ТIекхочийла долу линкаш

Керла рекорд хIоттийна Баумгартнер Феликса


Iамерка -- Австрера пилот Баумгартнер Феликс, 14ГIад2012

Iамерка -- Австрера пилот Баумгартнер Феликс, 14ГIад2012

39 километр лакхара чукхоссавелла Австрера пилот Баумгартнер Феликс. Кху тIаьхьарчу масех баттахь лерина кечам беш хилла долу и чукхоссавалар хIинцалца схьа цхьаммо а кхочушдина дацар. ХIунда аьлча, спортахо стиглара чувогIучу хенахь 1100 километар сохьтехь йолучу сихаллел а чехкаваьлла хилла иза.

ДуьнентIехь уггаре а чехка стаг ларалуш волу Болт Хьусейна сохьтехь 45 чакхарма чехка вадало. Акхарошна юккъехь лаьтта тIехь уггаре а чехка ларалуш долу экъа гепард ду. Гепард дедда доьдучу хенахь цуьнан сихалла I05 чакхарма сохьтехь хуьлу.

Стиглахь олхазарехь уггаре а чехканиг сапсан олуш долу аьрзуйн тайпа ду. ТIулг санна чухьаьдда иза хIаваэхула догIучу хенахь, цуьнан чехкалла 200 чакхарма сохьтехь хьалайолу.

И чехкалла мел инзаре ю хаа луучун хIоранна а таро ю, хIаваъ-четарца кеманна тIера чу а кхоссавелла, иза талла. МогIарера хIаваъ-четархо шен букъатIера четар схьадастадаллалца, маьршачу чухьадарехь вогIучу хенахь оццу 200 чакхарм сохьтехь йолчу сихалле кхочу. И сихалла мел садIалоцуш, инзаре аьрха а, чехк а ю бохург талла йиш хилира сан даханчу шерашкахь хIаваъ-четарца 4000 метр лакхенера чукхоссаяла суо Iемаш.

Амма хIинца Австрерачу экстрем-спортахочо Баумгартнер Феликса гайтина долу хьуьнар- тIурнененера, я вуьшта аьлча, 39 километар лакхенера кхоссавелар, шен новкъахь II00 чакхарма сохьтех бохучу коьрто схьа ца лаццал йолчу сихаллел а тIехволуш цу тIехула тIе, - иза боккъал а тамашийна хIума ду.

Цуо шен чукхоссаваларца хIинцалца схьа 52 шарахь цхьанге а йоха ца луш лаьттина хилла йолу рекорд йохийна ца Iа. Иза иштта адамех уггаре а хьалхарниг ву озан сихаллел чехка ваьлларг. Хууш ма-хиллара, хIаваэхь озан чехкалла II00 километар сохьтехь ларалуш ю, ткъа Баумгартнер цул а чехкох вогIуш хилла, иза ша тIурнене хьалавигинчу ракети чуьра аракхоссавелла, Лаьттан пардонех цхьаъ йолчу стратосферех чекхволучу хенахь.

Оццул инзаречу лакхене могIарерачу кеманца хьалакхача йиш йоцун дела, спортахо стигала хьалаваькккхинарг гелийца юьзна йолу стратостат олуш йолу цхьа ракетийн тайпа хIума яра. Шена Баумгартнерна тIехь тIурненхоша лелочарех тера цхьа лерина скафандр яра, Iилманчаша цу чукхоссаваларна кхоьллина йолу.

Стратостат чуьра ша аракхоссавеллачу маьргонера иза лаьтта охьакхаччалца яьлла йолу хан иттех минот яра, царех нийса 5 минот спортхо, хIаваъ-четар схьаделланза а долуш, тIулг санна, чувогIуш вара стиглара. Ткъа лаьтта охьакхача цхьаъ-ах чакхарма йисинчу хенахь цуо шен четар схьадиллира. Iамеркерачу Нью-Мексико штатехь, нийса ша леринчу меттехь, охьавоьссира Баумгартнер лаьтта.

Охьакъаьчначу хьалхарчу миноташкахь журналисташка ша динчу къамелехь Баумгартнера дийцира, ша шен Iалашоне кхачарна а, и чукхоссавалар кхочушдан шен кадаларна а мел ирсе ву бохуш. Шена моьттинчул а и хIума дуккхаъ халох хиллехь а.

Баумгартнер Феликс: „Цхьана шина-кхаа мIаьргонна, и чехкалла дукха инзаре сов хиларна, суна моттаделира, сайн дог гIелло-кх, аьлла. Вуно беза Iаткъам хуьлу хьуна цу лакхахь, хIара скафандр а хала ма юй, я хIаваъ а дац хьуна хаалуш. Ткъа чехкалла хаддаза лакхайолуш хуьлу.

Цхьа дикка, цхьаьна мIаьргонна а доладар сайн карара ца долуш, кхетамчохь вара со. Вуно хала дара дерриге а, амма со ирсе ву хIара сайга даделла. Цу новкъахь, эзар километарал чехка ваьлла хьуо чувогIуш, кхета хьо, хьайн дегI мел деза ду, цунна доладар мел хала ду а бохучух“.

Ала догIу, спортахочо еккъа цхьа рекорд хIотторхьама я сенсаци кхоллархьама цу инзаречу чукхоссаваларна шерашкахь кечам бина ца хилар. Мелхо а, цуо хьалхабаьккхинарг мехала Iилман эксперимент ю. Цуьнан Iалашонехь ду, реактиван чехкаллин кеманашца кхераме хьал кхолладелча, церан пилоташна эвакуаци яран керла некъаш лахар. Цундела ду НАСА тIурненан кампани а и эксперимент шен тергонехь латтош хилар.

Тергамхоша дийцарехь, тIеман кеманийн пилотийн хьалха а дезна озан чехкаллийца юста йиш йолчу сихаллийца кеманчуьра чукхиссабала. Амма Iилманчашна хууш дац, цу кепарчу чехкаллехь адамийн дегIаца хIун хийцамаш хуьлу я цу дегIана хIун тIеIаткъамаш бо ишттачу чехкалло бохург. Цундела Баумгартнеран дегIаца дIачIагIбина бара, иза чукхоссалучу хенахь, цхьа могIа талламаш баран гIирсаш.

ХIинцалца схьа адам стиглара чукхоссаделла йолу уггаре а йоккха лакхалла - иза 31 чакхармал жимма сов йолу лакхалла яра. Iамеркера эскархо Киттингер Джо вара 52 шо хьалха и хуьнарг гайтинарг. Карарчу хенахь Баумгартнер Феликсан хьехамча волу иза, спортахо стиглара чувогIучу хенахь, хаддаза цуьнца радиозIенехь хиллера.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG