ТIекхочийла долу линкаш

Еврогайтаман жамIашна реза бац оьрсий


Вена -- Еврогайтам -2015.

Вена -- Еврогайтам -2015.

Венехь дIабирзинчу Еврогайтам цIе йолчу эшаршлакхархойн къовсаман жамIаш тайп-тайпана го Оьрсийчуьрчу а, Малхбузерчу а тергамхошна.

Кху шарахьлера Еврогайтам эшаршлакхархойн къовсам башха бара, хIунда аьлча цу хIора шарахь дIахьочу вайн заманахьлерачу иллиалархойн конкурсан 60 шо кхаьчна юбилей хиларна. Цундела, и гайтам ша Европерчу а, аьлча а, мелла а шуьйра эцна, Евразерчу исбаьхьалхойн къовсам ларалуш белахь а, кху шарахь дуьххьара Австралера декъашхо а юккъевитина цунна.

Даханчу дийна кIиранахь цкъа хьалха семифиналехь, цул тIаьхьа ахфиналехь говзалла къовсуш хиллачу 27 пачхьалкхерчу эшаршлакхархойн коьрта конкурс шотанера кIирандийне йолчу буса Венерчу Шанан арена цIе йолчу кхерчахь дIаяьхьира. Толам баьккхинарг, рекорде кхаьжнаш а гулдеш, Швецера иллиалархо Зелмерлев Монс вара шен, нохчийн маттахь аьлча, „Турпалхой“ цIе йолчу эшарца.

ШозлагIа меттиг баьккхинарг Оьрсийчуьра Гагарина Полина яра, „Миллионаш аьзнаш“ цIе йолчу балладица. Цу эшаран чулацам машарна а, адамашна юккъерчу бартана а лерина бара. Ткъа къаьстина кху муьрехь, Оьрсийчоьнан куьйгалло Украинехь машар а хьоьшуш, цигахь тIеман питанаш лелочу сепаратисташна гIо дечу муьрехь, ткъа иштта Кремлан куьйгалло цу пачхьалкхахь массо а кепара маршонаш а йоьхкуш, адамийн бакъонаш цкъа а ца хиллачу агIор хьоьшуш лаьттачехь, юккъера оьрсийн эшаршлакхархочуо машарах лаьцна илли алар конкурс йолаелча дуьйна схьа а аьшнаш беш бара Малхбузерчу хаамийн гIирсашкахь а, социалан машанашкахь Еврогайтамна тергоечара.

Иза ладогIархойх ца яшар санна а, цинизм санна а, Кремлана муьтIахьчу идеологин дайша дайтина хIума санна а лорура царех цхьаболчара. Финалехь 25-гIчу лоьмарца юккъеяьллачу Гагарина Полинас шен машарах йолу йиш лакхайолошшехь Еврогайтам дIахьочу Шанан аренера хьовсархойх цхьаьна декъано цабашаран шакарш етта йолийра, вукхара бес-бесара цIелаторгаш а ягош, Оьрсийчохь адамийн бакъонаш хьешарна шайн резадацар гайтира.

Венерчу мэрин гIишлонна хьалха, тIедогIуш догIа дара аьлла ца Iаш, финалан шоу хьовса баьхкинера эзарнаш меттигера бахархой а, гIалин хьеший а. Цу гIалахь бехачу нохчийн масех тоба а яра гулбеллачарна юккъехь гуш. Царех цхьаьнга, I5 шо долчу Адамова Тамилига хаьттира Маршо радионо, цунна конкурсехь мила толийта лаьара аьлла.

Адамова Тамила: „Суна уггаре а чIогIа хазхеттарг Литвара эшаршлакхархо яра, цуьнан йиш а, аз а чIогIа хаза дара. Иштта Грецераниг а тайра суна, ткъа Германерчу Анн Софис ймш локхуш, со чIогIа цецйаьллера, цуьнан озехь чIогIа йоккха энерги яра, текст а хаза яра. Дуккхаъ бара похIма долуш, дика локхуш эшаршлакхархой. Амма Литванарг уггаре а хазох хийтира суна. Шоу чIогIа дика йина яра, анимаци а, хореографи а вуно хаза яра“.

Къовсам дIа а баьлла, 40 пачхьалкхашкара кхаьжнаш дагар дар юккъе долучу хенахь цхьа мур беара, Гагарина Полимна хьалхарчу метте яьлла. Цу мIаьргонашкахь гуш дара шен кхиамах цецяьлла йолу и йоI бIаьрхишца къуьйсуш хилар а, цунна а тIе а вахана, иза теян гIерташ даханчу шарахь Еврогатаймехь толам а баьккхина, и къовсам Австре беана волу шех дуьнено а „маж йолу зуда“ олу исбаьхьалхо Нойвирт Томас, я Вурст Кончита хилар а.

Австрин телевизионан хьалхарчу каналехь лайф-эфирехь цу конкурсана комментари еш хиллачу модераторо Кнолл Андис элира цу хьокъехь, Гагарина Полина, гарехь, кхераелла ю, ша толам баккхарна, хIунда аьлча цунна кхеташ ду, нагахь санна ша тоьлларг а хилла кхин цкъа а цу публикана хьалха хIоттахь, ша цуо мел шийла тIеоьцур ю, аьлла.

Амма цу тIе ца делира гIуллакх. Кхин дукха хан ялале кхеташ хилира, Швецерчу эшаршлакхархочуо гулдинчу кхаьжнашна я Оьрсийчоьнан векал а, я цхьа а кхинарг а тIаьхьакхиа йиш йоцийла. Цундела ур-аталла официала массо а пачхьалкхено шайн аьзнаш дIа хьанна делла а хаале Зелмерлев Монс тоьлларг санна дIакхайкхира.

Кхеташ ма-хиллара, Оьрсийчуьрчу Еврогайтаман хьовсархошна, социалан машанашкахь комаьрша цу хьокъехь комментареш язйеш болчу, шайн макхахочуьнца йинарг харцо хетта, ткъа цунна толам ца балар цара политикан гамонашца доьзна.

„Швецера Монс вац толамхо, бакъйолу толамхо Оьрсийчоь ю“, - иштта яра ала мегар ду царех дукхахболчийн юкхара ойла.

XS
SM
MD
LG