ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эскарех тIехъюзуш ю Нохчийчоь


Нохчийчоь -- ТIеман Iамораш дIахьош ду Оьрсийчоьнан эскарш Нохчийчохь Серноводски полигонехь. Заз.19, 2015
Нохчийчоь -- ТIеман Iамораш дIахьош ду Оьрсийчоьнан эскарш Нохчийчохь Серноводски полигонехь. Заз.19, 2015

42 гвардин мотогIашлойн Евпаторин ЦIечу байракхан дивизи Нохчийчохь дIатаръян вовшахтоьхна йолуш ю аьлла, хаамийн гIирсашкахь дIакхайкхийна Къилбан тIеман гонан зорбанан сервисо.

Хууш ма хиллара, 12 тIера 24 эзаре кхаччалц эскархой юкъахь болу и тIеман тоба куп тоьхна лаьттар ю Ханкалахь а, Калиновская олучу станицехь а, Шелахь а, Борзехь а. Доккхачу декъана цу юкъахь хир бу контрактаца эскаре баьхкинарш. Керла кхузаманара герз а хир ду цаьргахь. Цунах лаьцна хаам баржийна цу дивизерачу хьостано.


И кхаъ хезча нохчийн юккъараллехь ца хаьа хазахета деза, я халахета деза. Схьагучу суртаца, кхерамазалла лакха а яьлла, бухара, меттигерачу бахархошна белхан меттигаш совъяла езара. Ткъа кхечу агIор хаьжча, кхеташ дац стенна гулбеш бу оццул дукха эскархой, тIом тоххара чекхбаьлла лоруш а болуш. Юкъараллан жигархочунна Успанов Юнина ца хета уьш кхузахь богIуш бу аьлла.


Успанов: «Вай и некъ дIа ма баьхьна. ТIом балале цаьргахь герз ду аьлла тIемаш долийнера цара. Харжамашкахь а церан дакъалаца йиша ю. ТIаккха, шайга омар ма делнехь цара оьшучунна кхаж тосура бу».
Нохчийчура кегирхой Оьрсийчоьнан эскаре ца буьгу дикка хан ю. Луларчу, масала Дагестанехь кхаанна ахча а луш, оьху божарийконтрактан эскаре.

Царах дуккха а Нохчийчохь а бу болх беш. Нохчийчохь эскарша оццул дукха латтош хилча, уьш меттигерачу бахархойх мукъана а хIоттош далахьара бакъхьа хир дара бохуш, кхин дIа а дуьйцу Успанов Юнис.


Успанов: «Хьовсийша, массо а дакъошкахь нохчий бац-кх.Дагестанера а, кхечу мехкашкара а нах чу а бахкош хIума до цара. ХIинца нах Iадийна бу. ЙогIуш тIеман ковр гича а ца мега нах. Шайна ма тов лела эскархой лаьмнашкахь, вайн бIаьвнаш а йохош, Iалам а хIаллак деш».


Машар а, массо а агIор кхиамаш богIучу Нохчийчохь эскарш стенна оьшу? Оьрсийчохь шортта меттигаш ма ю, шен доза цо чIагIдан дезаш, аьлла шена цу хьокъехь хетарг довзийтира юкъаралхочо Хаджимурадов Сулеймана.


Хаджимурадов: «Цхьа а эскар оьшуш дац. Вайна чугIерташ цхьа а мостагI вац. Китай ю Оьрсийчоьнан дозанехь лаьтташ. Вайна цхьацца цIераш кхолла гIерта. Вайна оьшуш дац-кх и эскарш. Маца хир ду теша тIом а боцуш? Иштта лаьттара ду теша хIара хьал тIаьхь тIейоьгIучу тIаьхьенна а?»

Мел ийна хир бу Нохчийчохь куп тоьхна лаьттачу дакъошкара оьрсийн эскархой гайтира шо хьалха Борзехь хиллачо а. Оьрсийн а, нохчийн эскархошна юккъахь дов а даьлла, дукха къиза леттера, аьлча а, тIебаьхкинчарна йиттинера бухахь болчу нохчаша. И гIуллакх дижна лоруш далахь а, тахана а цу тIехула тIеман кхелаш таIзарш деш ду нохчийн эскархошна.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG