ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Левичев дIавалар Собянинехьа хета Навальныйна


«Нийсонан Оьрсийчоь» партин кандидат Левичев Николай Москох мэран харжамашна юкъаравалар пайдехьа хир ду Собянин Сергейна аьлла дIахьедар дина Навальный Алексейн харжамийн штабан декъашхочо Волков Леонида. Оццу хенахь Либералан демократин партин кандидато Дегтярев Михаила дIахьедар дина, пхиа а кандидат харжамашна юкъарвалар дийцаре дан деза аьлла.

Цунна хетарехь Собянин ша висахь харжамаш харц лара безаш бу. Хьалхо, Еарин Iуьйранна Левичевс дIахьедар дира, шолагIа мур хилийта, Собянинна тIаьхьавогIучу кандидатана шен кхаьжнаш дIа а делла, харжамашна юкъаравала кийча ву ша аьлла. Москох мэран дарж къовса кечвелла ву 6 стаг. Харжамаш хила безаш бу тIебогIучу Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG