ТIекхочийла долу линкаш

Харжам боцу харжамаш


Къилбаседа Кавказ -- Харжамашкарчу харцонашна дуьхьал гулам, Ростов, 28Сти2012

Къилбаседа Кавказ -- Харжамашкарчу харцонашна дуьхьал гулам, Ростов, 28Сти2012

8 шо хьалха тΙемалоша Беслан-гΙалахь йийсаре лаьцна латтийна школа, 350 гергга бер а леш, мукъаяьккхича, хΙетахьлерчу президента Путин Владимира, пачхьалкхехь низамалла телхина хилар юьхьар а эцна, дΙаяьккхира халкъера мехкашкахь куьйгалхо хоржу бакъо. ХΙинца юха а и тайпа харжамаш юкъабаьхна Оьрсийчохь. Арахецначу низамах а, цуьнан башхаллех а лаьцна дийцарш ду дΙадоьлхуш мехкийн парламенташкахь.


Оьрсийчоьнан дахаран тΙаьххьарчу муьрехь, дуккха а агΙонаш юьйцуш лаьттинехь а, Ιедалан дайша кΙезиг хьехош хуьлура шайна уггаре мехала дерг – шаьш дарже дуьгу некъ.

Хуьлда иза Чукоткехь, я Нохчийчохь – хΙинццалц бен-башха дацара, мехкийн дайн хΙун мах хадабо халкъо, хьашт ву иза цунна я вац. Меттигашка президент я губернатор шеггара дΙахΙоттавора Кремлан дас, Оьрсийчоьнан президента.

2004-чу шарахь Бесланехь берийн ишкол мукъайоккхуш кхо бΙе сов бер билггал хьан дийна – террорхоша я Ιедалан ницкъаша - къайладаьххьинчохь дисинехь а, хΙетахь пачхьалкхера хьал чолхене даьлла хилар бахьане а диллина, Федерацин дакъошна шеггара куьйгалхой тΙехΙиттор юкъадалийра Путин Владимира.

Муьлхачу а демократин охΙла ларалучу пачхьалкхехь гайтаме йолу и халкъан бакъо хΙинца юха а дахаре ерзо дагахь ю Кремль. Ткъа оцу хьокъехь низам юкъадаккхар даьлла Медведев Дмитрийгара иза цхьана даржера кхечу дарже вала дисинчу сохьташкахь. Амма дацара иза Путина шен куьйга къел премьеран даржехь виса кхачийна волчунна цΙеххьана Оьрсийчохь демократин марш бетΙийла лиира, бохург. Дара тандем шайх олучу оцу шинна экха цхьана тоьпан даьндаргаца ден лаар.

Цхьаъ делахь, карара хеца йиш яц, хьалха ша президент волуш Путина ма-хуьллу тΙеоьзна, халкъан маршонаш Кремлан караерзош, буьйнахь латтае архаш. ШолгΙа делахь, урхаллера долуш лаьтта хьал а, Болотная майдана хьалхина бахархой а оьшу тебан. И ши Ιалашо, вовшашца гома нислуш йолу ши Ιалашо, кхочушъярхьама тΙеийцира мехкийн дай, губернаторш халкъе хоржуьйту низам.

Цуьнан маьΙна цундела нисделлачух тера ду я Ιедална парггΙат шех жоп лойла а доцуш, я халкъана хецна луш паргΙато а йоцуш пачхьалкхан Думера арадалар. Федералан дакъойн куьйгалхой халкъо паргΙатчу харжамашкахь къастош бу, боху, «N40-ФЗ» терахь а долуш даржийначу низаман цхьана декъо.

Ткъа шолгΙачу декъехь боху, халкъан кхоже кандидаташ бохку, къошташкахь депутаташа а, куьйгалхоша а уьш къобалбинчул тΙаьхьа. И бохург ду, цхьана кегийчу гонаша къастор бу губернатор я мехкан да хила магабе нах, цул тΙаьхьа царех шайна тайннарш билгалбохур бу харжамийн цΙийне воьдучу вахархочо шен кара лучу кхожа тΙехь.

Оцу кепо юьхьхадайо, буьззина харжам бан таро ца ло халкъана, боху къамелаш лела тахана Оьрсийчоьнан коьрта шахьарарчу а, мехкашкарчу а оппозицехь. Оцу юкъанна мехкийн конституцешка керлачу низамо хьоьху артиклаш язъеш ю регионийн парламенташ. Масала, халкъо шена тΙера куьйгалхо цкъа а хаьржина а йоцчу Дагестанан парламент а тΙехь.

Мехкан да харжаран керла кеп Дагестанан конституци тΙе яккха ХΙинжа-ГΙалахь парламент гулъелира дΙадахначу еарий дийнахь. Оьшу я ца оьшу шайн куьйгалхо халкъе шега харжийта, боху хаттар дехха дийцаре дира депутаташа. Цхьаболчарна хетарехь, оьшу – бахархойн лаам, кхетам бу махкахь уггаре коьртаниг. Кхечарна хетарехь, и дан мегаш дац, хΙунда аьлча, халкъан карара долу юкъарчу барамашна тΙехь Ιуьналла латтор, тΙаккха , олуш ма-хиллара, цхьа кан даьлларг вогΙур ву махка тΙехь олалла лелон.

Тамаше хетало, халкъе цатешам, Ιедал карахь кхобучу «Цхьааллин Оьрсийчоь» партехь боцчу политикаша а тΙехь къадош хилча. Оцу маьΙнехь дара, масала, Маршо Радионо шеца къамел динчу Дагестанехь дика вевзаш волчу политика, юкъархочо Уладиев Сулимана бохург а. Цунна хетарехь, питаненна санна юхадалош ду Кремло халкъе мехкан дай харжийтар.

Уладиев Сулиман: «Дагестанехь президентан гΙента хаа лууш болу нах – уьш, доккхачу декъанна, миллионераш а, милиардераш а бу. Кхеташ ду, лечкъийна ахчанаш ду уьш. Церан хΙоран а шайн эскарш ду. Царгахь тоьлла герзаш а ду. Дала тΙе ма доийтийла церан некъ цΙенчу стага хадабар, цара бΙаьрган негΙар а тохале хΙаллаквийр ву иштаниг. Дагестанехь цΙена стаг, низамаш мухха а хилахь а, валур вац Ιедале, хΙунда аьлча, адам марзделла шайн кхаьжнаш шекарх, я долларех дΙабохка, уьш бешар бац ахча доцчух. Психологи ю-кх.

Ас иштта аларна цхьанне а хала а ма хетийла, дΙога, Швейцарехь я Бельгехь – церан а дан-м ду шайн сакхташ – амма ишттаник тешна а чекхдер дац. Вайн халкъо, шега цΙенна хоржуьйтуш хилахь а, цхьа жуьйлиг хоржур ю. Нах боьлла цара шайна кхуьйсучу хуьскех. Оцу низамо хуьйцур ду Дагестанера хьал, дика ду цхьана партерчу маситта стеган цхьаъ бен доцу президентан гΙант декъа барт хир боцуш.

Жоьлгаша шаьш йоьллачу кепара, цΙийца, я кхечу хьарамлонашца боккхур бу шайна некъ. Мехкан куьйгалхо харжа кхин а дикка хан ю, кхуьур бу уьш кху чохь цхьа гΙурт эккхийта а, оцу юкъа ийзор бу шайн гергарнаш а, шайн къоман нах а.

Цаьргара хΙуъа а дер ду. И церан хатΙ ду. Нах ца кхета кхузахь, ткъа Ιедалерчарна шайгара гΙенташ дΙа а ца даьхчхьана, къола дан а йиш хилчхьана кхин хΙумма а ца оьшу. Цундела оцу низамо махкара хьал гуттар а эшор ду».

Кавказера юкъархой кхин тешаш хΙума дац мехкийн дай халкъе хоржуьйтур бу, бохург. Адам гΙаьттина тΙех дардалале, цуьнан само йижош, шайн дуьхьа, шайгара мукъ ницкъаша дΙабаккхале, бохуш, лелаечу кийтарлонийн могΙара хΙума ду хΙинца юкъадоккхург, демократи нахана яла хьаьгна цхьа а вац,я Путин а, я цуьнан го а, боху ойла уггаре яржийначух карийра Маршо Радиона ГΙебарта-Балкхаройчохь а.
Шаов Азамат, гΙебарто, историк ву. Цо иштта дуьйцу.

Шаов Азамат: «Иза формализм бен а яц. Мухха а хьийзадахь а, цига вогΙур вац нахана оьшу стаг. Халкъе хоттуш а доцуш, цхьаммо кхечуьнга дарж дΙа а лой, юха а иза цигга охьахиича хаттар хΙоттало нахалахь – стенна дац халкъе хΙумма а хоттуш, олий.

Нехан багош дΙакъовлархьама лелайо цара и кепаш. Хьовсал шу, оха ели шуна харжамаш дΙабахьа бакъо, бохуш. Ткъа вай-х даций бΙаьрзе! Цара шайниг бен хΙоттор ма вац. Ιедална атта ду хΙинца, харжамаш бу а, бохуш, хьал шен карахь кхаба. Цу тΙе, хаьржинарг галвалахь, хьовсал шу, иштта бу-шуна шун харжам, ала йиш хир ю халкъе. ХΙинца жоьпалла, эшначохь, шена тΙера доккху некъ а карийна Ιедалшна».

Кхин сов тешам болуш вац Ιедалх оццу ГΙебарта-Балкхаройчуьра политикан жигархо Карданов Азамат а. Конституци, низамаш мухха а хийцахь а, Кремло хийцадолуьйтуш хΙумма а дац. Кепаш ю лелораш, халкъана дика хилахьара ,бохуш, ца хьийза пачхьалкхан дай, аьлла хета Азаматна.

Карданов Азамат: «Хетарехь, хΙумма а хийцалур дац. Халкъана шен протест дΙахезна моттийта, харжамаш юхаберзийна, дахар толур ду моттийта деш хΙума ду иза. МоттаргΙанаш ю. Низамна мухха а цΙе тиллахь а, харжам банне а бац цо магош. Нах-м дика кхетий, кандидат шайна оьшург хир воцийла, лакхарчара чекхваьккхинарг хΙуттур вуйла хьакамалле».

Кавказехь лаьтта тΙемаша а, Ιер-дахарехь уггаре эшначу кхечу хьелаша а шерашкахь гуре лаьцна кхобучу кавказхойн ян а яц оптимизм деба меттиг. Цундела цхьаьнадогΙуш а ду церан мехкдай харжа шайна бакъолуш ду бохучу низаме хьажар а.

Мелла а кхечу хьесапехь тΙеэцна, аьлча а, луьсту низам ГΙезалойн махкахь. Хууш ма-хиллара, сепаратан боламца Нохчийчоьнна тΙаьхьа ца кхиинехь а, Кремлана суждане кΙезиг хΙиттарца билгалйолуш яра Казань дахначу шерашкахь. Цо хΙинца а гойту изза шен хатΙ. Кхечу парламенташа санна, гΙезалойн парламенто а дийцаре дина мехкийн куьйгалхой халкъе харжийтарх долу низам.

Депутаташа иза дийцаре деш а, мехкан конституцин хийца оьшу артикл хийца кечлуш а дерриг а до,ГΙезалойчоь ма-хуьллу Москохан хьаькамех маьрша яккхархьама.
Цигарчу политикийн, жигархойн ойла йовзуьйтуш дара Маршо Радиоца Казанерчу историка, «Цхьааллин Оьрсийчоь» партех ГΙезалойчоьнан парламентан депутат волчу Хакимов Рафаэлан къамел. Оьрсаша гΙезалошна бехке юьллу сепаратизман ойла цо а къадийра.

Хакимов Рафаэл: «Москох Ιечара-м бохур ду, тхуна товрриг де, делахь а, вайн дош а лелаш хила ма деза, ваьшна хьашт дерг кхочушдан. ХΙораза а, цхьаьнга куьг яздайта эшча, Москох лела-х ца оьший! Демократех дерг аьлча, вайн тΙаьхьакхуьур дац Европана. Вайн вешан демократи ю. Вайн демократи – ГΙезалоймохк тахана берриг Ιалашбар ю. Тхуна дика хета президент харжа бакъо юхаелла. Оцу низамехьа оха куьйгаш айъина, Оьрсийчу федерализм юхаяре са а туьйсуш».

Медведев Дмитрийс ша президент дарж охьадуьллуш бух а биллина, Оьрсийчоьн пачхьалкхан Думано арадаьккхинчу низамо къастадо махко хоржучу куьйгалхочун кхаьчна хила деза шераш а, цуьнан махкалла а. Амма низам дийцаре дечу парламенташа алссам тидам тΙеберзориг ду хΙора а кандидато муниципалан урхаллехь болчу депутаташкара а, мэрашкара а 5 процента тΙера 10 проценте кхаччалц куьйгаш лахьо дезаш хилар. Кремло цунна бухайиллина ю аьлла хета кийтарло а ялхайо мехкашкахь.

Иза «Цхьааллин Оьрсийчоь» парти Ιедалехь чΙагΙъе «цаца» бу, бохурш а буьйлу дуккха а . ХΙунда аьлча, оцу партин векалшкахь ду массо а тайпа Ιедал. Къошташкахь хевшина Ιачу депутаташа а, мэраша а шайн партех боцчу кандидаташна яздийр дац царна оьшшучул куьйгаш, шайн партерчу векалшна озабезамаш бийр бу, боху, масала, ГΙезалойчуьрчу коммунистийн лидера Миргалимов Хьафиза.

Миргалимов Хьафиз: «Федералан хьаьакамашна ша-тайпа «цаца» кхолла лаьа, уьш кхоьру ГΙезалойчоьнан президентан дарже шайн стаг чекх ца валарна. Иза демократина юьстаха гΙулч яккхар ду».

Федералан низам мухха а делахь а, цо кΙезиг деллахь а, мелла а дΙадоьллу пачхьалкха демократин битамаш буьссу ков. Цундела гΙезалойн депутаташа а, Оьрсийчоьн оьрсий бехачу къошташкарчу политикаша а шуьйрра дийцаре до тахана харжамех долу низам. Ткъа кхин хьал ду цуьнца Нохчийчохь.

Нохчийчохь тахана тΙех актуале а дац мехкаша дийцареден куьйгалхой харжаран низам. Цхьаъ делахь, махкана куьйгалхо ша президентан даржара воссале къастийна Медведевс кху Ιай – Кадыров Рамзанна цо йиллина хан кхин а пхи шо ю. Ткъа дуккха а адамийн кхетамехь, дуьне кхачалуш а кхачор доцу паччахьалла ду оцу стагехь.

Делахь а Нохчийчохь массо а бу лаьттачу хьолана реза, и кеп дΙакхоьхьуш лела хΙора а, дош ала а ца баьхьа нах, бахар а хир дац нийса. Махкарчу коммунистийн куьйгалхочо Ахматов Мохьмада ца лечкъадо шена хетарг. Цо иштта балхийра шен цатешам.

Ахматов Мохьмад: «Ιедал кхераделла ду хаъал. ХΙунда аьлча, кху шийлачу Ιай наха, ара а бевлла, хаийтира шаьш резабоцийла. Ткъа кхайкхийнарг – иза жΙаьлина дΙаьΙахк кхоссар ду, мехкашкахь куьйгалхой хоржуьйту нахе, бохург. Цу низаман мах со воцчу политикаша а къастийна, харжамаш бац уьш, халкъан тидам бижон гΙертар ду. Цундела, лацархьама харжамашкахь дакъалецар ца оьшу тхуна.

Тхан партино бакъ ца бина я Ιай а я бΙаьста а хилла харжамаш, царех дерг кхеле а делла оха. Делахь а, оццу Оьрсийчоьнан харц Ιедало арахецна низамаш а кхобуш дΙалела тхо. Оццу низамо магочу кепехь протестан гуламаш а дΙахьо. Эзарнашкахь арабуьйлу тахана нах. Со а, сан Нохчийчуьра накъостий а хилира Москохарчу Манежан майданарчу гуламехь цкъа кху Ιай».

Нохчийчуьрчу компартин декъан лидеран Ахматов Мохьмадан ойланца бехаш дуккха а нах бу. Бакъду, бац Ιедалан лаккхарчу даржашка хевшина Ιийраш-м. Иза цара хоуьйту телевизионехь дечу къамелашкахь а, шайн белхан меттигашкахь а Кадыров Рамазанан васт даздеш дийцарца а.

Нохчийчоьнан куьйгалхошлахь шайн хьаькам Кадыров массарел а дукха вазварца гΙарабевллачех ву, масала, парламентан спикер Абдурахманов Дукхаваха. Цо къайлахьош а доцуш, даима а дуьйцу шен сина КадыровгΙеран доьзало кхачочу йовхонах лоций. И безам, беламе а баьккхина, кицанашкахь буьйцуш а тΙехь нисло нахалахь. Абдурахмановс Кадыров Рамзан нохчашна даиманенна а велла ву, и бен паччахь хуьлийла дац махкахь боху ойла хΙинцца дΙахазийра Москохахь а, Федерацин кхеташонехь.

Оцу кхеташонан куьйгалхочо Матвиенко Валентинас байначу беттан тΙаьххьарчу дийнахь дΙабаьхьначу барамехь Абдурахманов Дукхавахас ша а, шен Нохчийчуьра парламент а реза яц мехкийн куьйгалхошна тΙаьхьий-хьалхий шозза бен даржехь Ιан цамагорна, элира. Абдурахмановн аьллар хилахь, баккъала а паччахьан хьолара цкъа а вуссур ву ала дац цо доггаха лоруш а, везаш а вуьйцу стаг – Кадыров Рамзан. Ткъа нохчашлахь цкъачунна гΙиллакхехь дац аз а хазош кхечу кепара лаамаш нахала бахар.

Цундела Кремлера арадуьйлучу низамаша халкъашна кехата тΙехь луш йолу бакъонашший, нохчашна чохь-арахь хета торурггий, дийца мегарггий шалха довлу хΙуманаш а хилла дуьсуш ду цкъачунна. Оцу хьелашкахь волуш волчу элин меттиг дΙалаца дагадогΙундерг Нохчийчохь дуьнентΙе вер ву ала а ду хала.
XS
SM
MD
LG