ТIекхочийла долу линкаш

8 стаг лаьцна Питербухахь хилла теракт бахьанехь


Оьрсийчоь -- ФСБ-ан директор Бортников Александр вистхуьлуш ву Москохорчу цхьаьнакхетарехь, Чиллан-беттан 16, 2017.

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн куьйгалхочо Бортников Александра дIахьедийра Питербухахь метрохь хилла теракт толлуш дIалаьцна 8 стаг, царах 6 лаьцна Питербухахь, ткъа 2 – Москох. Уьш мел берш Юккъерчу Азин республикашка бахархой бу, бохуш дIахьедо Бортникова.

Ала догIу, теракт йина аьлла коьрта шеконехь лорург ву ГIиргIизчохь вина а, ткъа теракт ечу хенахь Оьрсийчоьнан вахархо хилла Джалилов Акбаржон.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG