ТIекхочийла долу линкаш

ЭрдохIанан партино толам баьккхина Туркойчоьнан парламентан харжамашкахь


Туркойчоь -- AKP партин куьйгалхочуьнан ЭрдохIан Реджепан агIончаш Анкарахь шайн партин штаб-хIусаман хьалха даздеш бу шаьш парламентехь ьлолам баккхар. Лахьан-бутт, 2, 2015

Туркойчоь -- AKP партин куьйгалхочуьнан ЭрдохIан Реджепан агIончаш Анкарахь шайн партин штаб-хIусаман хьалха даздеш бу шаьш парламентехь ьлолам баккхар. Лахьан-бутт, 2, 2015

ХIинцалера парламентан харжамаш Туркойн махкахь кху шарахь шозлагIа дIахьош бара. Яханчу аьхкенан юххьехь хиллачу харжамашкахь пачхьалкхан куьйгаллехь йолчу Нийсонан, кхиаман партине абсолютан толам ца баккхабеллера, кхин цхьа могIа партеша хьалхачул алсамох кхаьэнаш гулор бахьана долуш.

Цундела харжамийн жамIехь кхоллаезачу урхаллехь коалицин ярехь барт ца хилира парламенте кхаьчначу ницкъийн. И бахьана долуш туркойн президенто Эрдоган Реджепа керла, хенал хьалха харжамаш дIахьур бу кхин цкъа а аьлла дIакхайкхира, шена Конституцино лучу бакъонах пайда а эцна.

2002-чу шарахь дуьйна Туркойчохь Iедалехь йолчу Эрдоганан партина хаъалла эшам бара и аьхка хилла харжамаш, дуьхьара парламентехь абсолютан алсамалла а йоцуш Нийсонан а, кхиаман а парти йитина болу. Малхбузерчу цхьа могIа тергамхоша хIетахь хьулдеш а доцучу хазхетарца комментареш йора, Эрдоганан чакхенан юхьиг ю гучуяьлларг, хIицначул тIаьхьа ислам динна тIетевжаш волчу Эрдоганан кхин аьтто хир бац, еккъа цхьаьна шен партин ницкъаца Туркойчохь куьйгалла дан, бохуш.

Кхузахь ала догIу, бусулба дин политикан коьртехь лаца гIерташ волу Эрдоган Реджеп а, цуьнан накъостий а Туркойчохь Iедале баьхкинча дуьйна схьа Малхбузехь цхьа мелла а кхерам санна тIеоьцуш ду цу махкара куьйгалла.

Цул хьалхарчу иттанаш шерашкахь тIеман карчамашца Iедал цхьаьна ницкъера вукхуьнга долуш, демократин хьаса шайца боцучу режимаша Туркойчохь Iедалан архаш шайгахь латточу заманахь ца хиллачу кепара сингаттам а, кхерамаш а кхуллура Малхбузерчу политикийн гуонашкахь демократикаллечу харжамашкахь тоьллачу Эрдоганан партино.

Цуьнца доьзна дара, къаьстина Германехь Меркел Ангела канцлер хаьржинчул тIаьхьа Туркойчоь кесталгIа Евробертана декъашхо хир ю бохучуьнга даха дог а ца туьку курс Цхьаьнакхеттачу Европано юхьарлацар. Ша Меркел Ангелас а ша Iедалехь йолчу иттех шарахь хийлаза дIахьедарш динера, Туркойчоь Евроберта юккъе ян хьакъ яц, цигахь адамийн бакъонаш ларйар тоъаллачу барамашкахь ца хиларна бохуш.

Ткъа Европин неIарехь латтар кIордийначу Туркойчоьнан Эрдоган коьртехь волчу куьйгалло керла некъ юхьаралецира – экономикан хьелаш тодар, коррупцица къийсам латтор, регионехь уггаре а нуьцкъала пачхьалкхе хилла дIахIоттар. Цу тIехь даханчу шерашкахь цу пачхьалкхан гIеххьачул сов кхиамаш а хилира. Иштта, масала, карарчу хенахь дуьненчохь уггаре а кхиаме схьайогIучух ларалуш ю Туркойчоьнан экономика. Ткъа Европехь, къаьстина Германехь лаккхара дешарш дешна болу, академикийн хааршка кхаьчна болу туркойн къомах говзанчаша Туркойчу дIаоьхуш бу, Германехь а, йоллучу Европехь шайна белхийн перспектива ледар хеташ.

Цу хьелашкахь кест-кеста хеза Малхбузехь Анкара агIор бехкаш дахар, цигахь демократин мехаллаш хьоьшу, ткъа Эрдогана османийн султанийн Iадаташка куьйгалла до махкана, бохуш.

Хьал хийцадала доладелира даханчу кIиранашкахь, Европе туркойн махкахула бIеннаш эзарнаш мухIажарш схьаэха буьйлабеллча. Цу махкахь парламентан харжамаш дIабахьале ши кIира хьалха Меркел Ангела яхара Истамбуле, ша Эрдоганна белшашгIортош хилар гайта санна. Цуо шеца цхьа могIа Туркойчуьнна вуно санехь совгIаташ а даьхьира, масала, мухIажаршна гIо дан 3 миллиард евро Туркойчуна лург хилар довзийтар, я туркошна Европе дIасалела визанаш ялар аттачу доккхур долуш хилар хаийтар.

И дерриге а ларамаза дац аьлла тешна ву политолог Чапханов Русланна. Цунна хетарехь, туркойн Iедалша шайн дозанаш мухIажаршна схьаделларца гайтина Европина, цуо шен мах хьакъ болчу агIор бан безийла.

Чапханов Руслан: „Туркойчоьно Шемара миллион а, цхьаъ ах миллион а мухIажарш тIе а лаьцна, уьш лелош бара. Делахь а, Европано цу хIуман хадон безачу агIор мах хадош а бацара, хам беш а бацара. Цул тIаьхьа Туркойчоьнан каделира, шаьш деш дечун кхочучу барамехь Европе сий дайта а, пачхьалкхашна юккъехь конструктиван диалог мел мехала ю, пачхьалкхаш и тайпа болх цхьаьна бан безаш бу бохург гайта а. Цара шайн дозанаш схьа а диллина, цхьа миллион герга стаг Европе схьавеъча, кхузарчу политикехь боккха сингаттам хилла цунах, Евробарт йоха тарло боху кхерам а кхоллабелла, Туркойчоьнан ролах кхета а кхетта. Цигахь харжамаш хила ши кIира диссинчу хенахь Меркел Истанбуле яхар а ларамаза нисделла дацара“.

Цу юкъана керлачу шен ницкъах бIоболарца а, ша нийсачу некъа тIехь хиларх тешарца харжамашкахь толам баьккхинчу Эрдоганан партина 49 сов процент кхаьнаш кхаьчна. И бохург ду, цу партин кхечу парламентерчу ницкъашца коалици ян дехар дац, ша еккъа цхьаммо министрийн кабинет кхолла бакъо ю цуьнан.

Европехь а, доллучу дуьнентIехь а гаррехь Туркойчоьнан рол алсамйаларх кхеташ волчу президентан Эрдоганан керлачу урхаллин болх дIаболон тоьллачех хьелаш хIиттина – тIаьхьрчу иттех шарахь Анкарага мелла а сонталлийца а, критикеца а хьежна Европа хIинца мухIажарш бахьана долуш цуьнга дехаре хIуьттуш ю, ткъа яханчу харжамашкахь I5 процент сов кхаьэнаш а гулдина Эрдоганан партин кхерам тессина хилла йолу курдойн парти партина гIеххьачул эшам хилла, урхаллехь министрийн метте кхача цуьнан векалийн сатийсам а ца буьсуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG