ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчуьрчу Ιедалан мостагIийн могΙаршлахь адамаш хилла ца Ιа, ду тептарш а. ХΙинца эшарш а евлла церан декъа. ФСБ-но терго а латтош, экстремизман могIара яьхна нохчийн тIеман бардан Муцураев Тимуран эшарш.

Кузбассан шахьарахь Кемерово-гΙалахь кхел а йина, 2000 сом гΙуда тΙедожийна меттигерчу 23 шо долчу вахархочунна.

Хьалхо цигарчу Фемидас, экстремизмаллехь бехке а еш, лекха йихкина бардан Муцураев Тимуран «ГΙатта, Нохчийчоь, тΙеман зама тΙекхаьчна» боху дешнаш шеца долу йиш керлачу клипехь интернетехула яржорна бехке вина и оьрсийн жима стаг ФСБ-но.

Оцу хьокъехь Кузбассерчу цхьана интернет-газето баржийначу хаамна буха яздо цхьамма: "ХΙун башхалла ю? Цхьана экстремисташа охьатаΙош ву-кх шаьш санна волу кхин экстремист".

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG