ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхошна тIехIиттина нах лоьхуш бу ерриг а Европехь


Германи - Терроран дуьхьал бечу балхах лаьцна керланаш ду интернетехь даржош.
Германи - Терроран дуьхьал бечу балхах лаьцна керланаш ду интернетехь даржош.

Масех де хьалха Иракъе яха новкъа яьлла йолу рогIера ши йоI лаьцна Австрерачу Iедалхоша. Цхьаъ царех I6 шо долу нохчо ю, Залцбург гIалин полисхоша чIагIдарехь. Ткъа важа I7 шо долу боснихо. И шиъ Иракъехь ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанан шина декъашхочуьнца интернетехула гергарло а тассаделла, цу шинге маре яха новкъаяьлла хилла. ТIехула тIе, Зальцбургерчу прокуратурано динчу дIахьедарца, и хIума данне а дагдеанарг а, боснихочунна иза марздинарг а нохчийн йоI хилла.

Дай-наноша орца даккхар бахьана долуш Румыне кхаьчча цIерпоштехь йоьдуш йолу Австрера и ши йоI Iедалхоша лаца а лаьцна, юхаерзийна. Румынера дIа Болгаре а, цигара Iаьржачу хIурдалахь кхин дIа а Иракъерачу Раккха гIала кхача дагахь хилла боху и шиъ. Iедалхоша билгалдоккху, маре яха дагахь йоI араялар – иза меттигерчу низамцашца зулам ца хилар, амма нагахь санна и марел террорхойн тобанехь болчу нахаца деш делахь, тIаккха Iедалийн хеттарш кхоллало марел дан луучаьрга.

Уггаре а хьалха церан террорхошца зIе мичара хилла, уьш вовшашна муха бевзина, цига яхча террорхойн зуламашкахь дакъа лаца дагахь нускал хиллийла а. И дерриге а хIинца хетта таро ю Австрин Iедалхойн шина йоIе – цкъа хьалха набахте йоьллина хилла и шиъ, талламан белхаш дIабоьлхучу муьрана маьрша яьккхина, цIаяхийтина. Дела денна полисхойн декъе а йоьдуш, шаьшшиъ йолу меттиг Iедалшна дIахаийта декхарийлахь ю шиъ хIинца.

Берлинехь а террорхошца зIенехь хиларна шеконашца лаьцна цхьа нохчо. Иза еари суьйранна йоллучу Германехь а полисхойн леринчу декъаша террорхошна белшашгIортораш лахаран операци дIахьош нисделла. Немцойн коьртачу шахьаран инарла прокуратурано бинчу хаамца, лаьцнарг суьйлехий, нохчехий лаьттачу исламистийн тобанан куьйгалхо хилла. Iедалхоша бечу хаамашца, Исламан Пачхьалкхе ша шех олучу ДаIиш тобанна керла агIончаш Европехь лоьхуш а, цу тобанна ахчанца гIо гулдеш а хилла иза.

Берлинерчу Веддинг а, Моабит а кIошташкахь полицино II петарчохь талламаш бина, цу чуьрчу нехан компьютерш а, телефонаш а, кехаташ а дIа а лахьдехь. Ала догIу, и ши кIошта, къаьстина Веддинг, Берлинера дукхахболу нохчи беха а, ткъа ишшта дукха туркой а, Iарбой а беха а меттиг хилар.

Хьахон догIу иштта, немцойн Iедалхоша билгадоккхуш ду, лаьцна волу нохчо а, цуьнца декъа хилларш а Германин лаьттатIеъь терроран тIелатарш дан дагахь хилла бохучунна цхьа а тоьшалла дац бохург. Уьш кхечу пачхьалкхан терроран тобанан декъа хиларна бехке беш бу.

Цуьнца цхьаьна Iедалша билгалдоккху, беккъа цхьа бусулба хиларний я ислам дин лелорний цхьанна а стагана Германехь Iедалшкара новхкарло хирг ца хилар – Iедалийн къийсам беккъа террорхошца я джихадхойн хьежамаш Германехь баржоцаьрца бу.

Берлинехь вехачу нохчийн диаспорин жигархочуо, немцонй-кавказхойн доттагIаллин кхерчан куьйгалхойх цхьаъ волчу Душуев Рахьмана а билгадоккху, меттигарчу Iедалшкара я бахархошкара могIаречу нохчийн агIор цхьанна а кепар хеттарш я цатешамаш ца хилар. Парижехь хилла терроран тIелетар бахьана долуш Iедалийн белхахойн а, урхаллин а джихадхойн хьокъехь самалла алсам яьллехь а, амма могIарерачу бусулбачаьрга хIуммаъ бобхуш стаг вац, бохуш дуьйцу цуо.

Душуев Рахьман: „Кхин хIара аьлла могIарерачу нахера я Iедалшкара нохчашка хIума олуш хааделла хIума дац тхуна. Мелхо а, Парижехь и теракт хилчул тIаьхьа цхьаццаболчара олу, бусулба нахана уьш сел лазаме хилча, ца дехкича а хIуммаъ дацара и сарташ, олий. ХIинца со болх беш волчу меттехь делкъана немцойн къомах болчу белхахошца цхьаьна чай молу оху, дистхуьлуш Iа. Цхьа а кепара со бусулба вара аьлла сайца гамо ца гина суна цаьргара. Сайн балха тIехь ламазан чоь а ю суна елла“.

Душуев Рахьманан дешнаш тIечIагдо иштта ши де хьалха Берлинехь Германерчу бусубачийн Кхеташоно вовшахтоьхначу митинге цу пачхьалкхан лакхарчу Iедалан векалш а баьхкина хиларо.

Бранденбургийн кевнашна хьалха дIабаьхьначу цу „Террор: тхан цIарах яц“ цIе тиллина хиллачу гуламехь йистхилира немцойн канцлер Меркел Ангела. „Ислам Германех дIакъаста йиш йоцу цуьнан дакъа ду“, - элира цуо. Парижехь а, кхечу меттигашкахь а шаьш бусулба динан цIарах лелачуха болчу зуламхоша терроран тIелетарш дарх, Европин йиш яц исламофоби яржон луучу ницкъашка шена тIеIаткъам байта, ша иттанаш шерашкахь кхаьбна йолу толеранталла цаьрга хьашийта а, элира цуо.

Меркел Ангелица цхьаьна цу митинге веанера иштта немцойн президент Гаук Йоахим а. Цуо а билгалдаьккхира, неонацин хьежамаш болчара Парижехь хиллачух пайда а эцна, бусулбачарна тIе церан боцу бехк тасса гIертар чекхдалийта мегар дац аьлла.

Митинг йолалчу хенахь цуьнан декъа хиллачу бусулбачара ламазаш а, доIа а дира. „Террорхой тола ца тоьлла я тулур а бац“ - элира и гулам вовшахтоьхначу Германерчу бусулбачийн кхеташонан куьйгалхочуо Мазйек Аймана.

XS
SM
MD
LG