ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь адамаш тIепаза дарца доьзна гIуллакхаш ца талларехь системийн проблема карийна Страсбургерчу Кхелана


Франци - Европера Адамийн Бакъонийн Кхел

Франци - Европера Адамийн Бакъонийн Кхел

2002-чу шарахь дуьйна 2004-гIа шо кхаччалц Нохчийчохь 8 стаг тIепаза варна Оьрсийчоь бехке йина шинарин дийнахь Европерчу Адамийн Бакъонийн Кхело. Страсбургерчу Кхело дуьххьара шен сацамехь дIахьедар дина, Оьрсийчоьно адамаш дарца доьзна гIуллакх эвсара талладелла ца хилар. Кхелан хьесапехь иза доьзна ду, «къоман тIегIанехь бакъонаш ларъян гIулчаш яхарна новкъарло еш системан проблема хиларца».

«Аслаханова а, кхин берш а Оьрсийчоьнна дуьхьал» цIе йолчу гIуллакхехь ша берриш а гергара нах бара. Церан доьзалшкара дIавигина ву и 8 стаг. Аьлчи а, лачкъийна, цул тIаьхьа, уьш лар а йоцуш, байна.

Адамаш тIепаза довш хилар, диллина къастош ца хиларца доьзна, даханчу 2011 шеран Гезгмашин баттахь агIонашна кхин а хаттарш луш зIене йолуш, оцу бархIаннен гергарчеран латкъамаш цхьана гIуллакхе тоьхнера Адамийн Бакъонийн Кхело. «Правовая иницатива по России» организацино а, Оьрсийчоьнан Iедалша а шайн жоьпаш деллера Кхелан хаттаршна.

Латкъамаш кечбеш гIо динчу «Правовая иницатива по России» организацехь кхочушдаран директор йолчу Кушлейко Анастасияс дийцарехь, Адамийн Бакъонийн Кхелан сацамца и нах Нохчийчохь лачкъийна белахь а, и тайпаниг ерриг Къилбаседа Кавкаезхь хуьлуш хилар билгалдаьккхина:

Кушлейко Анастасия: Аслаханова а кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал бохучу гIуллакхехь вовшахтоьхнарг пхи латкъам бу. Уьш массо а Нохчийчохь адамаш лечкъорца боьзна бара. Амма суна билгалдаккха луур дара, оцу сацаман ладамалла хIун ю аьлчи, адамаш лечкъор Нохчийчохь хиллехь а, амма Кхело къастош йолу проблема ерриг а Къилбаседа Кавказехь адамаш тIепаза дарца йоьзна ю.

1999 шарахь дуьйна 2006 шаре кхаччалц Дагестанехь, Нохчийчохь, ГIагIайчохь а хилларг ду къастош дерг. Кхело хIун боху? Проблема цхьатерра хилар гуш ду, боху.

Маршо радио: Страсбургехь туп тоьхначу Адамийн Бакъонийн Кхело бахарехь, хIора а нуьцкъала стаг вар Оьрсийчоьнна тIехь, цуьнан федералан ницкъашна тIехь ду. Иштта, Кхел тешна ю, таллам бина, адамаш лачкъийнарш билгалбаьхна, царна таIзар дан оьрсийн Iедалш гуьнахь ца хиларх.

Кхело къастийна, оьрсийн Iедалша лачкъийначеран гергарчарна тIехь адамаллица йоьзна йоцу къизалла йина а, церан божарий лаха аьлла динчу дехаршна цхьа жоп делла ца хилар а.

Кушлейко Анастасия: Кхело аьлла, ша бина кхочушбойтучу хьолехь яц. Сацам кхочушбайта ницкъ бац, Iедалшна тIедилла йиш а яц шен. Амма, Кхело аьлла, шен масех хьехар ду, цхьа моггIа яха еза гIулчаш кечъйина ша. Кхелан хьесапехь и гIулчаш яха хан тIекхаьчна, уьш ца яьхча йовлуш а яц. Къаьсттина уьш хьакхалуш ю, адамаш нуьцкъала тIепаза дарца.

"Системан проблема" аьлла цIе тоьхна, билгалъяьккхина иза Страсбургерчу Кхело. Цкъа делахь, проблема тIепаза байначийн гергарчарца къастор. Кхело бахарехь, байначийн гергарчарца адамаллица йоьзна къизалла лелайо, царна цхьана кепара гIортор ца йо Iедалша. Цара Iедалшка беш болу латкъамаш эрна хуьлу, адамаш дарца доьзна гIуллакхаш толлуш ца хиларе терра.

Европан Кхело цунах къизалла олу, гергарчарна тIехь лелош йолу. Цундела, ша йохун йолу гIулчаш и проблема ерзорна тIехьовсийна яха еза Оьрсийчоьнан Iедалша.

ШолгIаниг, Кхело цунах лаьцна чIогIа лерина а дийцина. Иза таллам эвсара хиларца йоьзна проблема ю.

Маршо радио: Кхелан хIара сацам ша-тайпа бу. Европан Конвенцин 46 артиклана тIе а тевжаш оцу сацамехь Страсбургерчу Кхелана Оьрсийчоьнан системехь кхачамбацарш карийна, Нохчийчохь адамаш тIепаза дар къаста ца дарца боьзна болу. Конвенцин 46 артикло Европан Кхеташонан декъашхой декхар бо Кхелан сацамаш кхочушбан.

Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш къиза талхорца боьзна 217 сацам бу хIара. Нохчийчохь адамаш тIепаза дайарца боьзна 147 сацам а бу. Массо а аьлча санна зуламаш Iедалан векалша дина дара. Таханлера де тIекхаччалц, цхьа а гIуллакх эвсара теллина дац.

Кушлейко Анастасия: Оцу сацаман бух тIехь Европерчу министрийн комитете ша дийр долчуьн план кховдон дезаш ю Оьрсийчоь. Иза сихонца дан дезаш хилар билгал а даьккхина. План хилла ца Iаш, ша йолу стратеги ю хьехош ерг.

Европан Кхеташонан сацамаш кхочушбарна тIехьажа ницкъ болу урхалла санна, министрийн комитетан бакъо ю сацамаш кхочуш бина ца бина хьажа. Оьрсийчоьне и план кхочушъяйтарна тIехьожур ю иза. Цул сов, кхин дIа а Оьрсийчоьнна тIехьожуш хир ю.

Маршо радио: Кушлейко Анастасияс юьйцуш йолу план, хIокху шеран Гезгмашан баттахь хиллачу рогIерчу цхьанакхетарехь Министрийн Комитето Оьрсийчоьне бинчу кхайкхамехь хьахийнарг ю. Цу Комитето тIе тидам бахийтинера оьрсийн Iедалийн нохчашца доьзначу гIуллакхашкахь дан дезачуьн – лаьттах доьхкина декъий хьенан хилла къастор, амнистици доьзна низам лелор, таллам баран а, таIзар даран а дIаяхана хан лелор а, архивашка кхача новкъарло ца яр а.

Аслаханова а, кхин берш а болу латкъам теллинчул тIаьхьа, даханчу шинарин дийнахь Страсбургерчу Кхело Оьрсийчоь бехке йира адамаш тIепаза дарна а, уьш лохуш хIумма а дина ца хиларна а. Латкъамхошна массарна а цхьаний Оьрсийчоьно дала дезаш долу ахча 550 000 евро барамехь ду.
XS
SM
MD
LG