ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIезалой Оьрсийчоь чIагIйиначийн декъахь хилар къайладаьхьна Кремло


ГIезалойчоь -- ГIезалойн къоман библиотека
ГIезалойчоь -- ГIезалойн къоман библиотека

Дуьненан Хьалхарчу тIамехь Оьрсийн империн тIеман дакъошкахь кхелхинчу салтех уьтталгIа дакъа гIезалой хилла. Амма и терахь довзуьйтуш а дацара я политикаша а, я историкаша а. Стенна?

Деношкахь Москох гайтина «Бевзаш боцчу тIеман бевзашбоцу турпалхой» цIе йолу керла документалан филм. ГIезалойх лаьцна ю иза. Цуьнга хьовса гулбеллачаралахь вара вевзаш волу историк-публицист Сванидзе Николай. Цо хьахийра, хетарехь, уггаре коьртаниг: «Историк ву бохучу суна а хиина дацара оцу 100 шо хьалха хиллачу тIамехь Оьрсийчоьнан эскарехь беллачу салтех хIора уьтталгIаниг гIезало хиллийла.

Стенна ца хаьа я оьрсашна а, я ур-атталла шайна таханлерчу гIезалошна а, мел доккха дакъа оцу къоман къонахех дахана хилла дуьненан хьалхарчу тIаме Оьрсийчоьнна сий даккха?

«Бевзаш боцчу тIеман бевзашбоцу турпалхой» филман режиссеран Красильников Денисан а, филм озеяьккхинчу журналистийн Шарафутдинов Максиман а, Курбангалеева Фаридин а дац оцу хаттарна кхоччуш дала жоп.

Маршо Радионо и хаттар делира Казанан Университетан профессоре, историн Iилманийн докторе Исхаков Дамире.

Исхаков: «ГIезалочоьно, цигарчу Iилманчаша тоам боллуш теллина дац иза. Цуьнан шен бахьанаш дара. Иза империализман тIом а лоруш, большевикаша, Советан пачхьалкхо и тIом хьехор къобалдеш а ма дацарий. Цундела дуьненан хьалхарчу тIамах дерг кIезиг девза нахана.

Кхеташ ду, гIезалоша оцу тIамехь доккха дакъа лаьцнийла гойтуш гучудевлла терахьаш – иза керланиг ду шайна дукхахболчу гIезалошна а тIехь. Говзанчашна иза хууш делахь а.

Амма цхьа хIума ду. Оцу заманахь «гIезалой» олура беккъа Казанера гIезалой боцчех а. Революци хилале шуьйра лелла оцу дешан маьIна. Идална гонахара гIезалой боцуш, оцу цIарца хьахош хилла Сибрехара, Аштаркхнера гIезалой, я ГIирмеранаш. Иштта азербайджанхойх олуш а хилла «гIезалой».

Делахь а, дукхахдолу тIеман дакъош тахана вай «гIезалой» олучу нахах хилла. ГIезалой даима а ма дуй тIемашца даьхна къам. ЧIагIделла лелла ламаст ду церан Оьрсийчоьнан эскаршка лелар. Цунах олийла ду, масала, 17-чу бIешарахь Оьрсийчоьнан эскарехь кхоалгIа дакъа хилла гIезалой».

Делахь а деккъа дIа гIезалошна шайн дайша лелийначун тахана кIезиг бала хилар ду-те иза я кхин цхьа къайле ю дуьненан хьалхарчу тIамехь оццул дукха дакъалаьцна а, белла а гIезалой хилар берашна школехь а, институташкахь а довзуьйтуш дацарца, аьлла, Маршо Радионо хаттар кIаргдича, иштта ойла йовзуьйту историн Iилманийн доктора Исхаков Дамира.

Исхаков: «Хаа дезаш цхьа хIума а ду. ГIезалой тIемашка лелла къам хиларе терра, церан демографи эцамехь лаьттина даима а. Со демограф хиларе терра, сан олийла ду, тIемаша дукха хIаллакбина гIезалой.

Кхин цхьа хIума а ду - Оьрсийчоьнан истори йолалучохь, и пачхьалкх чIагIлучохь, гIезалоша лаьцначу декъана гонах дуккха а интригаш лелаш хилар. Оьрсийн импери ша а ма кхоллаеллий гIезалой олалле берзорца. Цундела шайн гIзалошна а дац бIегIийла Оьрсийчоьнан истори кхиош шаьш доккха дакъалаьцна хилар дестийна хьехон.

Цу тIе, иштта хьехор Iедална а хилла цатовш. Къам Оьрсийчоьнан мехкашна юккъе дIалачкъийна а долуш, цо Оьрсийчоьнан пачхьалкхалла кхиош 20-гIа бIешеран берте зама кхаччалц дакъалаьцна бохуш дийца магош дацара.

Цул совнаха, гIезалоша пачхьалкх кхоллалуш дакъалаьцна хиларан тоьшаллаш а хилла архивашкара дIадохуш, хIаллакдеш. Шаьш гIезалой а баьхна, хил а тийна, хелигал а лахбелла. Оцу хьолах уьш мелла а боьлла. Демократи Оьрсийчохь ян ма яций, иза йоьссич,а яздан а мегар хир ду цунах лаьцна. Цундела гIезалойн бакъйолу истори цкъачунна йовзийла дац.

Ян мега Москохна, ша оьрсийн патриотизм чIагIъечу новкъах,ь и агIо а йовзийта оьшуш зама. Иштта нислахь а йиш хила тарло гIезалойн шаьш Оьрсийчоьнан исторехь лаьцначу декъах лаьцна дийца».

Оьрсийчоьнан историографи, Оьрсийчоьнна тIе кхерам боьссича, я цуьнан паччахьашна арахьара латта, рицкъа дагадоьхча, оьрсашца цхьаьна, доьналлехь царел ца оьшуш, кхечу къаьмнийн кегийнах а, шайн говрашка а ховший, тIеман бIонашка а бетталой, арабовлуш хиллийла кIезиг дийца гIиртина даима а. Даима а кхерра оьрсех боцчу нехан сий тIех сов пачхьалкхехь дестарх. Иштта хета Казанан Университетан профессорна Исхаков Дамирна а, и санначу оьрсех боцчу кхечу къаьмнийн историкашна а.

Амма хууш дац Оьрсийчоьнан историографин и ант, и сакхт маца дIадер ду, я дIадоккхур ду шаьш Iилманчаша а, Кремлан политикаша а. Гарехь, бакъдерг куьйга кIел латтор а Iедалан мукъ чIагIбечех цхьа гIирс бу эзар шарахь пачхьалкхалла шегахь кхобучу Кремло.

XS
SM
MD
LG