ТIекхочийла долу линкаш

Украина бахьана долуш Кремлна реза бац Евробертан куьйгалхой


Белги -- Европан Кхеташонан президент Ван Ромпёй ХIерман а (аьр), Еврокомиссин куьйгалхо Баррозу Жозе Мануэл а (аьр).

Белги -- Европан Кхеташонан президент Ван Ромпёй ХIерман а (аьр), Еврокомиссин куьйгалхо Баррозу Жозе Мануэл а (аьр).

Украина шен лаамехь ю, Евробертаца шена оьшуш болу берташ тIеэцарехь аьлла, дIахьедар дина Евробертан куьйгалхоша. Цара леррина динчу шайн дIахьедар тIехь аьлла ду, шайн неIарш Украинина хIинца а схьайиллина лаьтташ ю аьлла. Цуьнца цхьана Европан Бертан куьйгалхоша луьра критика йина Оьрсийчоьнна, шайн Украиница йолчу юкъаметтигашна юкъагIертарна.

Тхайн вуно резадацар дIакхайкхадо оха, ОьрсийчоьУкраинас Евробертаца интеграци хьокхехь барт барна юккъегIертарна, цуо цу хьокъехь йохуш йолчу гIулчашна а,“- аьлла яздина ду Европин Кхеташонан куьйгалхочуьн Ван Ромпёй Херманан, Еврокомиссин куьйгалхочуьн Баррозу Жозе Мануэлан а юкъахь динчу дIахьедарехь.

Карладаккха догIу, Украинина а, Евробертана а юккъехь ассоциаци яран а, маьрша махбаран зона кхолларан а хьокъехь болу Барт карара лахьан бутт чекхбалале тIечIагIбан лерина хилла хилар.

Масех шарахь шина агIоно шена тIехь белхаш бина болу и барт тIаьхьарчу хенахь Оьрсийчоьно Украинин куьйгаллина боккха тIеIаткъам бина хилар бахьана долуш боха кийча бу.

ХIетте а, Евробертан куьйгалло кхин цкъа а билгалдаьккхина, нагахь санна хIара бутт бале цу бертан кIелахь куьг яздар ца хилахь я Украина яллане а цу бертана юккъера ялахь а, Европа кийча хир ю, тIейогIучу хенахь Украиница юкъаметтигаш чIагIъян, аьлла.

„Украинин шен ю бакъо, ша Евробертаца муьлхачу тIегIанна тIехь юкъаметтигаш лелор ю бохург билгалдаккха, ткъа нагахь санна цу пачхьалкхан куьйгалло Европица долу дагадовларш юхакарладаха сацам бахь, оха тоьшалла до, тхайн агIор и дагадовларш схьадиллинчу кепехь а, гIо-накъосталле а хилийта“, - аьлла дIахьедира Евробертан куьйгалло.

„Украинина арахьара беш болу тIеIаткъам тидаме эцча, тхо тешна ду, генара боцучу кхетамашка а, шеконашка а шена тIейогIучу хенахь хин йолу са а, пайда а бицбайта ца беза Украинин куьйгалло“, - элира Ван Ромпейс а, Баррозус а. Цу шиммо иштта билгалдаьккхира, Цхьаьнакхеттачу Европица барт бар – иза Украинин экономикана реформашка а, модернизаце а болу некъ схьабоьллуш йолу гIулч ю, аьлла.

Ткъа и некъ нийса некъ хилар Евробертан куьйгаллина кху деношкахь Украинехь дIайоьлхучу митингашкахь а, дуьхьалонан акцешкахь а го, эзарнаш украинхой евроинтеграцехьа гIо даккха урамашка баьхна йолчу.

Цу шайх хIинцале а „Евромайдан“ аьлла цIе тиллиначу дуьхьалонан акцешна тIехь терго еш яра Беларусерчу радион лерина корреспондент йолу Раяна Волха Черных. Иза тIаьхьарчу масех дийнахь Симферополехь а, Киевехь а, Львовехь а хилира, евромайданах лаьцна репортажаш еш. Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь Черных Раяна Волхас дийцира, хIинца урамашка бевллачу украинхоша лоьхуш ерш нийсонаш а, маршонаш а ю, бохуш.

Черных Раяна Волха: „ Суна хетарехь, Евромайданан декъашхой вуно тешна бу шаьш арабаьккхинчу гIуллакхах. Европица интеграци ярехь бу уьш. Ас дуккхаъ хаттарш дира цу нахе, уьш хIунда арабевлла бохуш. Коьрта жоп цара суна деррарг: Украинехь низам лелаш дац бохург дара. Нагахь санна цхьа хIума дихкина делахь, иза массарна а дихкина дац.

Нагахь санна цхьа хIума магийна делахь а, иза массарна а магийна дац. Уьш дукхахберш кегийрхой бу, студенташ а бу. Цара беш болу кхайкхамаш а билгалбевлла бу – цара сатуьйсу Януковича шен лаам а гайтина, цу Евробертаца интерграци яран кехаташна кIелахь куьг яздийр ду бохучуьнга.

Цара боху, Европица цхьаьна беш болу некъ иза Украинин хинлдолчехьа болу некъ бу. ХIунда аьлча, Оьрсийчохь дерг – иза цхьа маIа дIагIоьртина меттиг санна хIума ду“.

Яхлурий теша дуьхьалонан акцеш я уьш Iедалийн ницкъашца кесталгIа дIасалахка ка дера теша, аьлла шега хаьттича, журналиста Черных Раяна Волхас иштта дийцира.

Черных Раяна Волха: „Дера уьш шайн Iалашоне кхача дагахь арабевлла ма бу. Амма цуьнца цхьаьна цхьа пессимизман хьаса а го суна цаьргахь. Шеконаш ю цаьрца, боккъал а Януковича и барт тIеоьцурий теша бохучунах, Оьрсийчоьнна дуьхьал иза гIур вац-кха бохуш.

Пропаганда а ю официала телевизионехула вуно чIогIа дIахьош, Европица барт бан луурш дIабевлла нах бу, ямартхой бу, бохуш. Иштта Украинерчу Iедалан сел сецна яьлча санна йолу позици а... Цу доллучуо а тIеIаткъам а бина, тарло а къоман дуьхаьлонан акцеш жим-жима лахъяла“.

Киеверчу Евромайданера къамел динарг яра журналист Черных Раяна Волха.

Украинин куьйгалла Европина букъ берзийна, Оьрсийчоьнехьа голатоха кечъялар бахьана долуш дуьхьалонан акцешна тIетайна меттигера студенташ а. Цара шинарий дийнахь забастовка кхайкхина.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG