ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов Iилман - Швецера нохчийн байтанча


Нохчийн мотт дика хууш воцчунна, цуьнан таронаш тIехула бен евзаш воцчунна атта хир дац Юсупов Iилманан исбаьхьаллин дош кхето а, цу дашах, цхьа хьагаме,дукха хенахь дуьйна сатийсинчу рицкъанах,даа-маларх кхетча санна, хьааме там хила а.

ХIара буьйса…Маьрша хиларг сагIа тоьлла аьхкенан…

Кхунна тайнна хьошалла ца дича ас ма-хиндарий!

ГIайгIано ятийна хилла деган беш а аьхкина,

Кхуо самалхадаьккхи чIогIа сан ойланийн синтарийн.

Олхазарша гехь лелийна хIаваан дегI дайделла,

Сан садеIар карахь ловзон цуо а-м дера Iамийна!..

Мархийн чопа гонах йоккхуш,беттан саба кIайделла,

Цунна кхехьа хи хьашт хилла Чухчахьеран чамина…

Юсупов Iилмана кхалуш лепо исбаьхьаллин дош кхачо йоллуш кхето,цуьнан ойланан ораме кхача юххера,чуьра йовза ца йовзахь а хаа деза нохчийн меттан «сени чоь,чуьрччоь,совчоь,хьешачоь…» бохуш,шатайпа хIусамаш юй. Иза а ца хууш тIевоьлча хала ду байтанчин муттанечу маттах кхета а, дIавола а, дестийна ала а доцуш,цуьнан философан шорто йолчу ойланах кхиа а:

Шур-шураш дан дуьйладели,лаьттахь шеллуш,IиндагIаш.

Тхилахь ешна буц а ма ю-массо чо а буйсина!

Белшаш хебош,хоршано шайн ваьштатеIаш хинда гIаш,

Йовхо къийъян эхь ца хетча кху медачу буьйсанна!

Нуьре сенаш долу бIаьргаш детташ,гежа седарчий,

Царна чуьра эгош наггахь суй-седанийн дато кIеш…

Легаш Iуьйдуш синхаамийн-гарехь, уггар ледарчийн,

Тоьллачаьрга ас-м тховса туьйсуьйтур ю мА тов кIеж…

Буьйса,сихха чекх а ялий, со мА хьолахь саготте!

Хьайн IиндагIийн ловзаргахь дош луо сан дагна-вотанна…

Баттах турмал йина хьоьжуш йолчу хьуна ца го –те

Кху сан дегIан дукъо даош,шерша хенан воттана?..

Поэтан синхааман турпалхо дахар дика девзаш,цуьнан кхерчахь,кIуркIаманехь вахчавелла,шуьйра хаарш долу юьхьша вац ала,жимма а шеко ца юьту цуьнан «искиртигах» тера,юх-юха а «ойланийн бохчанаш» достуш, дешархо йийсаре вечу,»тиларчу» вуьгучу байталло. Цу бохчи чуьра юй те хIара «Езаче» байт а?

Дуьненан тIулгаш тIехь екош сайн дахаран ворда,

Хьан дегIан синтарна го туьйсу де-дийне ас.

Цхьа къурд бен ца оьшу суна-м хьан марзонан хIордах,

Цкъа лерса хьасттал бен ца оьшу суна-м хьан аз.

Ма хуьллу тийсалуш сингаттам олучу ломах,

Сайн дахар такха со кийча ву хьан дагна хехь,

Мотт Iоттал хьаса бен ца оьшуш хьан ирсан чомах,

Ког биллал меттиг бен ца лоьхуш хьан ойланехь.

ХIун ду ас хьан корехь зевнечу иллица хьабарх

Сайн оьмар чехаеш,бегабен бIешерийн пен?

Со оьшуш вац хьуна цхьа суй бен ахь ечу набарх,

И суна тоьур ду къагабан хьан гIенийн бен.

Безам балхош, оццул чIогIа ишта аладаларх со инзаре ,доза доцуш цецвийлина Iилманан синхаамечу турпалхочух! Со-м шекваьлла а ву иза кхиберш санна ойла а еш,дахар кхетор а долуш,»хьере» хила герга а доцуш адам дуй те аьлла.

Со ваххьане вахьац и «Езаче» байт безамах ю ала,и чIагIдеш цхьана ойланан социйле хIотта: чIуг етташ,ломара хьаьдда догIучу хих тера,ног етташ,шо-шарца дузуш, сиха йоьдучу заманах, стага дахарехь йита йогIучу ларх,валар-висарх,доцца аьлча адамна деза а, перза а хила хьакъ мел долчух ю аьлла хетало дIайоьшу байт.

Хетарехь, хьомечу адаме ялхориг ховха,экаме, мерза ойланаш елахь а Iилманан синхааман турпалхо дуьне довза,цуьнан къайленех кхиа а гIерташ,вуьзина ву дахаре,Iаламе, адамашка кхобучу безамах.

Мацца а йоьссича сан дагчу Iожаллин гIура

Сирта –тIай тIехула сан ваха дезар ду дIа.

Со лоьхуш вац хьуна серло бен хьан куьйгийн чкъуран,

Ахь доьIуш долчу син Iаьнарх со тоам беш Iа.

Сан оьмар тIехьерчош хьийзаш ю заманан сема,

ГIеметта хIоттар а схьакхечи оллийна цIом.

Ткъа суна-м ца оьшу цхьа цинц бен хьан беснийн деман,

Хьан бIаьргийн цхьа бIаьца тоийта хьожур ву со-м.

Юсупов Iилманан байталлин мах хадош,анайистехь лепачу стелаIодах тера,и дош лепийта цунна керла-керла басарш карадаран,лач делахь а тоьшалла ду,ас цуьнан поэзех дош ала,хIара мегар ю,хIара мегар яц бохуш,цуьнан байташ хиржина цахилар.

Ас гIортор йинарш, гуш Дела ву, дуьххьала со тIеIоттавелларш ю,интернет машанехь зорбане бевлла биъмогIанаш а,хIинц-хIинца цуо ша зорбанехь карладаккхина «Сатийсаман кIира» дийцар а. Сан лаам бац зорбане евлла исбаьхьаллин ирташ тIехь йолу цуьнан жарганаш,белхаш багарбеш хан яйа. Хадам боллуш ала ду цуьнан муьлхха а цхьа байт тоаме ю иза муьлххачу а яздархойн кхеташоне тIеэца.

Со тешна ву цхьана Iилманчаша-говзанчаша,зераш а дина,кхачо йоллуш теллина яц цуьнан бух боцу хIорд санна къайле йолу байталла… Цуьнан байталле,кхето а гIерташ ладегIа деза,Iаламан тийналле а,дагна хьаамечу гIар-говгIане а санна:

Дог сан,ахь ма чIогIа дуьйцу летта-летта далар,Дууш ца Iан бендацаран кIеда-кIайн худар.

Болх хьайн хала боллушехьа-кийрахь деттадала - Хьайна ахь тIелаьцна нехан гIайгIа дIахудар.

Сан хьиэ лийса ларор яц хьо моттаделла ойла,Ас хьо сихха дIаяздарна кхераделла дош,

Ашшимма со Iамий,Дала сий шу дойла. Сих ца вала деган орца халкъан кхеле хьош…

Дийца чот йоцуш дукха ду Iилманан кхоллараллех .Хьахо ца ларош йиси проза а. Бакъдолуш,къинхетаме, догдика адам ду Юсуповн синхааман турпалхо,цунна лаац ша бахьнехь,кхечарна мискъал зарратал хало хилийта:

Къан велла ,шен оьмаран йисте кхечи иза,

Шера хаьа, йоьрзур йоций шен цамгар а къиза…

Цхьа лаам бу хIинца цуьнан: йовха йоллуш вала:

Адамашна ца хилийта ша дIаволла хала.

Кхечаммо муьлххачо а Iожаллех ишта Iаткъаме ойла ялхийча шеконан беламца тIеэца тарлора,амма Юсупов Iилманин синхааман турпалхочух ца теша хала ду, тIамарш лестош,догах самукъадаьлла доьлучу берийн бIаьргех санна.

XS
SM
MD
LG