ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евро-2012: Шен хотΙаца къоман сий дайдечу Ιедална хьалхара къахьоьгу украинахоша


Украина -- Евро-2012-на кечлучу Киевехь протестхойн гуламна гонаха лаьтта полици, 05Ман2012
Украина -- Евро-2012-на кечлучу Киевехь протестхойн гуламна гонаха лаьтта полици, 05Ман2012

Европан футболан къовсадаларш дΙадуьйладала денош бен ца дисинехь а, прессехь гезйоху шен цΙе цΙанъян гΙертар тΙедоьжна Украинерчу Ιедална. Цамгарша лаьцна Тимошенко Юлия набахтехь кхабар а, Украинехь хьешан цΙеношкара мехаш тΙех лекха хилар а, цигахь яьржина еха расизм а тΙехъетта цунна Европерчу зорбано. Оцу хьокъехь ю Маршо Радион корреспондента Синдлер Дейзис арахецна артикл. Цунна тΙе а тевжаш хΙоттийна оха хΙара материал.


Харченко Роман веха гΙала, Чернигов, Украинин коьртачу шахьарара цхьана сохьтехь эха сохьтехь дΙавахача ю. Цуьнна лаьа, Харьковехь, Донецкехь, Львовехь а санна, шайн гΙалахь еврофутболна кечйина майда яцахь а, хьеший шаьш долчу а богΙийла.

Харченко: «Къовсадаларшна кечйинчу гΙаланех тхайниг яцахь а, лаьара исторехь 1300 шарахь евзаш лаьттинчу Чернигове а хьеший богΙийла. ГΙовгΙане, гаттоне йолчу Киевца юьстича, тхан гΙала жима елахь а, баьццара а, синпаргΙато луш а ю. Дахар а дац цигахь тΙех сихделла».

28 шо долу дизайнер Харченко Роман ву шайн-шайн аьттонаш хьешашна интернетехула кхийдочу бΙаьннех. Цо массех хьаша къовсадаларш дΙадоьлхучу бутт гергга йолчу ханна маьхаза тΙеэца а кийча ву ша, боху.

Хьешан цΙеноша буьйса яккхаран мах 800 долларе кхоччуш бесторна дуьхьал лаьттачу нахах ву Харченко а, махкара маьхаза болх бан лерина гочдархой а, кхечу аьттонийн охΙланаш а санна. Оцу наха иштта, шайга лардаллучу агΙор лардо Европано футбол бахьанехь тидам шена тΙеберзийначу Украинан сий.


Иштта го могΙарчу украинахошна шайн мохк демократех эшна хилар, хийра къаьмнаш ца дезарца билгалбохучу Европерчу прессана дуьхьало яран некъ.

43 шо ду Днепропетровскерчу Козиная Ларисин. Цо шайн гΙалахь ши петар кечйина хьеший тΙеэца. Оцунна, шен чоь мукъа а яьккхина, церан йоΙ ханна Киеве яха яхна.

Козиная: «Тхуна чΙогΙа дукха деза адамаш. Тхо нахаца ийна деха. Цу тΙе тхуна хΙара цхьа ша тайпа самукъадалар а ду. Со карарчу хенахь балхахь яц, нехан хьашташка хьажа мукъа ю. Ингалса мот кхин дика-м ца хаьа суна, делахь а сох нах а, нахах со а кхеташ хир бу, аьлла хета-кх».

Францера футболъезархо Карвалью-Гонсалвеш Изабель а, цуьнан майра португалхо Хосе а шина кΙиранах Ιийр бу Козиная Ларисин хΙусамехь. Интернетехула бина цара и барт.

Карвалью-Гонсалвеш: «Спортах вулучу стеган корта политиках маьрша бу. Тхуна къовсадаларшка хьовса лаьа, бовза лаьа кхузара нах, ткъа уьш-м бу тхоьца вуно тΙекаре».

Украинахойн пачхьалкхах дерг аьлча, цигахь 2010-чу шарахь Янукович президент харжарца, наха Европехьа а доцуш, Оьрсийчоьнехьа бина шайн къастам. Цул совнаха, стохка халкъе социологаша хаттам бича, гучуделира, Евроберта юкъа шайн пачхьалкх йоьдийла лууш ах украинахой а боцийла. Амма иза дац, хΙинца шаьш долчохь спортан синкъерам хΙоьттича, уьш европахошца шога хир бу бохург.

Украинан Ιедал, цо демократина махкахь гатто хΙоттош елахь а, кхечу авторитаран битамашца иза билгал долуш делахь а, шен халкъан башхалла ю иза массо а къаьмнашца ийна хилар, нах нахаца бекхабелла, белабелла хилар.
XS
SM
MD
LG