ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн Кегийрхошна Лергах Мехий Доху Пропагандисташа


Нохчийчоь -- Оьрсийчоьнан конституцин де Соьлжa-ГIалахь, кегийрхойн гулам, 12ГIу2010

Нохчийчоь -- Оьрсийчоьнан конституцин де Соьлжa-ГIалахь, кегийрхойн гулам, 12ГIу2010

Тайп-тайпанчу министараллийн а, муфтиятан а, кегийрхойн комитетан а векалш юкъахь болуш, говзанчийн тобанаш ю кIошташкахь кегийрхой тIемалошна тIаьхьа ца базийта, кхетош-кхиоран белхаш дIахьош.


Кегийрхойн а, кхиазхойн а гIаттамхошка дог-ойла ца латтийта а, уьш царна тIе ца лестийта а, цаьрца тIекаренаш лелош, церан агIончаш хиларх уьш ларбан а Iалашонца кхоьллина ю Нохчийчохь масех говзанчийн тоба. Цуьнан декъашхой бу динан урхаллин а, дешаран а, Iилман а министраллин а биста кхаччалц, тайп-тайпанчу Iедалан комитетийн векалш.

Цара карарчу хенахь кIошташка а, ярташка а дIаса а оьхуш, доьшийлашкахь а, ишколашкахь а, цхьацца Iедалан бахамашкахь а, массо тIегIан бохург санна ,бахархошца а, церан берашца а дIахьош цхьаьнакхетарш ду . Цу тобан декъашхоша тIекхуьучу чкъуран дай-наной, гергарнаш, цхьа билггал масалш а далош самоне боьху, шайн бераша лелочуьнан а, церан уьйр-марзонийн а тахана бала кхачаре кхойкху, кхана тIаьхьа ца хилийта.

Теркйистан кIоштахь болх бечу тобан коьртехь ву, масала, пачхьалкхан цIийнехь кегийрхойн гIуллакхийн комитетехь говзанча-эксперт волу Индербиев Альберт. И ву дуьйцуш шаьш арабаьккхинчу некъах.

Индербиев: «Арабаьккхина некъ кегийрхошлахь дIахьош цхьа профилактикан болх санна хIума ду. КIошташкахь, ярташкахь мероприятеш еш ду тхо. Цу юкъаозийна ю кегийрхойн комитет а, парламент а, кхийолу Iедалан урхаллаш а».

Маршо Радио: Шун Iалашо тIемалошца уьйр йолу кегийрхой юхабахар ю-кх?

Индербиев: « Ю, ю. Царна ма-дарра хьал довзийтар, идеологех уьш кхетор, кхиийтар ю тхан Iалашо. Цара кегий нах шайна тIаьхьабазо цхьацца хIилла-кийтарлонаш лелайо, интернетан зIенехь, масала. И саннарг ца хилийтархьама, церан низаман а, бакъонийн а культура, хаарш лакхадаха деш ду оха тхаьш дийриг. Уьш ларбалийта».

Индербиев Альберт тешна ву, юьхьарлаьцначу мехалчу гIуллакха тIехь шайн кхиамаш бу аьлла а, ша а, шен накъосташа а дуккха а кегийрхойн а, кхиазхойн а бIаьргаш схьа а боьллуш, вочу, зуламечу некъах ларбала гIо деш ду аьлла а.

Маршо Радио: Кхиамаш бу аьлла хетий шуна юьхьарлаьцначу гIуллакхехь?

Индербиев: « Шеко а йоцуш, кхиамаш бу. ХIара болх оха стохка дуьйна болийна бу. Тхойга кхочучу хаамаша чIагIдо кхиамаш хилар. Оха массо а цхьаьнакхетаршкахь дIаолуш ду, шайна тIеIаткъам бан гIерта аьлла, жимма а шайн шеко кхоллалахь, шайца интернетан зIенехула тIемалошца юкъарло лело луурш бовлахь, сихонца тхайга хаийтар. Ярташкахь, кIошташкахь имамаш бу, полицин белхой бу, хьаькамаш а… Цигахь ца лаахь, Соьлжа-гIалахь тхо а ду, МВД ю… Тхан Iалашо цхьаъ ю – кегийрхой церан идеологех кхиор, зуламах ларбар»

Кегийрхой кхетош-кхиоран хьокъехь къамел динчу говзанча -экспертана хетарехь, "вахьабхойн" болам-идеологехь а, гIаттамхошка шовкъ-марзо латтарехь а, кхиъна богIучу кегийчарна, кIарг балале, дукха гена бовлале, гIо дар коьртачех коьртаниг ду.

Ала дашна, цу ткъех стагах лаьтташ йолчу тобанна юкъахь, дахаран муьлхха а агIо кхето охIла болуш, говзанчаш белахь а, цара жоп луш а, я хIоттош а дац, стенна, хIун ца тоьуш, хIун бахьаненна тIаьхьабозу кегийрхой гIаттамхошна, боху хаттар. Ишта хIара мегар ду, хIара мегар дац бохучу кепехь, чIагIамаш бахкар доцург, цара кхузахь тергаллучу хьолаца дузуш дац кегийрхойн а, кхиазхойн а гIаттамхошна тIаьхьабазар а, дуьхьалонан боламе кегийчу нехан дог-ойла латтар а.

Кхин а билгало йоллуш аьлча, тIекхуьу чкъор кхетош-кхио арабевллачара, жоп каро а, лаха а цхьана а кепара ахкаме дохуш дац махкахь белхан а, дешан маршонан а, хаамийн а къоьлла хилар, Iедалехь болчара низамаца богIуш боцу токхамаш бичий бен цхьа гIуллакх чекхдолуьйтуш цахилар, къинош доцург, кхузахь маьхькIамхоша массо хIума а ахчане дерзийна хилар.

Кегийрхой кхетош-кхио, тIемалошна уьш тIаьхьа ца базийта, церан дай-наной самоне беха арабевллачара, дан а доцуш, нохчийн юкъараллина хийра долуш санна, тергамза дуьтуш ду ира хеттарш. Дуьтуш ду цадийцаро уьш лакъош долчуха, хьеха мел ца ди а, оццу кегийрхошка а, кхиазхошка а ирсан а, нийсонан а дакъа а кхаьчна, уьш лехамехь хила цхьа бахьна а, я хьашто а йоцуш санна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG