ТIекхочийла долу линкаш

Дукхах йолчу регионашкахь бахархойн терахь лахделла стохка Оьрсийчохь


Кху тIаьхьарчу ворхI шарахь алсамдолуш дара Оьрсийчурча бахархойн терахь. Амма дукхахйолчу регионашкахь бераш дар лахдалар бахьана долуш хьал вочу агIор хийцадала мегаш ду. Цунах лаьцна материал зорбане яьккхина Оьрсийчура «Росбизнесконсалтинг» медиахолдинго.

2016-чу шеран Дечкен-беттан хьалхарчу дийнахь лаьрча, Оьрсийчура бахархойн терахь довзийтина Росстато - 146 519 759. Цуьнца цхьана довзийтина 2015-чу шарахь бераш дарца а, адамаш кхалхарца а, доьзалш кхолларца а, уьш бохарца а доьзна терахьаш а.

Цу терахьаша гойтург ду даханчу шарахь Оьрсийчурча 44 регионехь алсам бераш дар бахьана долуш цигарчу бахархойн терахь алсамдаьлла хилар. Вуьшта аьлча, Оьрсийчура ах сов регионашкахь бераш дар алсамдаьлла нах кхалхарал а. Иза дика гайтам бу. Дустархьамма аьлча 2000-чу шарахь цу тайпа регион 11 бен яцара.

Уггара дукха бераш дина меттиг, Ростато дийцарехь, Къилбаседа Кавказ ю. Цигарчу бахархойн терахь 2015-чу шарахь алсамдаьлла 83 эзар 900 стагана. Нисса бIостанехьа жамI делла Оьрсийчоьнан юккъерчу регионаша. (Царна юкъахь яц Москох а, москох кIошта а). Оьрсийчоьнан Юккъерчу регионашкахь бахархойн терахь лахделла 89 эзар 300 стагана.

Росстато дийцарехь, ерриг а регионаш лаьрча Оьрсийчоьнан бахархойн терахь алсамдаьлла 32 эзар 700 стаганна. Цундела хьалхалерчу шерашкахь санна махкара бахархойн терахь хаъала алсамдаьккхинарш бу мигранташ – 217 эзар 700 стаг. И терахь ворхIозза алсам ду бераш дар бахьана долуш алсамдаьллачу терахьал а.

Амма, Росстато дуьйцуьнца а догIуш, 2012-чу шарахь дуьйна лахлуш ду бераш алсам деш йолчу регионийн терахь. Статистийн меттаца аьлча, бераш а деш бахархойн терахь алсамдаларан динамика лахлуш ю.

Кху тIаьхьарчу масийтта шарахь Къилбаседа Кавказехь 20 регион яра бераш даран терахь лакхара долуш. Амма стохка церах 17 регионехь и терахь лахделла.

ЖамI деш аьлча, кху тIаьхьарчу 3 шарахь шозлагIа вочу даьлла ерриг а пачхьалкхехь бераш дарца доьзна хьал. Росстатан оперативан гайтамашца а догIуш 2014-чу шарахь Оьрсийчохь дуьненчу даьллера 1 947 эзар бер. 2015-чу шарахь динчу берийн терахь хила мегаш ду 1 944 эзар – 3 эзар къезиг.

Доьзалш кхоллар а лахлуш ду Оьрсийчохь. Кху тIаьхьарчу 4 шарахь и гайтам лахбелла ГIалгIайчохь а, Алтайхь а, Нохчийчохь а.

Цу кепара, РБК-на хетарехь, демографица доьзна хьал вочу дала мега Оьрсийчохь тIедогIучу шерашкахь. Нагахь 2000-чу шерашкахь а, 2010-чу шерийн хьалхарчу декъехь а демографин гайтамаш толуш хиллехь, хIинца уьш вочу бевр бу боху РБК-н талламан авторша.

XS
SM
MD
LG