ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIурдан бухадахана мухIажирийн кема


Индин хIорда чохь Австралин «Christmas Island» гIайренна уллехь хIордан бухадахана тIехь мухIажираш болу Индонезера хIордан кема. Цхьа бер делла 8 стаг вайна лоруш ву. Цунах лаьцна Шоьтан дийнахь хаам бина Австралин Iедалша. Верриг а цу кеман тIехь хилла 97 стаг.

Австралин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Джейсон Клера бинчу хаамца, хIордан бухадоьдучу кеманна гIо дан дахийтина хилла тIеман хIордан кема. Цо кIелхьар ваьккхина ОвхIанистанера а, ГIажарийчура а, Шри-Ланкара а 88 мухIажир.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG