ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европерчу кхелийн бала бац хьо муьлхачу къомах ву


Ингалсерчу кхелера сурт
Ингалсерчу кхелера сурт

Оьрсийчохь кавказхошна низаман хьукматаша, кхелийн биста кхаччалц, гатто латтайо. Бале ду дехьа-сехьа бовла а, кхечу нехан могIара адамаш шаьш лара а. Муха ду къаьмнаш къесторца хьал Европехь? Хала дуй, масала, нохчочунна Iедалца а, бухарчу къаьмнашца а юкъаметтигаш лелон? Оцу хаттарна жоьпаш лехира Маршо Радионо.




Масех шо хьалха Германехь шуьйра гIарадаьллера „АбдурзаковгIар Германина дуьхьал“ цIе йолу гIуллакх. ХIетахь цхьана нохчийн мухIажарийн доьзал, шена Нохчийчохь тIом дIабирзина, цундела шу хIинца цIадаха деза, аьлла, сацам меттигерчу миграцин хьукмато бинчул тIаьхьа, кхеле баьллера. Цкъа хьалха шайн бундеслаьттахь, тIаккха немцойн лакхарчу кхелехь, ткъа цу шинна а кхелехь шаьш эшча, меттигерачу Конституцин Кхеле латкъам хьажийнера АбдурзаковгIар, шайца юьйцу харцо немцойн Конституцица йогIуш ю я яц, бохург къастаде, аьлла.

Эххар а меттигерчу Конституцин Кхело уьш бакъонна тIехь хилар тIе а чIагIдина, Iедалхошна дихкира, и доьзал махкал арабаккха. Цунах прецедент а хилла, цул тIаьхьа дуккхаъчу вайнехан доьзалшна а пайда белира, Конституцин Кхелан хIетахьлерчу сацамна тIетовжа а, цуьнах гIо лаца а йиш хилла.

Цу масало гойту, кхиинчу пачхьалкхехь, - йозуш йоцу кхелаш а, маьрша, шен кхетамца а, шен хьежамашца а ехаш йолу кхиина юкъаралла а йолчу,- хIора стеган а, цуьнан къам я дин муьлхарниг ду бохург хьесапе а доцуш, шен бакъонехь къовса а, иза шена юхаерзон а аьтто буйла.

Дукха хан йоцуш Оьрсийчохь а зевне хуьлуш, гIарадаьлла лаьттира суьйличо Мирзоев Расула буй тохаран тIаьхьалонах оьрси Агафонов Иван валарца доьзна бехктакхаман гIуллакх. Велларг оьрси хиларо, ткъа куьгбехкенарг - „Iаьржа кавказхо“, шовинизмо закъалте лаьцна оьрсийн юкъаралла цу суьйличунна кхелехь чалтачалла даре сатесна яра.

Агафонов, ша Мирзоевн карах валале, цкъа а, шозза а ницкъ барца а, гIелонца а къоланаш а деш а, нахера хIуманаш дIаяхарца а Iедалхошна коьртахваьлла леллера. Масала, 2010 -чу шарахь цо шен накъосташца Москох лотерея ловзочу клубана тIелатар динера. Амма и дерриге а, цунах къизачу, „акхачу“ кавказхочун миска закъалт дан гIерташ къахьегначу хаамийн гIирсаша я юкъараллин жигархоша ца хьахадеш дуьтура. Хуур дара амма и тIеда Мирзоевн биографехь царна карийна хиллехь!

Кхин хьал ду Европехь. И бохург дац, кхузахь адамийн бакъонаш тайп-тайпанчу тIегIанашкахь ца хьоьшу бохург. ХIан-хIа. Амма хIора а стеган бакъо ю, шен гIуллакх я Iедалхойн я юкъараллин тIеIаткъамех йозуш йоцучу кхело толлург хиларе сатийса. Масала. Даханчу шарахь Ирландехь цхьана туьканчохь, шен коьртахь хиджаб хилар бахьана долуш, шена гIело йича, кхеле яьллера вайн махкахо Зураъ. Ша, ур-аталла, адвокат а ца лаьцнера, бохуш дуьйцу цо. Ткъа кхо кхеле еллачу туькан векалш масех гоьваьлла вевза адвокат а лаьцна баьхкинера кхеле. ХIетте а Зураъ туьйлира кхелехь, туька кхунна ахчанца компенсаци ян декхаре а еш.

Зураъ: „Кхел йоьдуш, юхьанца, уьш мелла а тхох цабешаш, кураллаш а еш, шайн адвокаташца цхьана богIий хуьлура. Ткъа тхо, тхаьш бакъ дуйла а хууш, кхин башха кечамаш а ца беш даханера, Далла а, нахана а хьалхахь тхаьш цIена хиларх терра. Харцо тола йиш ма яций. Цундела Дала цу кхеле нийса сацам байтира. Тхуна 1500 евро компенсаци яла а, тхо шаьшна къинтIера даха а декхарийлахь йира кхело и туька“.

Зураъца хилларг а ду кхин цхьаъ рогIера масал, Европера кхелийн система Оьрсийчуьрчу „Басманан бакъонах“ мел къаьсташ ю бохучун.
XS
SM
MD
LG