ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

23 шо хьалха Дудаев ЖовхIара КГБ-х кIелхьарваьккхира Ельцин Борис, ткъа Прибалтикера мехкаш - советан эскарх


Chechnya -- Djokhar Dudayev during his inauguration as Chechen President in Grozny, Nov1991
Chechnya -- Djokhar Dudayev during his inauguration as Chechen President in Grozny, Nov1991

Ткъе кхо шо хьалха Прибалтикерчу кхаа пачхьалкхо шаьш йозуш йоцуш хилар дIакхайкхийча царна дуьхьал даьхнера Кремло шен эскарш. Литван коьртачу гIалахь Вилнюсехь цара вийра машаре демонстраце араваьлла 13 стаг. Таллиннехь цу тайппа цIий Iанор сацо аравелира Тартухь дIатардинчу Советан эскаран декъан буьйранча Дудаев ЖовхIар. И бахьана долуш тахана а нохчийн инарлан цIе сий дарца йоккху Эстонехь.

Ткъе кхо шо хьалха, Прибалтикерчу Эстонехь а, Литвахь а Латвехь а цхьамогIа хиламаш хилира церан маьршоне болчу некъехь. Царах лаххара а шиъ чIогIа мехала бара Советан Пачхьалкх йохар сихдарехь. Цара йолийра Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа Оьрсийчохь хилла процессаш бохуш, яздо шен блогехь Вашингтонерчу политолого Window on Eurasia цIе йолу блог лелочу Глоб Пола.

Глоба дийцарехь, цхьа хилам дика дагабогIу массанхьа а. Амма шолгIаниг тидам а боцуш битина бу. Хьалхара хилам бу Вилнюсерчу телецентрна хьалха Советан Эскаро 13 демонстрант вер.


Литва -- Вилнюсехь парламентана хаьлха Iаш бу хIара маршо яккха арабевлла нах.16Деч1991
Литва -- Вилнюсехь парламентана хаьлха Iаш бу хIара маршо яккха арабевлла нах.16Деч1991
​ШолгIаниг бу Дудаевца а, Ельцинца а боьзнарг.

Цу хенахь РСФСР-н Лаккхарчу Кхеташонан президиуман гIантда волу Ельцин Борис кеманца Таллинне ваханера, Прибалтикерчу республикийн куьйгалхошца цхьаьна а кхетта, Эстоница а, Латвица а документаш тIеэца. И документаш бухе дехкира Москох а, Таллиннан а Ригин а юкъаметтигаш дIанисйеш.

Литовцаш цига бахканза бисира цу дийнахь. Таллиннехь Ельцина кхайкхам бира Советан Эскарехь болчу Оьрсийчоьнан эпсаршка а, салташка а машаре демонстранташна а, маьрша хьаржинчу Iедалшна а герзаш ма детта аьлла. Цу гIуллакхо дохийра Советан Пачхьалкхан президент Горбачев Михаил ницкъах пайда эцарна тIевалар. Ельцинан кхайкхамо сацийра Советан Пачхьалкх цIий Iенош йохар.

Амма массо а вацара реза Ельцина динчу дIахьедаршна. Политолого Глоб Пола дийцарехь, КГБ-но кхоьллинчу "Интеболаман" декъашхой дуьхьал бевлира цунна Таллиннехь.

Цу хенахь Ельцинан хьехамча хиллачу Старовойтова Галинас дийцира журналисте Сили Роберте цигахь хиллачу гIоьртинчу хьолах лаьцна. И интервью Силис ялийра шен «Оьрсийчоьнан а, нохчийн а конфликт 1800-2000» цIе йолчу книгин тIехь.


​Сили Роберта яздо. «Старовойтовас элира Вильнюсехь машаре нах байинчул тIаьхьа Ельцина а, ша декъшхо йолчу цуьнан тобано а сацам бира кеманца Эстоне даха. Оцу дийнахь Дудаевс, Эстонин къоман радио а вахана, шена дош а дехна, дIахьедар дира, ша Тарту-гIаларчу кеманийн дивизин буьйранча ву, ша дохкуьйтур дац цу махка Советан Эскаран тIеман дакъош хIаваэхула аьлла.

Цуьнан баккъалла а ницкъ а бара, таронаш а яра иза ца дайта. ТIаьхьо Ельцине хаам бира, иза Москох ваха дагахь волу кема духур долуш ду Таллиннера дIадоьдуш аьлла. Цуьнан накъосташа сацам бира Ельцин кеманца Москох гIур вац аьлла. Иза Таллиннера машенахь дIавахара Лениграде. Ельцинан машен яцара. Цундела Дудаевс шен инарлин машен елира цуьнга, иза кхерамазалла а ларйеш Лениграде дIавига аьлла.


Ельцин Борис. 1991
Ельцин Борис. 1991
Политолого Глоб Пола яздарехь, Тартун мэр хиллачу Веетоусме Антса боху, Эстонино цкъа а дицдийр дац цу дийнахь шайн мохк ларбеш Дудаевс динарг.

Кхеташ дара, Дудаевс динарг бахьана долуш иза Советан Армехь вуьсийла доций. Цундела иза цIавахара Нохчийчу. Дудаев ЖовхIар ойлане ваханера, нагахь Эстони санна йолу пачхьалкх а, цуьнан лулахой а маьрша хила йиш йолуш хилча, цу тайпа бакъо ю нохчийн а аьлла.

Глоб Пола билгалдоккхарехь, цул тIахьа хиллачу цхьана а хиламо, шайна юкъахь йозуш йоцу Нохчийчоь дIакхайкхор а, Оьрсийчоьно цуьнца тIемаш бар а, 1996-чу шарахь цхьа а оьшуш а доцуш Дудаев вер а долуш, ца хуьйцу Дудаевс Ельцинна а, Прибалтикерчу пачхьалкхашна а динарг.

Глоба дийцарехь, цхьаболу Оьрсийчура нах, цхьадолчу кхечу къаьмнийн а иза ма хиллара, истори аттачу яккха лууш бу, шаьш тоьлаш иза ян гIерташ. Царна хьехо ца лаьа шайн версица догIуш доцург.

«Церан оппоненташ церан бIаьргашца ша ма-дарра цIенан зулам ду. Иза хьакхалуш ду истори мелла а чолхе процесс хилар хууш болчерах а. Вилнюсехь трагеди хилла 23 шо кхочуш мегар дац хьулдайта Дудаевс яхь йолуш лелийначо Ельцин КГБ-х ларвина хилар а, ткъа Прибалтикера пачхьалкхаш Горбачевх къелхьар яьхна хилар а» - бохуш яздо шен блогехь Вашингтонерчу политолого Глоб Пола.

Нохчийчохь хьалхара тIом болабелчхьана таьхьаевлла яра Оьрсийчоьнан леррина сервисаш Дудаев ЖовхIарна. Кхузза кхиам боцуш гIоьртира уьш нохчийн президент ве. 1996-чу шарахь Охан-беттан 21-чу дийнахь лерринчу сервисийн аьтто белира Дудаев ЖовхIара къамел деш йолчу спутникан телефонан сигнал лаца. ТIема даьккхинчу кемано ракета туьйхира Дудаевна, цу сигналах пайда а оьцуш.

Нохчийчоьнан хьалхара президент Дудаев ЖовхIар Оьрсийчоьно шен мостагI лоруш валахь а, цуьнан сий до дуккха а пачхьалкхашкахь.

Хьалхара дагалацаман у гучуделира Эстонерчу Тартухь 1997-чу шарахь Товбеца-беттан 20-чу дийнахь, «Барклай» олучу хьешан хIусаман пенан тIехь.

Полтавехь Никитченко урамехь долчу цхьана хIусаман тIехь схьадиллира Дудаевна хьажийна шолгIа у. Боснехь а, Герцеговинехь а Горажде олучу гIалахь бу Дудаев ДжовхIаран цIе тиллина урам. Латвин коьртачу гIалахь Ригехь ю Дудаев ДжовхIаран аллей (1996). Литвахь, Вилнюсехь ю Дудаевн цIарах сквер.


Дудаев ЖовхIаран цIарах Ригера аллей.
Дудаев ЖовхIаран цIарах Ригера аллей.
Полшехь, Варшавехь майда ю Дудаев ЖовхIаран цIе лелош (2005).
Украинехь Ивано-Франсковскехь а, Львовх а бу Дудаевн урамаш. Львовхь болчу ураман нохчийн президентан цIе тиллина 1966-чу шарахь.

Ткъа Вилнюсехь хIоттийнчу дагалецаман тIулган тIехь яздина ду хIара дешнаш: «ХIай кIант! Нагахь, тIедогIучу бIешаре а ваьлла, лекхачу Кавказе а кхаьчна, хьо гонаха дIасахьаьжча, диц ма делахь, къам а гIаттийна, лараме маршонан Iалашонаш ларъян кхузахь а арабевлла къонахий хилла хилар».
XS
SM
MD
LG