ТIекхочийла долу линкаш

1996-чу шарахь Охан-беттан 21-чу дийнахь вийра президент Дудаев ЖовхIар. Политикан диалог юха а теттина, тIамца Нохчийчоь шен долаерзо гIерташ яра цу деношкахь Оьрсийчоь.

Нохчийчоьнан хьалхара президент Дудаев ЖовхIар Оьрсийчоьно шен мостагI лоруш валахь а, цуьнан сий до дуккха а пачхьалкхашкахь.

Хьалхара дагалацаман у гучуделира Эстонерчу Тартухь 1997-чу шарахь Товбеца-беттан 20-чу дийнахь, «Барклай» олучу хьешан хIусаман пенан тIехь.

Полтавехь Никитченко урамехь долчу цхьана хIусаман тIехь схьадиллира Дудаевна хьажийна шолгIа у. Боснехь а, Герцеговинехь а Горажде олучу гIалахь бу Дудаев ДжовхIаран цIе тиллина урам. Латвин коьртачу гIалахь Ригехь ю Дудаев ДжовхIаран аллей (1996). Литвахь, Вилнюсехь ю Дудаевн цIарах сквер.

Полшехь, Варшавехь майда ю Дудаев ЖовхIаран цIе лелош (2005).
Украинехь Ивано-Франсковскехь а, Львовх а бу Дудаевн урамаш. Львовхь болчу ураман нохчийн президентан цIе тиллина 1966-чу шарахь.

Ткъа Вилнюсехь хIоттийнчу дагалецаман тIулган тIехь яздина ду хIара дешнаш: «ХIай кIант! Нагахь, тIедогIучу бIешаре а ваьлла, лекхачу Кавказе а кхаьчна, хьо гонаха дIасахьаьжча, диц ма делахь, къам а гIаттийна, лараме маршонан Iалашонаш ларъян кхузахь а арабевлла къонахий хилла хилар».


Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG