ТIекхочийла долу линкаш

Адаман дегIан меженаш йохка-эцар доьхкуш долу низам тIеэца дагахь ю Европан Кхеташо


Нохчийчоь -- Шайн дайна бераш лоьхуш арабевлла бу хIара зударий, 2002.

Нохчийчоь -- Шайн дайна бераш лоьхуш арабевлла бу хIара зударий, 2002.

Адаман дегIан меженаш йохкар -дуьненчохь уггаре а дукха ахча а, са а лучех бизнес ю. Хаамчаша чIагIдарехь, тIемаш болчу Африкерачу пачхьалкхашкара Iаьржа, я вуьшта аьлча, цIийх дуьзна бриллианташ дохка - эцар санна, я маьттазчу Iалашонашца зударий бохка-эцар санна санехьа хIума ду иза. Къаьстина къечу пачхьалкхашкахьий, тIемаш болчу меттигашкахьий кхуьуш а, дуккхаъчу нахана дашо хьоста хилла дIахIоьттина а хIума ду адамийн кийрара дог-паха дохкар.

Нохчийчохь шозза а тIемаш болчу шерашкахь, массарна а хууш, воьду-вогIучара я „зачистка“ олучу низамца доцучу нахлийцаршкахь оьрсийн эскархоша лоций, дIабуьгура уггаре а зоьртала а, тIехьажарехь могуш а болу кегий нах. Уьш дукхахьолехь я, лар йоцуш, тIепаза бовра, я байина, цхьанхьа яртийн йистошкахь я дукхаъ нах гулахь дIабоьхкинчу къайлахчу кешнашкахь схьакарбора.

Церан дукхахчийн цхьа башхалла а яра – цIонга тIера лаге кхаччалца маха боккхуш дIатегна хуьлура уьш. ХIетахь цхьаммо а тоьшаллашца тIечIагдан таро а йоцуш, амма массарна а иза хIун а хууш лаьттара и хьал – гергарчарна хаьара шайн йиша-вешин кийрара я дог, я доIаха, я жаннаш я кхин йолу меже йохка Iалашонца схьаяькхинийла, иза яккхархьама и стаг эскархоша дIалаьцна а хиллийла.

Амма и хIума талла а, цунна бехкеберш жоьпалле озон а аьттонаш бацара данне а Iедалан низам доцучу, массо а бакъо а, бакъдерг а оьрсийн эскархошкахь дисинчу махкахь.

Иштта шен хIусамда шен бIаьргашна хьалха оьрсийн эскархоша лаца а лаьцна, дIавигначул тIахьа иза тIепаз варна а, юха масех бутт баьлча иза вара а верина, кийрара дог-паха схьа а даьккхина, вийна карийначех ю Соьлжа-гIалахь ехаш хилла йолу, ткъа хIинца Австрин коьртачу шахьарахь тховкIело карийна йолу Себила. Цуо дуьйцу, шен хIусамда лацарх а, иза вийна карийча, шайна гучудаьллачух а лаьцна.

Себила: „Кавказ“-постехула тIехдолуш дара тхо. Паспорташ талла деза аьлла, тхан стаг а, цуьнца масех жимастаг а автобус чуьра араваьккхира эскархоша. Уьш кхин цара ара ца болуьйтуш, масех сахьт а делира, буьйса а тIееара. Мича вигана аш иза аьлла ас шайга дечу хаттаршна цара соьга шайна гина а вац, шаьш сацийна а вац, ахь хIун дуьйцу а ца хаьа, элира. Цигара дIагIо аьлла, суна кхерам а тоссуш.

Юха Нохчийчохь шайн нах лоьхучу зударех дIа а кхетта, иза лийхира ас, массо а декъеш ду аьлла хез-хезанчу метте а йоьдуш. Эххар а Ханкалахь байинчу нахана юккъехь карийра суна иза. Хечин барьша тIера дIа чIаьнге кхаччалца хадийна му бара цунна дегIа тIехь, ша муьшан гали ма теггара бокх-боккха маха а боккхуш дIатегна а вара иза. Иза санна, кхин а бара цигахь иштта тегна нах“.
Шен хIусамден кийрара меженаш дIаяьхна-кх аьлла, ша шекйаьлча, иза тIечIагIдан я мелхо а иза иштта дац аьлла ша тешон лор лийхира ша бохуш дуьйцу Себилас.

Себила: „Лоьрашка тоьшалла дайта со ТIехьа-Мартанчурчу лоьрийн цIийне яхара, цигарчу лоьро ша воьхьар вац и санна долу кехат яздан, аьлла, ца хIоьттира и тоьшалла дан. Амма жимма тIаьхьа тхоьга веара и лор, къайлаха, цуо сан хIусамдех куьг а тухуш, теллира цуьнан дакъа. Цуьнан кийрахь доIаха а дац, жаннаш а дац, уьш дIадаьхна схьахетарехь трансплантаци ян, дохка, элира цуо“.

Ша цхьаъ хилла ца Iара иштта верина, кийрахь мел йолу меже схьа а яьккхина, дIакхоьссина гергар стаг карийначех бохуш дуьйцу Себилас. Нохчийчоь мел ю бара боху цуо цу кепара йиша-ваша я кIант-воI оьрсаша хIаллакдина болу зударий, карон бакъдерг я бакъо а йоцуш лелаш.

Себила: „Кавказ“ - постехь стаг схьалаьцна болу и боьха, модех буьзина хилла болу салтий, шаьш болчехь цIераш а летош, кIурзах а буьзна хилла болу, царна ма ца хаий, стаг муха хадон веза а, цуьнан кийрара меже схьа муха яккха езаъ.
Цара шайн боьхачу куьйгашца лелийча мегар а ма даций и хIума, шен лерина цхьа хьелаш а, цхьа говзанчаш а оьшуш хIума ма ду иза. ТIаккъа цу оьрсийн хилла-кх цу махкахь, я Ханкалахь хилла а, я кхечу меттехь хиллаъ, цхьа лаборатореш, шайца белхаш беш лоьраш а болуш, лаккхара эпсарш а болуш. Иштта цхьа мафи хилла-кх церан цигахь и болх беш“.

Вайн заманан уггаре а маьттазчех а, къизачех а, цуьнца цхьаьна амма вуно якхийчу къайленашца кхелина а, лаккхарчу даржашкарчу даккхий ахчанаш долчу нехан гIоьнца кхуьуш а йолу бизнес ю и адамийн меженаш йохка-эцарца ерг. Цу бизнесехь дакъалоцуш мел баккхий ницкъаш бу бохург гойту масех шо хьалха Косовон премьер-министр волу Тачи Хашим адамийн меженаш юхкуш хилла хиларна бехке варо а.

И бехк цунна тIететтинарг мил-милла а стаг вацара, вевзаш волу Европан Кхеташонан рапортхо Марти Дик вара. Евробертан коьртачу прокуроро Рейтель Джонатана 20I0-чу шарахь иштта бехке бира Косоверчу Medicus клиникан белхахой а низамца доцуш адамийн меженаш йохка-эцарна.

Иштта шуьйра гIарделира 2009 шарахь Израилерчу салтеша, цигара раввинаш декъа а болуш, шаьш байинчу палестинхойн меженаш юхкуш хилар. ХIеттехь Цхьаьнакхеттачу Штатийн Iедалша цхьа могIа раввинийн лецира, шайн Израилерачу зIенех пайда а оьцуш, байинчу палестинхойн меженех даькхина ахча дуьлуш а, и меженаш йохкарехь дакъалоцуш хиларна бехке а бина.

Нохчийчохь оьсрийн эскархоша лелийна къизалла а, цара нехан меженашца лелийна йохка-эцар а цкъачунна цхьаммо а хьахош дац. Амма цхьа де догIур ду аьлла тешна ю Себила, и хIума нахала долуш а, цунна бехке берш жоьпалле озош а. Ткъа цкъачунна Страсбургерчу кхелехь ду цуьнан хIусамда верах долу гIуллакх.
XS
SM
MD
LG