ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь шен тIаьххьара визит дIахьош ву президент Обама


Германи -- Европерчу цхьамогIа пачхьалкхийн куьйгалхошца цхьанакхийтира Обама Барак, Лахь. 18, 2016
Германи -- Европерчу цхьамогIа пачхьалкхийн куьйгалхошца цхьанакхийтира Обама Барак, Лахь. 18, 2016

КесталгIа шегара дарж охьадилла дезаш волу Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Обама Барак Европехула го боккхуш ву. Грецехь сецначул тIаьхьа Берлине кхаьчна иза. Германехь Обама цхьаьнакхийтира Францин, Испанин, Италин куьйгалхошца.

Обама Барак Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан дарже хаьржинчул тIаьхьа дуьххьара Берлине веача иза Германин урхалло веза хьаша вина тIеэцна ца Iаш, могIарерчу немцоша ша бакъонца цхьа рок-седа иза волуш санна вазвира.

Немцойн коьртачу шахьарахь шена чу уггаре а дукха адам ховшучу Толаман майданахь миллион герга стаг гулвеллера 2008-чу шарахь дуккхаъчу нехан сатийсамаш шеца боьзна хилла волу Обама цигахь вистхуьлучу хенахь.

Европера а, Германера а адамаш тешара хIетахь, ша шен харжамийн программехь дош делла ма-хиллара, цо цхьа могIа реформаш а йийр ю, шел хьалха хиллачу Iамеркан президенташа санна тIемаш а бохур бац, цара болийнарш дIа а берзор бу, цо ша дош делла ма-хиллара, Гуантаномора йийсархошна тIехь таIзарш латторца гIараяьлла йолу набахте а дIакъовлур ю бохучух.

Тешара уьш цкъачунна цо дина цхьа а хIара аьлла машаре хIуммаъ доцушехь, олуш ма-хиллара, бонусан кепехь, хенал хьалха Нобелан совгIат кхаьчна волчу стаго дерриге а кхечу агIор дийр ду, шел хьалха хиллачара чул а. Цундела а, цу сатийсамашка а, тешаме а хьаьжжина дара Обама немцоша хIетахь тIеэцар.

Цул тIаьхьа даьллачу бархI шарахь ялхазза кхечира Обама Барак Германе. ХIораза а кIезг-кIезгох нах хуьлура иза вогIу некъ ларбеш, я иза сецначу хьешийн цIийнан хьалха цунах бIаьрг тоха сатийсамца сахьташ дохуш.

Бакъду, могIарерчу нахах Обама Барак ларван Iалашонца арабаьхначу полисхойн а, къайлахчу сервисийн белхахойн а, Берлинан тхевнашна тIехь Обамин кхерамазалла ларйан хевшинчу снайперийн терахь шо шаренга мел долу алсамдолура.

Ткъа немцойн Обамах догмовла бовлар дукха сов лакхара дара. Цкъа хьалха, Обама шен даржехь чIагIвеллачул тIаьхьа кхеташ хилира, цо ша дош деллачу хенахь ОвхIанера шен эскарш арадохур доцийла. Цул тIаьхьа машаран Нобел совгIат шена деллачу Обамас Либехь тIом болийра, хIинца а и мохк цIийлахь латтош болу.

Европица а, къаьстина Германица а Iамеркан юкъаметтигаш талхийра, ткъа Обамин администрацица болу тIаьххьарлера тешаман цинцаш дайъира Цхьаьнатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисаш ахдуьненна телефонийн къамелашка ладоьгIуш, уьш дIаяздеш хилар цу сервисийн белхахо хиллачу Сноуден Эдварда 2014-чу шарахь гучудаьккхича.

МогIарерчу нехан къамелашка дегIна ца Iаш, немцойн канцлер Меркел Ангелин телефоне а тIаьхьа Обамин куьйгакIеларчу къайлахчу сервисаша ладIегний, ткъа цу къамелийн чулацам ша хIетахь а, хIинца а Меркелан доттагI санна вуьйцучу Обаме дIакхачош хиллийла а гучудаларо вуно йоккха IалагIож яьккхира немцойн юкъараллехь, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш цу ладегIарша дикка шел а йира.

ХIетте а, кхаари сарахь дуьйна Берлинехь хан йоккхуш волу Обама Барак, шен президентан функцеш тIаьххьара Германе а, Европе а веана волу, йовхонца а, мелла а дагахьбаламца а тIеоьцу европахоша.

Хила мега, керла хаьржинчу Iамеркан президентаца Трамп Доналдаца Обама вуьстича, нахана иза гIолехь карош, цуьнан мел долу кхачамбацарш а, цо мел кхочуш ца дина дош а тидаме эцча а тIаьхьа. Я хила мега, Обамас а оццул шел тешна долу адамаш догмовла даьхча, Трампа хIун дийр ду -те бохучу хаттаро цаьрга сагатдойтуш.

Мухха делахь а, шинари дийнахь президентан даржехь шен тIаьххьара Европехула турне йолийна волу Обама Барак цкъа хьалха Греци вахара. Цигахь желтойн премьер-министрца Ципрас Алексисца шен цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа прессига вистхуьлуш Обамас лакхара мах хадийра Грецин урхалло а, юкъаралло бохамех а, тIамех а юьдучу мухIажаршна дечу гIоьнан.

Кхузахь хьахон догIу Цхьаьнатоьхначу Штаташа шаьш хIинцалца схьа 1700 бен Шемара мухIажар тIеэцна ца хилар. Ткъа Грецехула даханчу шина шарчохь миллион герга мухIажар чекхваьлла, бIе эзар герга карарчу хенахь а ву цигахь.

Желтойн махкахь буьйса яьккхинчул тIаьхьа Германе веанчу Цхьаьнатоьъначу Штатийн президенто Обама Барака шота де кхаччалца хан йоккхуш ю немцойн коьртачу гIалахь. Еари сарахь немцойн канцлерца Меркел Ангелица сарахь пхьор а дууш, цхьаьнакхетар а, пресс-конференци а еллачул тIаьхьа, пIераскан дийнахь Обамас, Меркелал сов, кхин а еа нуьцкъалчу Европерчу пачхьалкхийн куьйгалхошца дагадовларш дIадаьхьира.

Цу цхьаьнакхетарехь коьрта тема яра керлачу хьелашкахь демократин мехаллаш муха ларйан йиш ю, ткъа иштта керлачу Iамеркан президентаца Европан юкъаметтигаш муха хила йиш ю бохург.

Йийцаре йира цу цхьаьнакхетарехь Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш а. Дуккхаъчу журналисташа тIаьхьарчу деношкахь шайхаллаш дина ма-хиллара, Обамин а, Евробертан пачхьалкхийн куьйгалхойн а барт хилира, Оьрсийчоьнна дуьхьал Малхбузено яьхна хилла санкцеш кхин цкъа а яхъян.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG