ТIекхочийла долу линкаш

Дешархошна а омра дина духарца къовлабала


Нохчийчоь --Дешаран шо чекхдолуш махкарчу цхьана школехь, 30Сти2012.

Нохчийчоь --Дешаран шо чекхдолуш махкарчу цхьана школехь, 30Сти2012.

РогΙехь бахархойн, кху болехь, къаьсттина аьлча, хьехархойн а, дешархойн а духаран революци кхайкхийна Нохчийчуьрчу Ιедалша а, муфтиято а. Ишколашкахь муха даржадо берашка а, баккхийчаьрга а бусулба духар леладайтар. Царна мел резаболуш тΙеоьцу шайна дина омра?


РогIера дешаран шо чекхдала диснарг куьйга пIелгашца дагардаллал бен денош а доцуш,бегашена юьхьарлаьцна ца хилла Iедалехь болчара Нохчийчохь, къам иманехь кхетош-кхиор, бусалба дино ма-бохху, духар а хуьйцуьйтуш дIадолор. Юьхьанца и дийца даьккхинчу хенахь, догIмаш хьулдеш, шайна духар нисдан кхаж баьлларш, аьлча а, иштта барзакъ эца декхарийла бинарш, хьехархой бара.

Ткъа тахана къастам боллуш билгал ма-даллара, изза дакъа кхаьчна дешархошка а. Къаьсттина бусалба динехь духар лелор хадам боллуш тIедожийна лакхарчу классашкахь доьшучу зудаберашна а, божаберашна а.

Хьехархоша дерий а деш, ишколашкахь леррина цу гIуллакхна кхетошонаш а еш, дIааьлла, нагахь санна хила ма-еззара тIехь а, коьртахь а бедарш ца хилахь, экзаменашка дешархой буьтур бац, аьлла. И тайпа биллам кхочушбар забар йоций хоуьйтуш, ишколашкахь зераш деш арабевлла кIошташкара дешаран урхаллин белхахой, бен-бечу тIегIан Iедалхой а.

Шуна лаахь а, ца лаахь а, аш хIара дан ма деза бохучу маьIнехь, бехкала а эгош, шайна тIетеIош дерг, нийса ца ларарра-м стенна дуьйцу, харцо хеташ берш дукха бу. Цу хьокъехь иштта дуьйцу Шелан кIоштарчу яхархочо Маликас.

Малика: «Уьш-м тIаьхь-тIаьхьа хьерабуьйлуш бу. Сан йоIана тIехь дегI хьулдеш коч ю, коьртаIуьйра лоьлуьйтуш а яц. Селхана йоьлхуш еъна ишколера. Мила велла хIинца, хаьттича, еха кучамаш ца хилахь, экзамене а дуьтур дац аьлла, боху. Цара лелориг хьажахь. 9-чу классехь долу и бераш а хьийзадо, тхо а хьийзадо. ХIинца хьаьнгга а орца аьлла а, уьш эца араяла дезаш ю-кх со.

Шайн санна, массеран а таро ю моьтту хир ду цу министрна а, муфтиятехь болчарна а. ХIара-м декъаза болх бу. ХьастагIа 6-чу классехь ерг а яийтина цIа, коч голел лахайолуш яц аьлла. Дала нийсо йойла царна, уьш нисба-м ца хили стаг».

Ала догIу, хьехархошка а, Iедалан белхошка а бедарш хийцийтаран болам Нохчийчохь, Iедало цхьа сацам а тIе а эцна, официалан дIакхайкхийна а доцуш, барта диначу омрица лелош хIума хилар. Iедалан мукъ карахьболчара, иштта хилча чIогIа бакъахьа а, товш а хир дара аьлла, лаам гIарбаьккхина, цул тIаьхьа и кхочушбан гола-бертал маьхькIамхой арабевлла. Хьесапе оьцуш дац, Оьрсийчоьнан низамаца, цу кепара дозанаш деттар, бахархошка бехкамаш кхийдор, тарлуш ду я дац бохург.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG