ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГергагIерташ бу Мисаран президентан харжамаш


Мисар -- 13 стаг ву Мисар-пачхьалкхан президентан дарж къовсуш.
Мисар -- 13 стаг ву Мисар-пачхьалкхан президентан дарж къовсуш.

Шайн махкахь цкъа а ца хиллачу кепара мехкан куьйгалхо хоржуш нийса харжамаш хиларх догдохуш бу мисархой.


2011-чу шеран Чиллан-баттахь Мисарарчу бахархоша, некъашка буьйлуш, цу хенахь хилла волу Мисаран президент Мубарак Хьоснига дарж охьадиллийтира. Мисаран эскаран кхеташоно урхалла дар шен кара ийцира. ХIинццалц махкана доладеш схьаеана йолчу цу кхеташонан хьаькамо, эскарийн коьрта баьччо Тантави Мухьаммада, эскар юкъа а ца гIерташ, президент хоржуш нийса харжамаш бойтур бу, аьлла, дIахьедар дира.

И харжамаш хIокху Cтигалкъекъа-беттан 23-чу а, 24-чу деношкахь хир болуш бу. Мисаран арахьа бехаш болу махкахой шайн мехкан векалаллашкхула Стигалкъекъа- беттан 11-чу дийнахь дуьйна кхаж таса буьйлабелла.

Мисаран куьйгалхочуьнан дарж къовсуш ву 13 стаг. Царах мила тоьлур ву ала хала ду. Амма говзанчаш уьш 3 тайпанчу декъе бекъна.

Хьалхарчу тобанна юкъахь хьалха дуьйна Iедалехь хилла, политика дика евзуш берш бу. Уьш бу Шафикъ Ахьмад а, Моса Iамро а, Iаьрбийн къаьмнийн кхеташон хьаькам хилла волу, Машаре Демократи партин цIарах волу Хералла Хьусам а, Iийса Мухьаммад Фавзи а.

Нахана хетарехь, хIокху тобан юккъара цхьанна гIортор а хилла, иза президент харжа хIума леладийра ду эскарийн урхалло.

ШозлагIа тобанан бусулба партеш юкъахь болуш, я динан агIор бирзина, динан Iедал хIотто лууш бу. Уьш бу Мурси Мухьаммад а, Абу Ал-Футухь АбдулминIим а, Ал-Iавва Мухьаммад Салим а, Салафи партин цIарах волу Ал-АшIал Абдалла а.

Нагахь санна духьххьаралерачу тобанах берш нахана хьашт боцуш, царах цхьа а ца тоьлаш хьал хIоттахь, эскарийн урхалла бусулба партех цхьаъ хьалха ваккха хоржур ю. ХIунда аьлча, цу бусулба партийн бух бусулба вежарийн олу парти ю, и парти гIеххьа лела сонта бусулба партиш санна мух-муха а гIазот кхийкхош яц.

КхоалгIа тоба ю хьалхалера президент дIавоккхуш жигара дакъа лоцуш хиллачех лаьтташ. Уьш бу Фавзи Мухьаммад а, Демократи парти цIарах волу, Саббахьи Хьимедан а, Iали Хьалид а, Ал-Хьарири Абу АлIиз а, Цхьаьнакхетначу социалистийн партин цIарах волу, Прогрессан партин цIарах волу Ал-Бастоеси Хьашим а.

Цу кхойттаннах цхьаъ хоржур волуш ву Мисаран бахархоша, 30 шарахь хилла боцучу, маьршачу харжамашкахь. Эскаро нийса харжамаш бойтур бац, аьлла, эскаро шена луург хIотторна кхоьруш болчаьрга дIахьедар дина эскарийн урхалло, шаьш президент дIавоккхуш юьстах Iийна, хIинца а бахархойн лаамна дуьхьала девр дац шаьш, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG