ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоь тIелатахь НАТО шайна тIехIуттург хиларх теша Эстонин тIеман министр


Эстони -- Эстонин тIеман министр Миксер Свен тIеман Iаморашкахь, Стигалкъекъа-бутт 12, 2015

Эстони -- Эстонин тIеман министр Миксер Свен тIеман Iаморашкахь, Стигалкъекъа-бутт 12, 2015

Эстонин тIеман министро Миксер Свена реза хиларца тIеэцна Iамерка шен деза герзаш Малхбалерчу Европехь дIатардан дагахь хилар. Уггаре а ницкъ болу пачхьалкх баккъалла а цу регионерчу пачхьалкхийн кхерамазалла ларъян дагахь хиларан тоьшалла ду иза аьлла хета цунна.

Эстонин тIеман министро Миксер Свена къобулдина Iамерка Балтин пачхьалкхашкахь шен ницкъаш дIатарбан дагахь хилар. Цунна хетарехь, цигахь ницкъ болу Iамеркин эскарш хилар оьшуш ду Оьрсийчоьнера схьаболуш кхерам хиларна.

Эстонин тIеман министро Миксера и шен дIахьедар дира Мангал-беттан 21-чу дийнахь цу пачхьалкхехь визитаца Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министр Картер Эштон хиллачул тIаьхьа.

Картера Таллинехь вистхуьлуш хаам бира Iамерка дагахь ю Эстонехь а, Литвахь а, Латвехь а, Болгарехь а, Румынехь а, Полшехь а шайн танканаш а, гIагI диллина машенаш а, эскархой а дIатарбан аьлла. Цо дийцарехь, тIеман гIирсан цхьа дакъа латтор ду Германехь а.

Эстонино Iамерке доьхур дуй эскарш шайн территори тIехь дIатарде аьлла шега журналисташ хаьттича Миксер Свена иштта жоп делира.

Миксер Свен: «Доьхур ду. Суна хетарехь, Iамеркин тIеман министро Картер Эштона шаьш Малхбалера Европехь шайн эскарш дIатардан дагахь ду аьлларг мехала гIулч ю. Хийца а луш, Iамеркин эскархой хIинцале а болуш бу Эстонехь а, кхин йолчу Балтерчу пачхьалкхашкахь а. Тхо баркалла бохуш ду Iамеркина цо иза дарна».

Iамеркин ницкъаш шайн регионехь хилар мехала ду цигахь кхерамазалла латторна бохуш дуьйцу Миксер Свена.

Миксер Свен: «Тхуна иза мехала хета. Керла кхерамазаллан хьал хIуттур ду. ТIеман кризис эккхаран кхерам дIабаьккхина хир бу аьлла хета тхуна, тхан бертахой даиман а кхузахь лаьтташ хилча».

Iамеркин ницкъаш Эстонехь хилар политикан агIор мехала хилла ца Iа бохуш дуьйцу Эстонин тIеман министро.

Миксер Свен: «Суна иза мехала хета политикан агIор Оьрсийчоь сацош. Амма иза вуно мехала ду тIеман ницкъаш кхузахь хилар тIеман агIор а. Оьрсийчоьнна ша тхуна юххехь хиларна хенаца боьзна шен аьттонаш алсам бу аьлла хетахь, кхузахь цунна дуьхьал латта тIеман ницкъаш хиларо дйъур ду цунна хетарг».

Баккъалла а кхераме ю Оьрсийчоь тахана Эстонина бохучу хаттарна жоп луш Миксер Свена элира.

Миксер Свен: «Суна хетарехь, тхан вуно доккха бахьана ду Путинна ша гIолечу хьолехь ву аьлла хеташ ву ала. Цунна моьтту кху регионехь НАТО-н альянсан ледара меттигаш ю аьлла. Иза тоъала хьекъал долуш ву, цунна хаьа НАТО Оьрсийчоьнал а тIеман ницкъ алсам болуш хилар.

Амма цуьнан эскарш ду тхан дозанашца дIатардина латтош. Ткъа цо цIеххьана сацам бан а мега царах пайда эца. ХIунда аьлча тахана вуно Путинах йоьзна политикан система ю Оьрсийчохь хIоьттинарг».

Цундела НАТО-на мехала ду Оьрсийчоьнера схьаболуш кхерам а болуш цунна дуьхьал лаьтташ сиха лела аьтто хилар бохуш дуьйцу Эстонин тIеман министро.

1949-чу шарахь кхоьллина НАТО тIамца дуьхьало ян езаш ю, нагахь цуьнан декъашхочунна муьлхха а пачхьалкх тIелатахь. И кхерам юхатоха шена дан деза аьлларг дан дезаш ю НАТО-на юкъахь йолу пачхьалкх.

Цу хеннахь дукха хан йоцуш Pew Research Center талламан центро бинчу хаамца, дукхахболу немцой а, французаш а, италхой а дуьхьал бу НАТО-на юкъайогIучу пачхьалкхаша, шайн бертахочунна тIе а хIиттина, тIом барна.

Амма Эстонин тIеман министро Миксера ша тешна ву боху, нагахь шайна тIелатар дахь НАТО-н декъашхоша шайна гIо дийр хиларх.

XS
SM
MD
LG