ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробертан санкцех озалуш бац Оьрсийчура Iедалхой


Белги -- Евробертан саммиташ хуьлу кху Европан Кхеташонан хIусамехь.
Белги -- Евробертан саммиташ хуьлу кху Европан Кхеташонан хIусамехь.

Евробертано а, Канадас а юккъеяьхначу санкцех шек ца бевлла Оьрсийчуьра а, Малхбалерчу Украинера а хьукматхой. Европин кхеташонан куьйгалхочуо ван Ромпей ХIермана дийцарехь, Европа кийча ю, Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу санкцеш чIагIйан.

„Нагахь санна Оьрсийчоьно кхин дIа а Украинехь дестабилизаци йон гIулчаш йохуш хилахь, Евроберто санкцеш чIагIйийр ю“, - аьлла яздинера цуо шен Твиттер тIерачу агIонехь.

Амма и „нагахь санна Оьрсийчоьно кхин дIа а“ бохуш долу дешнаш юкъараллина хезаш долу ши бутт сов хан ю. Ма-дарра аьлча, Украинера кризис йолаелча дуьйна схьа и тайпа кхерамаш, кхийларш а дека Европин куьйгалхойн гуонашкара. Ткъа Кремл, дуьненна а гуш ма-хиллара, ша юхьаралаьцначу некъа тIера яла дагахь яц.

Аналисташна хетарехь, цхьана агIор Евроберто а, Цхьанатоьхначу Штаташа а юккъейохуш йолу санкцеш дукха гIийла а, Оьрсийчоьнан экономикана башха хIара ду аьлла зенаш дан гуьнахь а ца хиларца дузу и Кремлан майралла. Европерчу стратегикаллин талламийн институтан белхахо волчу Асхабов Хьамзатна хетарехь, и Малхбузенан санкцеш тIеIаткъаме яц Оьрсийчоьнна. Я царех хила цхьа а политикана пайденна долу жамIаш а дац.

Асхабов Хьамзат: „Украинехь тахана кхолладелла долу хьал Оьрсийчоьнна аьтто болуш го суна. Царна дуьхьал еш йолу санкцеш кхиаме хир ю аьлла а ца хета суна. Царех пайда бер бу аьлла а ца хета суна. Украинина а бер бац царех пайда. Изоляцино Оьрсийчоь, мелхо а, чIагIйийр ю“.

Билгал а Оьрсийчоьнан бюджетана хаалла лазаме хин йолу гIулчаш яха Европа, гарехь, ца хIутту. Цунна тоьшалла ду немцойн арахьарчу гIуллакхийн министро Штайнмайер Франк-Вальтера оршот дийнахь Брюсселехь рогIера санкцеш Евроберто тIечIагIйинчул тIаьхьа дина долу дIахьедар а. Экономикан санкцеш юккъеяха мегар дац аьлла йолу шен позицина бух балош цуо элира:

„Экономикан тIамо уггаре а хьалха Малхбузенна шена зе дийр ду“, - аьлла. Цуо билгалдаьккхира, хIинцалца схьа Евроберто а, Цхьанатоьхначу Штаташ а юккъедаьханчу гIуданаша а Оьрсийчоьнна тоъалла зе дина аьлла. Штайнмайерс дийцарехь, кху тIаьхьарчу ялх кIирнахь и санкцеш бахьана долуш Оьрсийчоьнна I00 миллиард долларна зе хилла, ткъа экономикан кхиамаш сихонца лахлуш а бу.

Изза аьлла хеташ ву Оьрсийчоьнца шира гергарло лелош волчу немцойн экономикан Малхбален комитетан куьйгалхо Кордес Экхард а. Санкцийн кхозлаха гуо юккъебаккхарна жигара дуьхьало еш волчу цуо элира, экономикан санкцеш юккъеяхча а, Оьрсийчоьнан экономике йолу инвестицеш а, цу пачхьалкхаца долу махлелор а поликан Iалашонашкахь лелийча а, цунах вуно доккха зе хир ду, уггаре а хьалха Оьрсийчоьнца тешам алсамбаккхарехь кху тIаьхьарчу ткъех шарахь хьегначу къина, аьлла.

Экономикан санкцешна дуьхьал ю иштта немцойн канцлер Меркел Ангела а, меттигерачу бизнесан гуонаша, хьал цу тIегIанна тIе ма далийтахьара бохучу кхайкхамашца, вуно боккха тIеIаткъам беш йолу.
XS
SM
MD
LG