ТIекхочийла долу линкаш

Европе кхача гIерташ лечу мухIажирашна дозанаш схьаделлар доьху цигарчу бахархоша


Австри -- Венера митинг.

Австри -- Венера митинг.

Виъ бIе мухIажар тIехь волу хIордакема даханчу кIирандийнахь хаьрцинера Дуьненаюкъарчу хIурдалахь. И нах, доккхачу декъехь Шемара а, Сомалира а, Эфиопера а къеллах а, тIамех а бевдда Европе кхача арабевлла болу, Мисарехь вовшах а кхетта, цигара къайлаха нах дIасалелочу контрабандхошна а ахча а делла, новкъабевлла хилла.

Доккхачу декъехь ишттачу контрабандхоша деш ма-хиллара, хIурдакема тIанк аьлла дуьзна хилла, цу тIехь дIасабига магийначул кхузза алсамох адамаш чу а доьхкина. Мисрин хибердошна башха гена дала кхиале цу кепара без кир ца лайна хIурдакема доьхна, хи буха дахна, орца кхачархой тIекхиале.

ХIурдалахь бохамаш ловчарна орца латтош йолчу Италера а, Грецера а сервисаш тIекхаьчча, церан цкъачунна 20 стаг бен кIелхьараваккха ка ца даьлла, кхин дIа берш белла ларалуш бу. Иза тIечIагIдира оршот дийнахь Италин президенто Маттарелла Серджос лерина цу хьокъехь журналисташна йинчу брифингехь. Цо дийцира иштта кIелхьарабаьхнарш Грецерчу Самос гIайренна тIе дIакхачийна а бу, лоьраша карарчу хенахь Iуналла деш а бу, аьлла.

ХIинцалерниг тIаьхьарчу беттанашкахь Европе кхача гIертачу мухIажаршца хилла уггаре а боккха хIурдан бохам белахь, амма цхьаъ бен боцург бац. ХIора кIирнахь иттанашкахь мигранташ ле Дуьненаюкъарчу хIурдалахь хи чу а боьлхий, амма хаамийн гIирсашкахь беллачийн терахь бIеннашкахь ца хилча, масех могIанца хаам бар бен, кхин тидам боцуш буьсу и нах.

Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъаралло даржийначу терахьашца, хIара шо долаледелчахьана 180 эзар стаг гIоьртина хIурдахула Европе кхача. Ткъа царех 800 стаг хи чу а вахана велла. Даханчу шарахь беллачийн терахь кхин а лакхарох ду – Дуьненаюкъарчу миграцехь йолчу цхьаьнакхетаралло чIагIдарехь, 2015-чу шарахь Дуьненаюкъарчу хIурдалахь велла 3700 стаг, Малхбузехь ирсе дахар лаха араваларх Iожалла а хилла.

Цу юкъана беллачийн терахьех ца къаьхкаш шайн арахьара дозанаш чIагIдеш, мухIажарийн бала ка ма доллу шайна гена татта гIерташ къахьоьгуш ю Евробертан пачхьалкхеш. Желтойн махкара Балканийн пачхьалкхашкахула схьаоьху мухIажарш, цу новкъахь мел Iуьллучу пачхьалкхан дозанаш чIагIдарца совцийначул тIаьхьа шайна Европин кIоргене кхача керла некъ карийнера мигранташна – Италехула.

Амма Австрин Бреннер цIе йолчу жимчу гIалица Iуьллуш долу Италин доза а кху деношкахь масачу боларца дIакъовлуш дохку Австрин Iедалш. Цу хьашташна дозане тIететтина полисхой хилла ца Iаш, тIеман министраллера салтий а бу.

Амма Австрин юкъаралла резаяц шен урхаллин адамаллина гомачу леламашна. Адамийн бакъонашларйархой а, цIеяххана болу журналисташ а, юкъараллин жигархой а, амма иштта бIеннаш могIарера австрихой а арабевллера оршот дийнахь, кхин цкъа а меттигерчу Iедале мухIажарш новкъахь лийр боцуш, царна маьрша Европе кхача аьттонаш а бе, мухIажаршца къийсам латторна метта цу нахах мухIажарш бечу тIемашца къийсам латтабе, аьлла кхайкхам бан.

Уггаре а вевзачех австрихойн адамийн бакъонашларйархочуо Поллак Александра, СОС Митменш юкъараллин векал волчу, шен къамелехь билгалдаьккхира, меттигерчу Iедало ша сел дукха тIеоьхучу мухIажаршца лара ца до бохуш латкъамаш беш хилар, амма цу Iедало ойла ца йо, шерашкахь тIемаш ловш болу нах муха ларон беза шайгарчу хьолаца бохучунна, аьлла.

Поллак Александр: „Беттанашкахь кхин дуьйцуш хIума дац Австрерчу бундесурхалло, ша ларош яц тIеоьхучаьрца бахар бен. Ас хоьтту айса сайга а, ас хоьтту шуьга а: кризис йолчу регионашкара пачхьалкхашкарчу баланна хIун до вай? ТIамах бевдда новкъахь болчу нехан баланна хIун до вай? ХIун до вай беттанашкахь а шерашкахь шайн бераш ишколе даха йиш хиларе сатуьйсуш Iачу дай-нанойн баланна?

Уллехь да-нана а доцуш, мухIажаралла шайн тIеэцначу кхиазхойн баланна хIун до вай, вай цкъа а кхетар доцучу кепара хала бала шайна тIе а лаьцна, цхье-цIена бевдда, хийрачу махка а баьхкина, кхузахь ларон безаш болчу, кхузахь дIатарбала гIерташ къахьоьгучу? Цу нехан баланашна хIун до вай?“

Демонстрацин декъашхой шаьш гулбеллчуьра Вена гIалин юккъехула протестан маршаца буьйлабелла боьлхучу хенахь Маршо радиона йоца комментари елира Поллак Александра митинге арабевллачийн Iалашонех а, сатийсамех а лаьцна.

Поллак Александр: „Демонстрацин Iалашо ю мухIажаршца солидаралла гайтар а, адамийн бакъонаш хьешарна дуьхьало яр а. Тхо тхайн декхар кхочуш деш ду, тхайн дан йиш ерг деш а ду. Ткъа урхаллин карахь ду, тхан кхайкхамаш ша кхочуш бо я тергал ца беш буьту бохург“.

Цу юкъана зазадоккху беттан 20-чохь нуьцкъале баьлла Евробертаний, Туркойчоьнний юкъехь мухIажарийн хьокъехь бина болу барт. Цу бартаца Туркойн дозанна тIера Европе сехьа мел ваьлла волу мухIажар юха а Туркойчуь хьажор ву, ткъа Анкарано царна цигахь Iер-дахаран хьелаш Iалашдийр ду, бIеннаш эзарнаш мухIажаршна лерина йолу четарийн лагерш схьа а йиллина.

Адамийн бакъонаш ларйархойн юкъараллаш а, шайн юккъехь Amnesty International а йолуш, ирачу критике беш бу и барт. Цара чIагIдарехь, Туркойчоьно хIинцале а бIеннаш Шемара мухIажарш нуьцкъаха тIом болчу махка юхахьажийна.

XS
SM
MD
LG