ТIекхочийла долу линкаш

Евробертана машаран Нобелан совгIат ца догIу аьлла хета европахошна


Еврпоан Барт -- 2012 шеран Машаран Нобелан совгlат

Еврпоан Барт -- 2012 шеран Машаран Нобелан совгlат

Ши бутт хьалха Нобелан комитето кхушарахьлера Машаран совгIат Евробертана луш ду аьлла, дIакхайкхичхьана дуьйна, цу сацамна реза боцчийн могIарш лахлуш дац. Оршот дийнахь Ослохь гIалин урамашка бевллера бIеннаш бахархой, шайн резадацар дIакхайкхо.


БIеннаш цIеран чкъурамаш а, латийна стогарш а карахь долуш, Осло гIалин юккъехула буьйлабелла хиллачу наха дIакхайкхош хилларг дара, Нобелан Машаран совгIат иза дала хьакъ долчунна ца делла бохург. Меттигерачу бахархоша йолийначу цу резадацаран акцина тIетайра масех сахьт далале 50 сов юкъараллин вовшахкхетараллаш а, адамийн бакъонаш ларъярхойн тобанаш а.

Царна хетарехь, Цхьаьнакхетта Европа хьакъ яц и совгIат шена дала. Кхин хIумаъ ца хилча а, Евробарт доллучу дуьненна тIехь а тIеман операцеш еш хилар а, агрессиван йохк-эцаран политика дIакхоьхьуш хилар а, Африкера а, я кхечу тIемаш а, мацалла а йолчу мехкашкара Европе тховкIело лоьхуш оьхучу мухIажарийн хьокъехь уьш тIе ца бита хьажийна йолу политика дIакхоьхьуш хилар а тоьаш ду, бохуш, чIагIдо цара.

Цу хьежамна тIетайра Дуьненаюкъара машаран бюро цIе йолу юкъаралла а. Цунна шена, цу юкъараллийна, и сийдолу совгIат 2010 шарахь деллера. Машаран бюрон векалшна хетарехь, таханлера Нобелан комитетан декъашхой дукха гена буьйлуш бу хIора шарца а мацах и совгIат кхоьллина хиллачу Нобел Алфредан весетах.

Хууш ма - хиллара, Нобел Алфреда шен рицкъанах луш долу совгIат я машар барехь яккхий гIулчаш яьхначунна, я къаьмнийн барт барна, я дуьнентIера эскарийн ницкъ лахбарна тIехь аьттоне белхаш бинчунна ло аьлла яздинера.
«Нагахь санна Нобелна цу совгIатан комитетана шена товчу агIор шен дешнаш тудийта лууш хиллехь, цуо меттигерачу парламенте, кхин къа а ца хьоьгуш, ахча чу а дилина, цхьа тIоьрмиг дIатессина хира бара, «шайн луург делаш кхунах» - элира Машаран бюрон президент волчу Магнуссон Томаса цу хьокъехь.

Иштта Евробертана и совгIат ца догIуш делла аьлла бистхиллачарна юккъехь бу даханчу шерашкахь Машаран совгIаташ кхаьчна болу Мейрид Корриган-Магуайер а, Адольфо Перес а. И шиъ шаьшиъ цу резадацаран акцехь дакъалаца дан ца кхиънехь а, амма цара шайгара хабар кхачийнера цига.

Ала догIу, Ослорчу Нобелан Комитето шен коьрта совгIат – дуьненчохь машар барехь къахьегарна луш долу Машаран совгIат Евробертана дала сацам бина боху хаам дуккхаъчу наха резадацарца а, цецбовларца а тIеэцна хилар. ХIунда аьлча, тергамчашна хетарехь, дукха бу дуьнентIехь шайн доллу а дахар нехан хьашташна дIаделла а, шайн са а, дегI а ца кхоош, тIемашна дуьхьал лаьтташ болу, и совгIат дала хьакъ болу вайн заманан турпалхой.

Царна юккъехь ю дукхаъчу шерашкахь Нобелан Машаран совгIат дала мегачийн готтачу гуоне а кхочуш, амма хIораза а и совгIат ца луш, - дуккхаъчу аналисташна хетарехь, Оьрсийчоьнах цунна и дала Нобелан комитет ца йоьхьуш хиларна, юьссуш йолу, евзаш йолу нохчийн адамийн бакъонашларъярхо Юсупова Лида, масех шо хьалха Европарламентан сацамца «Европехь уггаре а доьналла долу зуда» хаьржина йолу.

Бакъду, цу критикийн аьзнаша мелла а догмовла баьхначу Цхьанакхеттачу Европин куьйгалхоша дIахьедар дира, шаьш и совгIат, аьлча, цуьнца луш долу ахча - цхьа миллион евро герга, - дуьненчохь тIемийн Iазапаш а, баланаш а лайна долчу берашна хьажор ду, аьлла. И дIахьедар дира Еврокомиссин куьйгалхочо Баррозу Жозе Мануэла.
XS
SM
MD
LG