ТIекхочийла долу линкаш

Аштаркхнехь полисхошна тIелатар динчу зуламхочун  да мукъавалийтина Iедало


Оьрсийчоь -- Аштаркхан

Оьрсий, казахаш, гIезалой боцуш,дукха вайнах бехачех цхьаъ ю Идал хица Iуьллу Аштаркх кIошт. Вер-ваккхарш а нисдеш, кху беттан 4-чуй,6-чуй деношкахь, тIаьхьий, хьалхий цигахь полисхошна герзаца тIелетарш дичхьана а, ладегIамехь масех де даьккхина кIоштан йоккхачу шахьарехь а, цунна гергахь а бехачу вайнаха. Цунна бахьана хилла низамхошца герзаца юкъаметтиг къастийначу тобанна юкъахь ши нохчо хилар: циггарчу Красноярск кIоштера вахархо 21 шо долу Кукулаев Рамзанний, 18 шо бен доцу Гуьмсан кIоштара Солтамурадов Рамзанний. Болх–некъ а карийна дукха хенахь а дуьйна а цигахь бехачу нохчаша даре дарца,барта хеттарш дар доцург кхин ницкъ ца беш мукъавалийтина Кукулаев Рамзанан да Куьйра. Карарчу хенахь иза цIахь ву. Бахархоша муIкIарло дарца тезет хIоттийна яц, дийцарехь беллачеран декъий а дац схьаделла. "Да ,нана, йиша-ваша, ган бахнарш кадам а бой сихха дIабоьлху. Царна лаац адам кертахь соьцийла. Гарехь, дихкинчу тера ду Iедало керта нах лестийтар. ЦIахь санна,гергарниш лецна а дIа а буьгий, хьуламехь латтор кхузахь аьттехьа а дац». Герггарчу барамехь ишта къамелаш хазадо дукхахболчу вайнехан векалша. Нахана хетарехь Iедало декъий дIалур долчух тера дац . КIентан дас дехар динчух тера а ду махкахошка шайга цалестар доьхуш. Цигара вахархо Хьусайн ву дуьйцуш.

Хьусайн: « Докъах лаьцна хIумма а дуьйцуш даш. Суна цунах кхин хIумма а ца хаьа. Дакъ схьалур ду бохуш а ца хезна. Царна гена воццуш тхан гергара стаг ву. Ша гучу а ваьлла сихха схьавеъна бахара цо. Цкъачунна тхойга а ма гIойша бохуш вар-кх иза».

Цигарчу яхархочо Луизас а къаро йо Кукулаев Рамзанан цIеранаш хIуьттуш бац я лууш а бац тIийриг а йина,адам шайга оьхийла.

Луиза: "Да цIахь ву элира хьастагIа веъначу тхан шичо. Шайга нах хьуйзийла ца лаьа боху. Дакъа а схьаделлачух тера дац. Телпонаш а,кхийолу токаца пайда мел оьцу электронан кочалла-аппаратура а схьаяьккхина боху зераш дан."

Нохчийчуьрчу полисхойн урхалло дIасабаржийначу хаамца Аштаркхнехь Iожалла карийна жима стаг Солтамурадов Рамзан,тIемалойн могIаршкахь хилла я царех доглозуш ву аьлла, цкъа тидам-тергоне эцна вац низамхоша. Кхузара и цига, сел гена муха кхаьчна,цуьнан цигарчу и тIелатар динчу тобанца хIун зIе хилла цкъачунна хууш дац.

Хууш ма-хиллара Аштаркх гIалахь оццул бохаме хиламаш тергалбеллачул тIаьхьа,ницкъаллина структураша шуьйра талламаш дIабехьна шеконе мел хеталучу меттигашкахь Большие исады олучу базаран кертахь долчу маьждигехь а тIехь. Цигахь бехачу вайнаха чIагIдарца, ДегIастанахь а,кхузахь а санна,боцу бехк кхийдош,бахархошна харц тIеIаткъам а ца бина я лецна дIа а ца бигна.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG