ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIиргIизойчоьнан вахархо хила мега теракт йинарг


Питербухахь теракт йина хилла тарло ГIиргIазойчохь вина а, кхиина а, ткъа карарчу хенахь Оьрсийчоьнан вахархочо Джалилов Акбаржоно, хаамбо ГIиргIазойчоьнан леринчу сервисаша. “Интерфаксо” дийцарехь, теракт йинчу Iожалхочун гIоьнчаш ца хилла. Ала догIу, хьалхо “Коммерсанто” хаийтира эккхийтар динарг зуламан тоба хила мега, аьлла.

ГIиргIазойчоьнан леринчу сервисаша дIахьедина, эккхийтар динарг ГIиргIазойчуьра ваьлла, ткъа хIинца Оьрсийчоьнан вахархо волу Джалилов Акбаржон хила мега, аьлла. Иза вина 1995-чу шарахь, ГIиргIазойчоьнан Оша кIоштахь.

Хьалхо Оьрсийчоьнан ницкъхоша шиъ Юккъерчу Азин вахархо лоьхуш ву, аьлла хаам баржийнера,теракт еш цара дакъалаьцна хила мега аьлла шеконаш хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG