ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бусулба вежарий» боламан декъашхой лацарна дуьхьал ю Iамерка


Шишани Мурад, Гергарчу Малхбалехула а, Iаьрбийн пачхьалкхашкахула а волу эксперт.
Шишани Мурад, Гергарчу Малхбалехула а, Iаьрбийн пачхьалкхашкахула а волу эксперт.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа дIахьедар дина Мисаран Iедалша сацо деза, цхьа а бахьана а доцуш, «Бусулба вежарий» боламан декъашхой лацар аьлла. Вашингтонна хетарехь, махкара политикан вовшахтохараллаш хьийзор мегар долуш хIума дац.

"Нагахь шу къам цхьанатоха гIерташ далахь шу шайна дуьхьал болх беш ду", аьлла дIахьедар дина Мисаран керлачу Iедалшка КIайчу ЦIинан зорбан секретаро Керни Джейна.

Даханчу кIиранах эскаран буьйранчалло даржера вохийнау Мурси Мохьаммадан агIончаш лууш бу иза юха а шен дарже дIахIоттор. Мисарахь политикан процессана юкъара муьлхха а парти дIаяккхарна дуьхьал ву ша аьлла дIахьедар дина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан инарла секретаро Бан Ки Муна а.

Шишани Мурат цу регионехула вевзаш волу дуьненаюкъара эксперт ву. Цуьнга дийхира Маршо Радионо Мисарахь хIоьттинчу хьолах лаьцна дийцар.
XS
SM
MD
LG