ТIекхочийла долу линкаш

Гимнаш лекхийта лууш ву Евкуров ГIалгIайчоьнан школашкахь


Евкуров Юнус-Бек.

Евкуров Юнус-Бек.

Керла дешаран шо долалуш, даиман а санна, къонахаллин урокаш дIаяьхьира Оьрсийчохь. ГIалгIайчохь, масала, дешархошна хьалха вист хилира цу республикан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек. Школан дешаран программина юкъахь леррина пачхьалкхан симболш Iамо хан билгалъяккхича дика хир дара бохуш вара иза. Цул сов, ГIалгIайчура школашкахь Iуьйранлера урокаш Оьрсийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а гимнаш а локхуш йоло еза элира Евкуровс.

ХIара шуна хезарг ГIалгIайн Республикан гимн ю. ХIинца дуьйна хIора дийнахь школашкахь дешархоша лакха мегаш ю иза, Оьрсийчоьнан гимнаца цхьана. Гезгмашин-беттан хьалхарчу дийнахь ерриг а Оьрсийчохь санна дешаран денна хьажийна леррина урок дIаяьхьира ГIалгIайчохь. Иза хьажийна яра Хьалхара Дуьненан ТIом болабелла 100 шо кхачарна.

ГIалгIайн лидеро Евкуров Юнус-Бека а дакъалецира и урок дIахьош МалгIобек-кIоштарчу Сагопши эвларчу номер 19 йолчу школехь. ГIалгIайн Республикан официалан сайто бинчу хаамца, Евкуров Юнус-Бека элира пачхьалкхан симболш Iамо школан программина юкъахь леррина хан билгалъяккхича дика хир дара аьлла.

Ша аьлча, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо хьахийра школашкахь хьалхара урокаш Оьрсийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а гимнаш лакхарца йолийча дика хир ду аьлла.

ГIалгIайчоьнан хьалхара гимн тIеийцира ГIалгIайн халкъан гуламо 1993-чу шарахь. Дешнийн автор вара поэт Цуров Рамзан. Ткъа мукъам язбинера Зангиев Руслана.

Амма 2005-чу шарахь, ГIалгIайчоьнан президент Зязиков Мурат хIоттийча, и гимн халкъ машарна тIегIертар гойтуш яц аьлла, керла гимн юкъаяьккхира цу республикехь. Цунна дешнаш яздинарг вара Чахкиев СаьIид.

Амма массанхьа а лоькхург шира гимн яра. Иза тидаме а эцна, Евкуров Юнус-Бека сацам бира ГIалгIайчоьнан хьалха хилла гимн юхаерзо. 2010-чу шарахь ГIура-беттан 7-чу дийнахь республикан парламенто тIечIагIйира шира гимн.

Гичаев Руслан МалгIобек кIоштахь вехаш ву. Цуьнан 3 бер ду карарчу хенахь школехь доьшуш. Цо иштта дьуцу Евкуровс хьахийначух лаьцна.

Гичаев Руслан:

Стохка Стигалкъекъа-баттахь дара иза. Соьлж-ГIалахь школийн директоршца цхьаьнакхетар дIахьош вара Нохчийчоьнан куьйгалхъо Кадыров Рамзан. Цхьацца хIума дуьйцуш цо хаттар делира гулбеллачерга Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а гимнаш хууш стаг вуй шуна юкъахь аьлла. Цу тайпаниг ца карийра.

ТIаккха цо омра делира, массо а чиновнико а, школан куьйгалхоша а гимнаш Iамо еза аьлла. Цул сов, хIора дешаран кIира школашкахь дIадоло деза Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а гимнаш а локхуш аьлла, хьахийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Дукха хан ялале цу тайпа сацам бира Нохчийчоьнан дешаран министралло. Ткъа муха ду тахана Нохчийчура школашкахь гиманаш лекхарца доьзна хаьл? Дуьйцу Соьлж-ГIалара цхьана школерчу хьехархочо Матаева Залинас.

Матаева Залина:

Нохчийчоь а, ткъа хIинца ГIалгIайчоь а хилла ца Iа школашкахь гимнаш локху субъекташ. Стохка дуьйна гимнаш лоькхуш бу Белгород-кIоштIара а, Кострома-кIоштара а дешархой.

Ткъа ХIинжа-гIалан дешаран урхалло стохка Чиллан-баттахь хьехар дира юккъерчу школашна цигахь Оьрсийчоьнан гимн а локхуш йоло еза хIора хьалхара урок аьлла.

Ткъа Оьрсийчоьнан гимнах лаьцна аьлча, иза-м евзаш ю дукхахенахь дуьйна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG