ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчоьнан референдумехь жигаралла гайтина Европехь бехачу туркоша


Германи -- Референдуман дуьхьал кхайкхам болу постер лаьттахь Iуьллуш ю Берлинехь, Охан.13, 2017

ЭрдохIанан лаам кхочуш хилла референдумехь Европерчу туркоша кхажтасар бахьана долуш, хета Малхбузерчу политикан эксперташна.

Европерчу туркоша ЭрдохIанан реформашкахь кхаж тассар бахьана долуш кадаьлла Туркойчоьнан президентан референдумехь толам баккха аьлла хета Малхбузерчу тергамхошна. Ткъа хIун хийцамаш бохьур бу цу реформаша Европерчу туркошна?

ХIинцалерчу Туркойчоьнан президентан ЭрдохIан карара урхаллин архаш шорйан Iалашонца дIаяхьанчу реферундумехь мискъазатталла бен башхалла йоцуш толам баьккхина ЭрдохIана.

Туркойчохь а, дозанал арахь а бехачу, референдумехь дакъа лаца бакъо йолчу туркойн 51 проценто „хIаъ“ аларца къобалйина урхалло хаттаме ехкина йолу реформаш. Цу референдуман жамI ЭрдохIанехьа билгалдаккхарехь доккха дакъа лаьцнарш дозанал арахь, уггаре а хьалха Европехь бехаш болу туркой лору Малхбузерчу аналисташа.

Иштта, масала, Германехь вехаш ву 3 миллион сов турко. Царех нийса ах, аьлча а, 1 миллион ах миллион шина пачхьалкхан- Туркойчоьнан, Германин паспорташ долуш бу, ткъа и бохург ду, уьш Туркойчохь дIахьочу харжамашкахь а, кхечу кхаж тассарашкахь а дакъа лаца бакъо йолуш бу бохург.

Цу бакъонах цара жигара пайда а оьцу. Иштта, масала, тIаьхьарчу президентийн харжамашкахь дукхахболчу Германерчу туркоша шайн кхаьжнаш ЭрдохIанна делира – 60 сов проценто хаьржира иза, дустархьама аьлча, Туркойчоьнан бахархойх 50 сов проценто бен ца хаьржина волу.

Изза хьал хIинца референдумца а хIоьттина. Германерчу туркойн 63 проценто белшашгIортийна Эрдоганна, цуьнан бакъонаш шорйарехь кхаж тассарца.

Францехь бехачу 150 эзар туркойх 65 герга процентано шайн аьзнаш Эрдоганна делла, ткъа а Нидерландашкахь бехачу 116 эзар туркойх кхин дукхахчара хаьржина хIинцалера Туркойчоьнан президент – царех 71 процентано делла шайн аьзнаш ЭрдохIанна.

Кхин а аласамох бевлла Эрдоган а, цуьнан политика а езарш Австрехь. Цу махкахь карарчу хенахь бехаш бу 247 эзар туркойчуьра орамаш долу нах. Царех кхаж тасса бакъо йолчу, кхаж тассарехь дакъалаьцначу а нахах 73 сов проценто, аьлча а, 38 эзар сов стаго шайн референдуман хаттарна „хIаъ“ аьлла жоп делла.

Стенца доьзна ду-те Европехь бехачу а, маршонех шаьш пайда а оьцуш а болчу наха Туркойчохь маршонаш ехкаран политика дIахьочу президентан урхаллин архаш кхин а шорйар харжар?

Муха цхьаьнадогIу-те и хIума – шаьш маьршачу Малхбузехь Iачара шайн къомахчу нахана маршонаш ехкарехь кхаж тассар? Политологна Чапханов Русланна хетарехь, иза доьзна ду, Европе Туркойчуьра схьаихна, кхузахь когтессина, дIатарбелла болчу нахах дукхахберш туркойн уггаре а къечу а, бакъонзачу а, ткъа цуьнца цхьаьна уггаре а консервативечу а кIошташкара орамаш долуш хиларца.

Цу нехан ЭрдохIан Iедале веъчахьана дуьххьара кху тIаьхарчу 100 шарахь таро хилла, шайн куьйга сацамаш тIеэцарна а, Туркойчуьрчу политикана а тIеIаткъам бан.

Чапханов Руслан: „Оцу Туркойн махкарчу хьолана вай тIаькхиа дуьйладелча го вайна, оцу Ататюрк Кемала и пачхьалкхе кхоьллича дуьйна схьа, цигахь оцу шех Анатоли олучу къечу провинцера нах башха Iедална юккъе а ца буьтуш, йистах латтош бара.

Ткъа ЭрдохIан Iедале веача дуьйна схьа оцу къечу провинцешкарчу нахана тIе тидам а бохуьйтуш, царна терго а еш политика дIахьора цо, цундела цигарчу нахах хиллера коьртачу декъехь цуьнан электорат.

Ткъа, вайна ма-хаара, кху Европе схьаихна болу нах доккхачу декъехь оццу къечу провинцешкара а, оццу Анатолера а орамаш долуш ма бу. Цундела кадаьлла аьлла хета суна ЭрдохIанан а, цуьнан партина а и нах шайгахьа баха“.

Цу юкъана, цецвоккхуш нисделла Британерчу а, Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу а туркоша кхаж тассаран жамIаш. Цу шина пачхьалкхехь, кхин дIа мел йолчу Малхбузерчу пачхьалкхашкахь санна а доцуш, бехачу туркойн доккхах долчу дакъано „хIан-хIа“ аьлла кхаж тессина, ЭрдохIанан реформаш къобал а ца еш.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG