ТIекхочийла долу линкаш

Мурси Мохьаммед Мисаран керла президент ву. Кхин дIа?


Мисара -- "Бусулба вежарий" партин кандидат вара Мурси Мохьаммед президентан харжамашкахь, КъахIир, 29Сти2012

Мисара -- "Бусулба вежарий" партин кандидат вара Мурси Мохьаммед президентан харжамашкахь, КъахIир, 29Сти2012

Бусулба вежарийн цIарах кандидат хилла волу Мурси Мухьаммед керла президент хаьржина Мисар пачхьалкхехь. Юкъаралла чIогIа екъаелла яра президент мила хила веза бохучу хаттарехь. 30 сов шарахь Мубарак Хьоснин урхаллина а, цуьнан Iедалехь гуттар а тоьлла хьелаш хиллачу тIеманхошна дуьхьала тесна кхаьжнаш дара уьш я боккъалла а, цо бохучунна тIаьхьа а хIиттина хаьржина вара?

И хаттар делира Маршо радионо Лондонехь туп тоьхначу аналисте Шишани Мураде.

Шишани Мурад: Дукхах дерг, (кандидатийн) цIерашна юкъахь юкъараллин ойла екъаеллера. ХIетте а, "Бусулба вежарий" чIогIа бу, шайн гIуллакх дIакхехьа хууш нах бу уьш.

Къамелаш динчу цхьаболу мисархоша бохура, шаьш "Бусулба вежарий" хаьржина, Мубаракан режимехь хилла волу Шафик Ахьмад чекх ца валийта. "Уьш хазахеташ хоржур бац оха, амма хьалха хилла режим юха ца яийта" аьлла ду.

Демократин гIуллакх дIакхоьхуш болчу нахана иза (Мурси) дика хийтира. Харжамаш хилла а дика хета царна.

ШолгIа, Мубаракан режим юхаеънехь Мисарехь хIун хьулу а ца хаара. Нах вовшахлеташ хIума хила там бара, гIуллакхаш кхин а галдала а мега дара. Цхьаболчара иштта бохура. Суна хетарехь иза бакъ ду.
Бакъдерг аьлча, эскар ду церан карахь (Мубаракан режимерчу Iедалхошкахь), хIинца а шортта бакъонаш шайн карахь юьтуш а ю цара. Иза а гур ду вайн кеста Мисарехь - эскарш хIун деш хир ду тIейогIучу политкехь? Ишта сурт ду.

Маршо радио: Мурси президент хаьржина хилар – ша долу Iедал буьззинчу барамехь атта цуьнга а, цо къастор долчу Iедале а дIалур ду бохург дац. Мисарерчу тIеманхойн коьрта Iалашо ю, шаьш «ша-тайпа хилар» шайгахь дисийтар. Иштта, Туркойчура инарлаш а лийлира I990-чу шерашкахь, демократин кепехь хаьржинчу исламистийн белхана дуьхьала буьйлуш. Нуьцкъала Iедалехь биса лууш бара уьш, шаьш дуьненан кеп латтайо пачхьалкхана, бохуш. Вукху агIора, Туркойчоьнца Мисара юьстича, цигара хьал а тодала там бу аьлла догйовхо хуьлу. Делахь а, иза кIезиг ю аьлла Шишани Мурадана. Цунна бахьана далош, цо элира:

Шишани Мурад: Шортта наха дуьйцу Туркойчура Iедало санна Мисарерчу "Бусулба вежарша" а Iедал хIоттор ду, бохуш. Амма суна хетарехь, Туркойчохь долу хьал къаьсташ ду Мисарехь долчух. Мисарехь йолу коррупци а, белхаш боцу нах а дукха бу. 30 шарахь лаьттина хилла къайлаха сервисаш чIогIа ю хIинца а.

ШолгIа, ша президентан харжамашка воьдуш Мурси профессорех а, экспертех дага а ваьлла, "самадовларан" проект кховдийра цо. 2037-чу шарахь чекхер ю иза. Дуккха а пайде хIума ду цу юкъахь. Амма цуьнга иза далур ду аьлла ца хета суна. туркойчохь долу хьал кхечу куьцара ду. Церан экономика денъелла яра. Малхбузерчу пачхьалкхашца а дика юкъаметтигаш нисъйина. Церан демократин институташ дика яра. ТIейогIучу хенахь и саннарг Мисарехь сиха хир ду аьлла ца хета суна. Царга шайн кеп цигахь дIахIотталур ю аьлла.
ХIунда аьлча тIедогIучу 4 шарахь цара гайта деза, хаа а луш, шайга цхьа кIеззиг хIума хийцаделлий. Царга иза хийцалой, наха уьш кхин а цкъа хоржур бу. Цундела хIинца а хаьлхе ду цаьрга Туркойчура кеп хIотталур ю бохург.

Маршо радио: ХIун стаг ву ша, Мисаран керла президент Мурси Мухьамад? Аналисто бахарехь, иза хьал долуш стаг вац. Дукхах болчу мисархошна, схьаарехь, иза тайначух тера ду, аналисто бахарехь:

Шишани Мурад: Мурси, дукха хенахь дуьйна "Бусулба вежарий" партехь лаьттина ву. Инженеран дешар дешна ву иза.
Цуьнан зуда коьртахь хIумма тиллина юй, иза элитех ваций, бохуш, цунна дуьхьала пропаганда йинера. ХIетте а иза цуьнгахьа йирзина. ХIунда? Дуккха а Мисарера нах санна мехах лаьцначу петар чохь Iаш ву иза. Таро йолуш а вац. Мисарерчу нахана иза чIогIа хазделира - иза шаьш санна ву, шайх тера ву, аьлла.

Маршо радио: Мисарехь хилла харжам чолхе бара. Аналистийн хьесапехь хала дара тIеманхошна а, исламисташна а юкъара цхьаъ къастон. Харжам бан а боцчу новкъа лара уьш, дукхах болчу политикан аналисташа. Амма Туркойчоьнан зеделларе хьаьжчи, царна тIедилла деза дела денна пачхьалкхана деш долу урхалла.
XS
SM
MD
LG