ТIекхочийла долу линкаш

Телефонаш, къаьсттина смартфонаш, юкъаевличхьана нохчашлахь масса доьзал боьхна? Хьан йина цуьнан чот? Амма вуно дукха ду масалш. Кхузаманан оцу зуламех лаьцна дийцира Маршо Радиога иттаннаш наха. Царна хетарехь, лелон ца хуучийн карахь кхераме ю телефон а.

...ХьенехагIеран нус зIенехь хилла цхьана минехаца, цIийндена гуча а яьлла, йитина, дIаяхийтина. ...Дехьа эвларчу цхьана къонахчун хIусамнанна, шен цIийнден телефончу яьлча, гучудаьлла, Соьлж-ГIалахь цуьнан шолгIа зуда хилар.

...Массане ду и тайпа масалш, дийца ца товш дерш а цхьаьна.

Веданан кIоштахь тахана а багара охьайиллаза, юьйцуш ю 6 берах а йоккхуш, марера йитина, цIаяийтина Мадина.

Зуда йита магийначу кхаа бахьанех цхьаъ ду цуьнгара даьлларг - цIийндена тешаме цахилар.

Чоь юьззина болчу шен доьзална напха латтош, маьркIажа бода къовлабаллалц вецаш лелачу цIийдена аьттехьа а дагахь ца хилла шайн доьзална хехо йитина хIусамнана шена ямарт ер ю, аьлла.

Телефонехь маша а боьзна, уьйр латтош хилла цо божаршца.

И гIуллакх тосаделлачу цIийнден доттагIчо боьллу цуьнан бIаьргаш. Сатоссучу хенахь, шена хьарам еш, кхо цIе а тосий, юьтий, йолчу дега-нене дIало Мадина.

Цул тIаьхьа керла нускал дало кечло Мадинин цIийнда хилларг.

ЦIентIехь цхьацца куьйгаш Iуьттучу цунна, лаьттара аннаш хуьйцуш, хьаладаьхча, цу чохь карадо кераюкъ юззуш телефончу дохку симкартанаш.

Уьш хиллера, Мадинас пайда оьцуш, ша гIараяла новкъа яьлча, цIенкъан аннаш юккъе кхуьйсуш, гулделла. Гарехь, телефонах пайдаэцарца а бу шен гIиллакх-оьздангаллин барамаш.

Телефонах, иза оьздда лелон ца хиича, долучу зуламех лаьцна дийцира шелахочо Мадаева Зулихана.

Зулихан: «Телефонах питанаш девлла дукха меттигаш ю Нохчийчохь. Боьхна доьзалш, дукха наной шайн берех бевлла. Даккхий питанаш дуьйлу хIара телефон бахьнехь. Масситта зуда йоьхна меттигаш хаьа суна телефонах питана а даьлла».

Веданарчу школехь юьхьанцарчу классашкахь хьоьхуш ю Арсанукаева Залпаъ. Ша хьоьхучу классера дукхахдолу бераш тIехь цIано йоцуш, цIахь бан белла болх ца беш догIу боху цо школе, хIунда аьлча, церан наной мукъа бац, шайн берашна тIехь Iуналла дан уьш ца кхуьу, йоллу хан телефончохь бечу балхо дIалоцу дела.

Залпаъ: ХIуманаш юьтту автомат ю, бепиг деш а, пхьегIаш юьлуш а машенаш ю хIораннан а хIусамехь. Цундела мукъа бу зударий, ватсапчохь Iа сарралц, хьаштдоцчу кехаташ дIаса а кхоьхьуьйтуш. Берашка хьовса а ца кхуьу цундела.

Церан цIийндайн метта со хилча, оцу зударийн карахь юьтур яцара ас ватсап йолу телефон, "фонарик" гIеххьа яра царна. Доккха зулам ду телефон. ХIокху эвлахь дерг хьуна хаале, Москохара, кхечу пачхьалкхера схьахоуьйту-кх хьуна, и хилла ца боху, хIара хилла ца боху вайн цIахь, олий».

Хьекъалечу вайн дайша баьхнарш харц хилла дац цкъа а. Масала, олуш хилла цара: «Хьекъал доцуш динарг, зулам хуьлий доьрзу».

Маршо Радиоца къамел хиллачу Соьлж-ГIаларчу вахархо Саидов Куьйра тIехIутту зударшна. Зуда декъаза ю, боху цо, цундела цуьнгара мел долучу гIалатна бехке борша стаг лору ша.

Куьйра: «Низамаш кхуллуш берш божарий хиларе терра, зударшна тIетотту бехк. ХIуъа даьлча а зудчуьнгара, бехк боршачу стеган хета суна. ХIунда аьлча, и зуда галйоккхуш верг стаг ма вай. Хьалха муха дара, кIант йоI хааяйта воьдуш, лулахошка чукхойкхура, я новкъахь зудчуьнга хабар чудохьуьйтура йоIе, хийисте кхойкхуш.

ХIинца муха ду? Телефон тухий йоIе, хьенех со "Бургер" кафе чохь ву, хIоккху хенахь цу чохь хилалахь, олу. ТIаккха важа, йодий, цо билгалъяьккхинчу метте йоьду. Дуккха а зуламаш хилла телефон бахьанехь, боьхна доьзалш, вер-ваккхар хилла».

Iалхан-Юьртарчу Эдильханова Томас дийцира телефонех хуьлучу пайданех, зиэнех лаьцна. Дийцира, кхардар доцуш, шен чохь кегийнаш бу, кхана шена тIе хIун хIуттур ду ца хаьа шена, бохуш дира цо къамел.

Тома: «Хьекъал долчу стагана дика хIума ю телефон, шен цхьацца гIуллакх кхочушдан. Хьекъал доцчу кегийчарна вуон хIума а ю. Нехан стаге телефонехула совнаха къамелаш а дина, доьзалх яьккхина цхьа зуда а ма евза суна. Неханиг дуьйцуш башха оьзда а дац, кхана сайн хIусаме хIун кхочур ду а ца хаьа суна. Амма бакъду, дуккха а зенаш дина хIума ю и телефон».

Веданан кIоштан Харачуьрчу 85 шо долчу Тусуева Забурас дакъалецира Маршо Радиоца къамелехь.

Ша ханна йоккха елахь а, бехкаш ца дохкуш, кхетамца, яхначу заманца дуста а дустуш, тидира цо тахана зударий шайн хотIаца, духарца, леларца, амалца хийцабаларх лаьцна.

Забура: "Суна-м хаац, хьанах доьзна ду. ХIара телефонаш бахьанехь хуьлу зуламаш. Кхаа беран нана хилла цу интернетчохь, цIийндас аьлла хилла, араяла цу чуьра, важа ца яьлла. ТIаккха цо йитина, дIаяхийтина.

Ой, шен цIийндас араяла аьлча, яла мегар дуй цу чуьра?! Меразудчун гIуллакх даннне а дац цу чохь Iен. Нана ю йоьIана зайл хьовзо безаш ерг. Ши гIаж еза аьлла марехь йолчу зудчана, етта бохург ма дац иза.

ЦIахь къевлича, марехь къевлича, чекхъер ю зуда марехь бохург ду. Хьалха меразуда къаьсташ хуьлура духарца, тахана оцу цхьаболчу зударша зудаберашна йоха хIума йитина а яц. Жимчу хенахь самукъа а долу, хазаниг йоха а лаьа, амма барам хила беза хIуманан».

Къамел караэцначу Забурин хеннара йолчу Веданарчу яхархочо Магомадова Совдас ша зудабер долуш юьртахь лелаш хиллачу ламастех лаьцна дийцира. МаьIна дара, тахана кегийчу нахана яло зуда къасто цахаар, дуьхьал кхеттарг схьаялаяр, ца хьожуш мича бухтIера ю.

Оьздачу цIентIерачу зудчо цкъа а хIоттор дац юьхьаьржа я шен да-нана а, я шен доьзал а, элира Совдас.

Совда: «ХIара чуьра гIуллакх бен дан ларош бац хIинцалера зударий. Телефонашкахь и эладитташ дуьйцуш Iа. Зуда оьздачу буха тIера яло езара. Дайша олура, «йоьIана цу лаха, кIантана хIу лаха». ХIинца хьесапе ца лору и дешнаш.

Хьенан мила ю а ца хьожуш, схьагиннарг ялайо. Тхо кегий долуш, дагадогIу суна, тайпана зуда нахе дIа а ца йохуьйтура, я шен доцчу тайпанара зуда яла а ца йора. Нагахь санна кхечу юьртара, я тайпана йоцу зуда ялийча, и стаг шайн пхьоьхана а ца вуьтура, бехкаш дохура цуьнгара».

Соьлж-ГIалахь машенаш тоечу салонехь болх беш ву Абакаев Муслим. Ша божаршна юкъахь лелаш хиларе терра, дуккха а доьзалш хаьа шена бохура цо, телефон бале яьлла, къаьстина.

Муслим: «Тахана марехь болу зударий а бу нехан божаршка телефонаш етташ. Дуккха а зуламаш хуьйлу цу тIехула. "Фонарик" бен телефон йита ца езара меразударшкахь».

Тхоьца хиллачу къамелехь, шуна ма хаззара, цхьамма-шимма а элира, марехь йолчу зудчуьнгахь еза телефон хила а ца езара, «фонарик» олу, совнаха таронаш луш йоцу телефон бен маго а ца еза аьлла.

Къамел хиллачу Саидов Куьйрас цунах хила дарба дац боху, шех адамах йоьзна ю боху цо синан цIеналла.

Кюри: «Телефон "фонарик" хилар, айфон хилар башхалла яц. Телефонан бехк бац. Зуламна араваьллачу стагна-зудчунна карор ю шена оьшшу телефон . Цу стеган оьздангалле хьаьжжина ду гIуллакх».

Дукхахболчу дайшна-наношна ца хаьа шайн доьзало хIун леладо. ЙоьIана хехо латта езарг нана кхачайо, олуш ду. ЮхьIаьржо лергатIеххьа ю, цундела даим сема хила езаш ю нана. ЙоьIера, кIантера даьлларг оцу цхьана доьзале кхаьчна Iаш дац, иза вайн массеран а юкъара лазам бу.

Шен къамелехь Сиржа-Эвларчу Идрисова Тамарас а бехкеозайо йоьIан нана. Нанас кхетам белча, йоI нийсачу новкъа ер ю, боху цо.

Тамара: «Зударийн беррриг болх цу телефончохь бу. Марнанас охьайилла и телефон аьлча а, майрачо дIаяккха телефон аьлча а, тергал ца до зударша. Телефонаш бахьанехь ду дукха хьолахь доьзалехь лаьтта девнаш.

Оцу йоьIан нанас хьекъал-кхетам луш хилча, йоIа схьалоцур дара. Масала, сан жимахволчу кIанта зуда ялош, йоьIан вашас шен йишегара телефон дIаяьккхина хиллера, хьо нехан цIентIе йоьдуш ю, царна оьшу-ца оьшу а ца хаьа хьан карахь телефон. Нагахь санна эшахь, дIалур ю, ца эшахь, гIуллакх дац телефон лело аьлла хиллера».

ГIадужу-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо рогIерчу кхеташонехь айдира интернетах хаттар. ТIекхуьу чкъор оьздангаллин гурашкахь кхиорна новкъарло йо Интернето, Нохчийчохь цу чу валар доьхкуш некъаш лохур бу ша, элира цо.

Программа кечъеш, оха хIоранга а хаьттира, юй-те интернет бехке дуьйлучу зуламашна, питанашна, аьлла.

Соьлж-ГIаларчу Гацаева Iайшата масалца жоп делира цу хаттарна.

Iайшат: «Масала, хIусамден говр ю. Къаьркъа а молий, юьрт мел ю говр хоьхку цо. Цуьнгара и говр дIаяккхарх молучуьра соцур вуй и стаг? Вац! Говран бехк ма бац хIусамдас юьрт мел ю ша хехкарна. Интернет вуон хIума яц, и дIаяккхарх нислур долуш хIумма а дац».

Диканна а, вуонна а адамо ша хадабо шен мах, элира Iайшата кхидIа къамелехь, цундела интернет яц дIаяккха езарг, адам ша ду нисдала дезарг.

Iайшат: «Суна чIогIа новкъа ду вайнаха цхьаьнгара яьлла ледарло интернетчу а кхусий, бийларш деш, маьттаза дахар. Шена чу кхоьссинарг нахала доккху интернето, амма адамо ша хадабо шен мах, диканна а вуонна. Оцу стага ша шен хаддийна мах бу оцу интернечохь берг».

Яхначу заманан мехала сибаташ оцу заманца дисинчух тера ду. Кху заманан кхин мехаллаш, лехамаш, сатийсамаш бу, цхьаболучара дийцарехь.

Вуно дукха наха, тIех дукха наха ца до пусар шайн доьзалан, цIийнан, хIусамден, хIусамненан. Церан ойла цкъа а ца хуьлу чохь, дог-ойла арахь соьцу.

Бакъйолчу нохчийн нанас йинчу йоьIана, Хьалха-Мартанарчу яхархочунна Исиева Азина хетарехь, нохчийн зудчо ирс леха ца деза арахь, шен ирс цунна карор ду шен доьзалехь, хIусамехь.

Аза: «Суна хетарехь, ирс ду-кх дуьххьара зудабер нехан цIентIе дахча, цунна хIусам нисъеллехь, оьзда марда-марнана а карийнехь, мотт хууш цIийнда а нисвеллехь, оьздангаллин гурашкахь доьзалш кхиинехь, уьш нийсачу новкъа а баьхнехь цара. И ду-кх нохчийн зудчун ирс!»

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG