ТIекхочийла долу линкаш

Цкъа мацца а нохчий а ловзур бу Европан чемпионаташкахь...


Швейцари --Нохчаша йозуш йоцу пачхьалкх кхоьллина а, йолуш, цуьнан Европан футболехь дакъалоцу тоба шена муха го хоуьйтуш, бизнесхочо Майер Йохана арахецна духар , 02Тов2012

Швейцари --Нохчаша йозуш йоцу пачхьалкх кхоьллина а, йолуш, цуьнан Европан футболехь дакъалоцу тоба шена муха го хоуьйтуш, бизнесхочо Майер Йохана арахецна духар , 02Тов2012

Бутт герга яхъелла хилла футболан Европан чемпионат дIайирзина. 4-0 чоьтаца италхой эша а беш, толам баьккхина Испанин къоман тобано. Цу ловзаре хьоьжуш хиллачу миллионаш футболъезархошна юккъехь вайнах а бара, шайх цхьаберш цхьана заманахь хила там болчу маьршачу Нохчийчоьнан футболан тобан символика тIехь йолу духарш а доьхна.


Муха хир дара, цкъа мацца а маьршачу Нохчийчоьнан къоман тоба а Дуьненан я Европн футболан чемпионаташкахь дакъалаца йиш йолуш хилча? Муха хир дара те церан ловзар? Матч дIайолалуш, къоман гимн локхучу хенахь, муха хир яра цу ловзархойн яххьаш? Ткъа духарш? Муьлхачу басахь хир яра церан кучамаш, трикош?

Дуккхаъчу нохчийн футболъезархоша, кху деношкахь Европан чемпионатан дерзоран ловзаршка шаьш хьоьжучохь, шаьш шайга я вовшашка дина хир ду и хеттарш. Ткъа цу хеттарех, мел кIезиг а, цхьадолчарна -духарх лаьцначарна - жоьпаш лаха гIоьртира Майер Йохан, Швейцарера адамийн бакъонашларъярхо а, совдегар а волу жима стаг.

Цо хIокху тIаьхьарчу масех шарахь Дуьненан я Европан чемпионат моссаза хуьлу, лерина цхьа ша-башха футболхойн духаран дакъа - пхьуьйшаш доцу кучамаш - арахоьцу, маьршачу Нохчийчоьнан, ткъа иштта Палестинан футболан тобанашна лерина ю,олий.

Дуккхаъчу шерашкахь Палестинехь а, Нохчийчохь а журналист а, адамийн бакъонашларъярхо а болх бина волчу Майера, шена цу шина къоман футболхойн тобана лерина духарш арахеца дагадар кхетадеш дуьйцу, ша Газехь волуш а, Нохчийчохь волуш, даима а ша цецвоккхуш, мел ирчачу херцашлахь а, мел кхерамечу хьелашкахь а, бераш шайн кадаьллачу мIаьргонехь футболах ловзуш гора шена, бохуш.

Когахь спортан мачийн метта тиша кIархаш а болуш, хаза нехан санначу шовкъаца а, самукъадаларца а буьрках ловзуш и бераш гаро хийла ойла йойтура шега, бохуш дуьйцу цо, нагахь санна цу берашна тIе эгош йолу бомбанаш совца а йина, царна бен ницкъ а, цаьрца юьйцу харцо а сацийна, царна деша а, лелон ма-еззара спорт лело а аьтто бича, ма дуьне цецдоккхуш футболхой хир бара царех, олий.

ХIетахь дуьххьара ойла кхоллаеллера адамийн бакъонашларъярхочун, Палестинехь а, Нохчийчохь а бехачу къоначу футболъезархошна шен цIахь, Швейцарехь, эца а эцна, футболхойн духарш совгIатна декъа.

Иза цо дан а дира, ши эзарлагIа шераш дуьйладеллачу муьрехь. Ткъа и ойла иштта дIа кхин а кхиина, цунах жимма тIаьхьа, „Сатийсаман тобанаш“ боху дешанаш тIхь а долуш, духарца шина къоман футболан тобанийн васташ кхолла дагадеанера Майерна.

Цо, палестинахойн, нохчийн тобанаш дуьненаюкъарчу чемпионаташкахь дакъалоцуш хилча, церан хила там болу духарш арахеца долийра. Аьлча а, футболхойн пхьуьйшаш доцу кучамаш. Палестинахойн тобан кучамаш цIен басахь ю, ткъа Нохчийчоьнан тобаннаш - баьццарчу басахь.

Дуьненна а евзачу Найк спортан сурсатийн фирмано тегначу цу кучамийн некха тIехь йиллина горга эмблема ю, юккъехь Ичкерин герба тIера берзан сурт а долуш, гонаха „Нохчийн къоман футболан юкъаралла“ боху дешнаш а яздина. Ткъа букъа тIехь нохчийн, ингалсан маттахь яздина „Нохчийчоь. Team Chechnya“ дешнаш.

Майера билгалдоккху, ша тегийтинчу кучамийн ши эзар ялхалгIачу шарахь дуьйна, хIора мехала чемпионат дIайолалучу муьрехь, рогIера парти арахоьцуш ю, бохуш. Дукха хьолахь интернетехула а, ткъа иштта бевза-безачу нохчашкахула а, Iарбашкахула а дIаса а доькъу шаьш и духарш, боху цо.

Къаьсттина, Европехь а, йоллучу Малхбузехь а бехачу вайнехан кегийрхоша хазахетарца лелайо и кучамаш, шаьш чемпионатийн муьрехь футболе хьовса гуллучу хенахь, бохуш, дуьйцу адамийн бакъонашларъярхочо.

Ткъа цу юкъана бутт гергга дахделла хилла Украинерий, Польшерий футболан той кIирандийнахь дIадирзира. Италхоййий, испанхоййий къовсалуш хиллачу Европерчу тоьллачу футболан тобан дарж муьлхачу тобанна хьакъ ду бохучу хаттарна жоп испанхоша Сквадро Аззурина эхье 4-0 чот ярца билгалделира.

Дуьненан футболан исторехь хIинцалц схьа цкъа а хилла йоцу рекорд хIоттийна цу кеппара испанхоша – уьш, кхин юкъа стаг ца вулуьйтуш, юха а Европан чемпионаш бевлла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG