ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нобелан совгIатан ахчанан дакъа Евроберто дIалур ду тIемаш лайначу берашна


Белги -- Евробертан штаб-хIусам, Брюссел, Лахь2012
Белги -- Евробертан штаб-хIусам, Брюссел, Лахь2012

Кху шарахьлера Нобелан совгIат, хуьлуш ма-хиллара, цхьана адамана я юкъараллийна а ца луш, Цхьанакхеттачу Европина деллера Норвегерачу Нобелан комитето. ХIинца 27 пачхьалкхах лаьттачу цу къаьмнийн а, пачхьалкхийн Цхьанатохаралло и совгIат тIемаш лайначу берашна хьажон сацам бина.

Бутт хьалха Ослорчу Нобелан Комитето шен коьрта совгIат – дуьненчохь машар барехь къахьегарна луш долу Машаран совгIат Евробертана дала сацам бина боху хаам дуккхаъчу наха резадацарца а, цецбовларца а тIеийцира.

ХIунда аьлча, тергамчашна хетарехь, дукха бу дуьнентIехь шайн доллу а дахар нехан хьашташна дIаделла а, шайн са а, дегI а ца кхоош, тIемашна а, къизачу диктатурашна а дуьхьала лаьтташ болу харцонца къийсамчаш а, и совгIат дала хьакъ болу вайн заманан турпалхой а.

Царна юккъехь дукхаъчу шерашкахь Нобелан машаран совгIат дала мегачу готтачу гуоне а кхочуш, амма хIораза а и совгIат ца луш, - дуккхаъчу аналисташна хетарехь, Оьрсийчоьнах цунна и дала Нобелан комитет ца хIуттуш хиларна, йуьссуш ю, масала, евзаш йолу нохчийн адамийн бакъонашларъярхо Юсупова Лидия, масех шо хьалха Европарламентан сацамца, „Европехь уггаре а доьналла долу зуда“ хаьржина йолу. Иштта дуккха бу кхечу къаьмнашлахь а и совгIат хьакъ долу сийдолу нах.

ХIетте а хIинца баьржинчу хаамо кхушарахьлера Машаран Нобелан совгIат эрна довр дац, аьлла, болу сатийсам кхуллу. ХIунда аьлча, Цхьанакхеттачу Европано дIахьедар дина, шаьш и совгIат, аьлча, цуьнца луш долу ахча - цхьа миллион евро герга, - дуьненчохь тIемийн Iазапаш а, баланаш а гина а, лайна а долчу берашна хьажор ду, аьлла, хаам бина. И дIахьедар дира Еврокомиссин куьйгалхочо Баррозу Жозе Мануэла.

„Нобелан машаран преми – иза дуьнентIехь машарехь къахьегаран хьаьрк ду, - элира цуо. - Цундела и ахча берашка дIакхачон деза, дуьненан хиндолчун сатийсам хилла ца Iаш, даима а, мел хала хеташ делахь а, тIеман къизаллийн коьрта закъалташ хуьлуш долчу“, - аьлла.

И совгIат Евробертана делла хилар гIадужу баттахь официала дIакхайкхина делахь а, амма иза шен лауреаташка гIуран беттан италлгIачохь, Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонаш ларъяран дийнахь бен дIа ца ло. Иза схьаэца гIур волш ву кху шарахь Европарламентан куьйгалхо Шульц Мартиний, Европин Кхеташонан президент Ван Ромпей Херманий.
XS
SM
MD
LG