ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Синтем боцу Саррацин


Германи -- "Антисемитизман дошам", 2009
Германи -- "Антисемитизман дошам", 2009

Германино евро мацах ша Холокост йина хиларна бехкала а яхана ловш ду, шена оьшуш доцушехь, аьлла, тептар арахецна немцойн скандалечу яздархочо Тило Саррацина. ХIинца оцу хиламо а гIаттийна рогIера скандал.





Германино евро мацах ша Холокост йина хиларна бехкала яхана ловш ду, шена оьшуш доцушехь, аьлла киншка арахецна немцойн скандалечу яздархочуо.

Сарацин Тило цхьана хенахь немцойн Бундесбанкан куьйгаллехь вара. Х1инца иза скандале яздархо ву, талламхоша расистийн хьежамаш хиларна бехке веш волу. Цуо язъеш йолу киншкаш, х1ора а масех б1е аг1о йолуш елахь а, амма чулацамца цхьа а пайда болуш яц, питана даржор бен. Х1етте а миллонашкахь наха д1аоьцу и тептарш, Сарацинах тароне стаг а веш. Азимова Сийлахас дуьйцу шен мигранташца болчу цабезамца вевзаш волчу Сарацинан керлачу тептарх лаьцна.



Мигранташ,къаьстина царна юккъехь бусулба дин лелош берш, цабезарца г1араваьлла ву Германехь вевзаш волу политик а, банкхо а Сарацин Тило. Даханчу шарахь расистийн хьежамех юьззина ойлу киншка арахийцира цуо, Германи ша шена карах кхетта, елла д1айолуш ю, аьлла. Бахьана , Сарацинна яздарехь, немцоша шайн махкахь дукхе дукха мух1ажарш т1еэцар а, болх цабечарна социалан г1о а деш, уьш кхобуш хилар а, цу махкахь бусулбачийн терахь дела денна алсам долуш хилар. Шен ч1аг1дарех нах тешийтархьама Сарацина дуккхаъ терахьаш дахкийнера киншки т1ехь. Иштта, масала, цуо ч1аг1дора, жуьгтийн къомах болчеран ц1ийца цхьа башха дакъалгаш ю, уьш кхечу къаьмнех къастош йолу, бохуш. Я 1аьржа чкъор дерш шайн генетикаца кхин хуьлуш бу, уьш к1айчу нахал дешарца а, 1илманашкахь белхаш барца а ларалуш бац, бохуш. Амма уггаре а дукхох Сарацина шен киншки т1ехь емал бинарш бусулбанаш бара. Иштта, цуо ч1аг1дора, бусулбачара лерина цхьана 1алашонца Европе а бог1ий, кхузахь дуккхаъ бераш дуьненчу доху, хенан яхалла Европа бусулба дине ерзорхьама, бохуш. Шен дешний тоьшаллийна цуо меттигерачу «можа пресса» олучу бульваран газетийн хаамаш бахкабора. Ткъа т1аьхьарчу ткъех шерашкахь Европехь д1ахьош болчу статистикийн талламаша гойтуш дерг нийса б1останехь сурт ду. Доккхачу декъехь, къоначу бусулбачу доьзалшкахь меттигерачу европахойн доьзалшкахь чул совнах бераш хуьлуш дац, бохург масала. Цул совнаха, и тенденци Европерачу бусулбачарна юкъехь хилла ца 1аш, иштта Туркойн махкахь а, цхьа мог1а 1арбойн мехкашкахь иштта кхуьуш йог1уш хилар а. Амма и санна долу, шена цатовш долу, х1умнаш Сарацина ца хьахош дитнера.

Х1инца скандалечу авторо керла тептар архецна, «Европина евро оьшуш дац» аьлла ц1е а тиллина. Цу т1ехь цуо ч1аг1до, киншки ц1аро гойтуш ма-хиллара, евро ахча ша кхоллича дуьйна а схьа европахошна бала а, деза кира а хилла схьадог1уш ду, бохуш. Германи-м, Сарацина дийцарехь, ишттаъ-вуьшттаъ шена данне а и евро оьшуш доцушехь, ширачу континента т1ерачу кхечу пачхьалкхашна хьалха мацах цкъа фашистийн заманахь ша Холокост йина, дукха дакхий зенаш а, бохамаш а, вуонаш дарна болчу бехкана лелаш ю, и еврон кира шена т1е а лаьцна.

«Холокост ярна а, Шозлаг1а Дуьнена Т1ом болорна а вай вешан бехк текхна девр дац, вешан массо а болх а, къинхьегам а вай европахойн хьашташна ца хьажадахь а, вешан карахь мел долу шай вай царна д1а ца лахь»,- иштта бу немцойн махкахь баьржина болу кхетам, бохуш, ч1аг1до Сарацина. Цуо Германи т1ейог1у хенахь г1о эша там мел болчу Европерачу пачхьалкхийн закъалтехь ю бохуш ч1аг1до.

Кхеташ ма-хиллара, кху т1аьхьарчу шарахь Европехь коьрта тема хилла лаьттачу кризисечу Грецина а, вист ца хуьлуш, уллехула т1ех ца ваьлла Саррацин. Цуо цу пачхьалкхана г1о дар – иза дакхийчех г1алат ду бохуш яздо. И г1о саца а дина, Греци еврозони юккъера д1а ара яккха еза боху цуо.



И тептар зорбане даьлла масех де а далале йоккхачу г1овг1анан бахьана хилла. Шен киншкин презентаци ян Берлинерачу Адлер отеле Сарацин веъча, цу хьешийн ц1ийнна хьалха гулвеллера ши б1е герга стаг. «Д1акъовла хьайн аьшпе батт!», «Сарацин расист ву!», «Питанча!» - иштта д1а кхин а цу кепара чулацамаш болу транспаранташ а лаьцна, питанечу яздархочун йозанашна шаьш резадацар гойтуш бара меттигера бахархой.

Цхьа мог1а политикаша а емал дина Сарацинан ч1аг1дарш. Иштта, масала, немцойн финансийн министр волчу Шойбле Вольфганга элира, Сарацина язбина болу пал я цуьнан галбевллачу кхетамийн жам1а ду, я цуьнан пайдабоцучу талламийн жам1а ду, аьлла. Ткъа Шойблел а хьалха немцойн финансийн министр хилла волчу Штайнбрюк Петера Саррацин язбинарг цхьа а бух боцу пал а бу, шех цхьа а стаг ваша мегар доцу г1урт а бу, элира.

Хьахон дог1у, кхул хьалха Сарацина арахецна йолу мигранташна дуьхьала хьажийна хилла йолу киншка бахьана долуш немцойн юкъараллехь расист боху ц1е шена т1е летта ваьлла стаг иза хилар. Цуо х1етахь яздинарш г1ара ма девллехь, немцойн Бундесбанкан директорийн кхеташонна юкъерачу шен балхах вохийра Сарацин. Бакъду, кишнка дукха скандале хилла, иза дуккхаъчу наха д1аэцарна,Саррацинах миллионер хилира. Х1инца цуо яздина тептар а ду аьлла тешна бу тергамхой, Грецина а, еврона а гоунахьара кризисе хьал д1адерзале, цу теми т1ехь са яккха еза ша аьлла, аьлла , сихвелла вовшатоьхна.

XS
SM
MD
LG