ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зарратан герз ца кхолла бина барт бохийна ГIажарийчоьно


Дуьненца зарратан герз ца кхолла бина барт болчу ГIажарийчоьно дIахьедина, ша кхин цхьаъ а баллистикан ракета зийна, аьлла. Эскарийн буьйранчо инарлас IабдоллахIи Iелас дина и къамел Таснин агенталлехула.

2000 чаккхарма дIайоьду ракета ши кIира хьалха зийна, цо бахарехь. Iамерко а, Евроберто а бехкбиллира ТехIеранна, цо кхул хьалха изза зераш дIадаьхьча. Ткъа гIажароша чIагIдо шаьш Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин кхеташонан резолюци ца талхайо бохуш.

Ткъа резолюцино доьхка ТехIеранна зарратан герз дIакхачош йолу ракеташ кхолла. Зарратан герз лелон ца оьшу шайна и ракеташ, чIагIдо гIажароша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG