ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIусамехь ягон серло а, йовхо а бахьана долуш алапаш чусецор дуьйцуш а ца хезна Европехь


Оршот дийнахь даханчу ах шарахь Венин бахархоша ягийначу йовхонан барамаш бусту хан тIекхаьчнера. ХIинцачул ши бутт хьалха дуьйна хIора цIийнан кевнашна тIе йоза тоьхнера хьукматхоша, мангал беттан шозлагIчохь белхахой лелар бу петаршкахула, шу кхерчашкара йовхо луш йолчу батареяшна тIера терахьаш дагардеш, боккъал а цу дийнахь делкъа хан хиллалца чохь хилахьара шу, бохуш.

И болх шарахь шозза, бIаьстий, гуьйранний, беш бу Iедало – баханчу ялх баттахь мас киловатт серло а, мел йовхо а ягийна хIора а доьзало шен петарахь бохург дагардеш. Пхеа минотехь а ца бахло иза.

ХIора чохь батареяна тIелатийна цхьа термометр санна хIума ю, цхьамза а болуш. Цу тIера тIерахьаш дIа а яздой, шаьш динчу йозанийн копи хьоьга схьа а лой, куьг таIорца хьоьгара тоьшалла а доккхий, дIа воьду таллам бан веанарг.

Кхеташ ма-хиллара, ахь динчу зенашка хьаьжжина йогIу хьуна ягоргахь, серлонах а йолу чот а. Цкъацкъа, Iа шийла деанехь, иза жимма алсамох хуьлу, цкъацкъа, мелхо а, кIезгох.

Амма цхьана ден вахаре кхаччалца и декхар доккха делахь а, цхьанна а дагадогIур дацара, хьан алапна тIе кховда а, и декхар алапна тIера чу сацон а. Дуккхаъчу шерашкахь Венехь ехаш йолчу Гадаева Седас дийцарехь, иштта хIума Австрехь нисдала йиш а яц, нисделча, иза зуламан гIуллакх санна толлура дара Iедало.

Гадаева Седа: "И санна хIума наха дуьйцуш а ца хезна суна кхузахь. Коммуналан декхарий, алапий и шиъ тайп-тайпана хIума ду, тайп-тайпанчу меттехь луш а, оьцуш а ду. Цкъа а алапна тIе ца уходу цхьа а, кхевдича иза кхузахь Iедало кхеле доккхур дара".

Нагахь санна цхьаммо шен коммуналан декхарш шен хенна дIа ца луш, хьединехь, Iедалан шен некъаш ду, декхархочуьнга ахча такхийта. Хьукматхоша цкъа хьалха массийтаза а, цу декхархочун аьтто болчу агIор, цуьнца бертахь дуьйцуш, гIулчаш йоху. Масала, дерриге а декхар цкъа гулахь дала аьтто стеган бацахь, цуьнга баттахь 20-30 евро, я цул кIеззиг я цул дукха а, - шен таро йолчу агIор, и декъар такхар магадо.

Ткъа нагахь санна даллане а шен петарехь ша хьарчийна долу ахча ца луш цхьаъ дуьхаьл валахь, тIаккха цунна гIуданаш а, гена далахь – Iедалан ницкъаца болх а бойтуш, къинхьегамца токхуьйта иза. Нисло, кхелан приставш хIусаме а богIий, хьан чохь декъхарна метта схьаэца механа еза хIуммаъ юйла хьожуш. Масала, езачех шиъ телевизион елахь, цхьаъ цара декхарна дуьхьал дIахьур ю. Яц амма хьан цхьаъ бен телевизион яцахь, иза-м хьур.

Гадаева Седа: "ХIорш дуккхаъ хIумнаш тIехь хьуна дуьхьал богIу. Хьуна лаахь, хIора баттахь ца луш, кхаа баттахь я ялх баттахь я шарахь цкъа дIадала йиш ю хьан ахча. нагахь санна гулахь дIадала хьайгахь ахча дацахь, дакъошца дала а йиш ю хьан жим-жима. Амма ца луш хьо дуьхьал валахь, тIаккха-м хьуна гIуданаш детташ, масех батте долу иза, цул тIаьхьа кхеле а долу. Иза цу тIе ца далийта, шен хенахь дIадала гIерта нах и шайн декхар".

Ахчанаш дIадала хьукмате а бахана, сахьташкахь рогIехь, дера дарбелла латта ца деза декхар дIалучера, коратIехьа Iаш йолу цхьа липIарзак аьлла йолу Аьзни шен гIуллакхе хьажжалца, бохуш, я иза цхьанна а кхаъ бала ца беза, кехата тIе цуо ши -кхо дош яздеш, шен болх бинера аьлла. Дерриге а я интернетехула хьайн чохь Iашшехь кхочушдо ахь, я Iедале хьайн банкан чот дIа а лой, цаьрга йиллинчу хенахь тIера ахча шаьшка схьаоьцуьйту ахь, ур-аттала ах цент галйаларна кхера а ца оьшуш.

Гадаева Седа: "Цхьа а рагI а яц, я цхьа а хьан неIаре ца вогIу ахча дIадеха. Банке а воьдий, и кехат цига чукхуссу ахь. Я цаьрга хьайн чотан лоьмар дIа лой, цаьрга шайга схьаоьцийта ахь и ахча. Совнаха даккха церан йиш яц, хIунда аьлча ахь мел яйъинчу энергин киловатт а, хин литр а мел яра, церан мах мел бара бохург тIехь долш кехат схьало хьуна."

ТIаьхьарчу масех баттахь Нохчийчуоьнан бахархошна газах, серлонах цхьаэхийтина йолу чоташ цец-инзарваллал яккхийра нислуш, шаьшний-шаьшний оццул тIетоьхна цхьа бух боцуш, бохуш латкъамаш хеза бахархошкара. И саннарг Австрехь хила йиш яц.

Нагахь санна цхьа стаг алапа кIеззиг долш велахь, я цуьнан доьзал боккха болуш, ден декхар такхъа цуьнгахь таро яцахь, ишттачунна гIо деш дийна цхьа могIа дикадаран юкхараллаш ю Австрехь.

Цара а ша доллу декхар дIатокхуш. Я цуьнан цхьа дакъа токхуш гIо до. Иштта, масала, болх боцучеран я Iедалера социалан гIо оьцучеран а коммуналан декхарш Iедало шена тIе оьцу. Аьлча, царна социалан хьукмато луш долчу ахчанна юккъехь хуьлу йовхонах а, серлонах а дIадала дезаш дерг.

Юкъарчу хьесапехь 70 квадратан метарх лаьтташ йолчу петарах баттахь 80-I00 а евро дала дезаш хуьлу коммуналан хьашташна. Алапаш юкъарчу хьесапехь I500 - 2000 евро долчу махкахь иза дала, кхеташ ма-хиллара, хала ца хуьлу, тIеман чевнех хIинца-хIинца бен ерза йолаелла йоцучу Нохчийчохь санна.
XS
SM
MD
LG