ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь наркотикашна дуьхьал рогIера рейдаш йолийна Iедало. Кхайкхам бина мехкан бахархошка, дIевше молханаш духкучарна айкхбовлар доьхуш. Амма цхьана тайпанара наркотикаш юкъараяьхча, кхин тайпа наркотикаш яржайо уьш йохкарца саоьцучу наха.





ХIора шарахь шозза дIахьош ю наркотикашна дуьхьал акци. БIаьстенан юьххехь а, гурахь а. Бахархошка кхайкхамаш бо наркотикашна дуьхьалояран урхалло, и дIовш мичахь духку шайга дийцар доьхуш.

Нах ма-оьшшу жигара шайна дуьхьал ца богIу, амма шо шаре мел долу адамаш кхета дуьйладелла наркотикех мел бала хуьлу махкана, боу наркоконтролан комитетан зорбан-сервисан куьйгалхочо Гайраханов Мовлас

Гайраханов: « Бакъдерг бакъ хила деза, Iедалан ницкъаллин структурашка нехан тешам кIезиг бу. Дуккха а харцонаш лелийна. И тешам юхберзо тахана хала ду. Нехан кхерамазалла ларъеш, и тешам юхабалош бу.

Дуккха а адам, тхуна накъосталла деш, арадаьлла а ду. Кегийрхойн тобанаш а ю гIо деш. Динан цхьанатохараллаш а ю хьехамаш беш, кегийрхой Iамош».

Нохчийчохь наркотикашна дуьхьал жигара дIахьочу къийсамо шен жамIаш деъна. Атта карош яц тоха а, я оза а наркотикаш. Уьш юхку нах вуно чIогIа ларлуш бу гучубовларх. Цул совнаха, кIомалан меттана хIинца яржа йолаелла махкахь «спайс» олу, узуш йолу наркотик. Иза, масийтта шо хьалха бен Оьрсийчохь низамера юккъера яьккхина а яц.

Шайн юьртахь дуккха а кегирхой бу оцу "яйн" ю олучу наркотиках бетталуш, дийцира Маршо Радиога жимчу стага ТIахIира.

ТIахIир: "Спайс" чIогIа яьржина ю махкахь. Юьртахь иза узуш а, лелош а мила ву а хаьа. ХIунуда узу ахь и спайс, аьлла хаьттича, иза яйн наркотик ю, цо хIумма а ца до, олу цара. Амма ма -дарра дийцича, иза чIогIа кхераме хIума ю. Хийла меттиг ю стага ша-шена тIе куьг даьхьана».

Маршо Радио: Ткъа юьртахь хууш хилча, цхьанна а тайпана Iаткъам бан йиш яц царна?

ТIахIир: «ХIинцалца иза дина дац. Хьо тIе а вахана, ахь цуьнга, хьо иза юьхкуш ву, ма леладахьара ахь иза, аьлча, цIанлой дIахIутту, ахь муха эр дара шега и саннарг, олий. Иза, суна хетарехь, баккхийчара ала дезара. Маьждигехь имама кхайкхам бан безара, нагахь санна иза йохкар саца ца дахь, ша рогIерчу рузбан дийнахь дIакхайкхор ву, аьлла».

"Спайс" дукхачу хьолехь хими евзучу наха шаьш еш ю. Цо, нохчаша ма-аллара, тухуш йолу «жIов» 15-20 минотана бен ца лаьтта. Амма цунах долу дIовш а, кхидолу вониг а доккха ду, билгалдоккху наркоконтролан зорбан-секретара Гайраханов Мовлас.

Гайраханов: «И бала хир буйла тхуна хьалхе дуьйна а хууш дара. Иза цу тIе ца далийта гIерташ оха белхаш бина. Масийтта шо хьалха цхьаболчу хаамийн гIирсаша, реза а боцуш, пачхьалкхехь магийна йолу и узу коьчал йихкина бохуш дуьйцура. Баккхийнаш а, кегийнаш а ара а баьхна, оха болх бира. Зулам даржош ду хIинца а. Иза сингаттам бу. Цунна дуьхьал беш оперативан а, профилактикан а болх бу. Цунна дуьхьал а карор ду-кх дарба».
XS
SM
MD
LG