракетийн комплекс.

«Хмурый» цIе йолу эпсар лехча интернетехь караво кхин цхьа оьрсийн эпсар а. Некъахойн «Боинг» чудаийтина стаг хила мега аьлла вуьйцу «Хмурый» Къилбаседа Кавказехь гIуллакх дина ву аьлла вуьйцуш ву.

Ткъа Къилбаседа Кавказехь бохург хуьлу дукхачу хьолах Нохчийчохь тIом бина бохург. Интернетехь лехча карош ву Нохчийчохь тIом бина «Хмурый».

Карарчу хенахь дийна воцу Оьрсийчоьнан пропагандист Речкалов Вадим ву диверсеш ярехула говзанча волчу «Хмурый» цIе лелочу эпсарера интервью оьцуш.

-«Хмурый» хIунда тиллина ахь хьайна цIе? - хоьтту журналисто.

- Велакъежар сайна ца дезарна, - жоп ло диверсешкахула говзанчо.

Дуьххьара стаг вийра ша бохуш дуьйцу эпсаро Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш. Ткъа кхин дIа цо дуьйцург даима а хуьлу путанех дуьзна дозаллаш ду.

Амма интервью ерзош «Хмурыйс» боху, шина ХIаагин трибуналана тоам хир болуш хабарш дийцина ша.

Нохчийчохь ши тIом хичлчахьана шаьш гайтина майралла а, турпалалла а юьйцуш дукха нах бевлла Оьрсийчоьнан эскархошна юкъахь боху Масхадов Асланан гIоьнча хиллачу Исханов Хьусайна. Нохчийчурча бахархошна дика хаьа цара баккъалла а лелийнарг бохуш вара иза.

Исханов Хьусайн шозза хилла Ханкалахь Оьрсийчоьнан ницкъийн коьрта штаб лаьттачу кертахь. Дуккха а эпсарш гина цунна цигахь. Сурташ тIехь гойту стаг гина вац шена бохуш вара иза.

Украинехь "Боинг-777" чудаийтинарг хила мега аьлла Bellingcat тобанан декъашхоша хьехош волчу Дубинский Сергейх «ДНР-н инарла-майор» хилира 2014-чу шеран Марсхьокху-баттахь МН17 кема дохийна дукха хан ялале.

ТIаьхьо иза эккхийра Донецкера, ахчанца бозбунчаллаш лелийна аьлла. ХIинца Дубинский токхе дахар дIакхоьхьуш ву Ростохан кIоштарчу цхьана эвлахь.

XS
SM
MD
LG