ТIекхочийла долу линкаш

«Орда» - оьрсий баз а беш, шаьш маьттаза гойту филм ю, боху гΙезалоша


"Орда", Оьрсийн режиссера Прошкин Андрейс яьккхинчу филма чуьра сурт, 18Гез2012

"Орда", Оьрсийн режиссера Прошкин Андрейс яьккхинчу филма чуьра сурт, 18Гез2012

Деношкахь Оьрсийчоьнан кинотеатршкахь шуьйрра гайта йолош ю кинорежиссера Прошкин Андрейс яьккхина «Орда» цΙе йолу фильм. Гайтамо юьхьаръоьцу Дашо Ордан заманахь хиллачух тардина оьрсаша яржийна цхьа миф. Филмо сийсазбо гΙезалой, иза бакъдолчунца йогΙуш яц, аьлла, критика яржийна Казанерчу историкаша а, политикаша а. Ткъа кавказхошна-м дуьххьара гуш дац ишттаниг. Уьш боьлла шаьш даима а кинофилмашкахь ирча гойтуш хиларх.


Оьрсийчун бΙаьргашца хьаьжча, Прошкин Андрейс яьхна филмаш «Эскархойн декамерон» а, «Миннесота» а, кхиерш а вон яцахь а, иза цкъа а шен белхашкахь бΙешераш хьалха леллачун бΙаьра хьажна стаг вац. Историн тема дуьххьара ю цо хьееш.

Цундела делахь а, кхечу бахьанийца делахь а, яхначу заманийн васт цо, гома куьзгана хьаьжча санна, эрчадаьккхина ша-тайпа триумф кинотеатршкахь яккха тарлучу шен керлачу «Орда» филмехь.

Бухайиллина сюжет иштта ю. 14-гΙа бΙешо. Дашо Ордана кΙел бу оьрсийн мехкаш. Таханлерчу Аштаркхна, историца а догΙуш, гена йоццуш лаьтта Узбек-ханан воΙ Джанибек коьртехь волчу пачхьалкхан шахьара Сарай Бату. Цига вогΙу, шен дахар боккхачу кхерама буха а хьош, Москох коьрта мозгΙар, митрополит волу Алексий.

Шахьара дΙакхаьчча, шегарчу делан кΙайленца бΙаьрса юхадаладо цо са ца гуш йисинчу Джанибекан ненан. МозгΙарна баркалла олуш, хана маьрша юьту оьрсийн шахьар –ца воьду иза Москох яккха.

Историно тΙечΙагΙйина а йоцу миф коьрте йиллинехь а, режиссеран гΙеххьа аьтто баьлла, сюжето магош ма-хиллара, хьалха заманара оьрсийн дахар гайта а, иштта Дашо Ордан долчуха цхьа васт кхолла а, аьлла хета оьрсийн мозгΙаршна а, кинезархошна а.

ХIан-хΙа, иза ца дина, гΙезалойн, башкирийн, ногΙийн, гΙумкийн, кхарачойн, балкхаройн, кхечу кхин а маситта къаьмнийн хΙетахьлера пачхьалкх маьттаза, къиза, беркъа гайтина, боху тахана истори ма-ярра юьйцийла луучу гΙезалойн историкаша а, политикаша а. Изза боху оьрсех болчу историкаша а.


Прошкина филм Дашо Орда, шена ма-гарра, дукха хьолахь Оьрсийчохь массаьрца а бехачу кхетамца дΙа а таръеш, яьккхина. Цу чохь оьрсий, кхеташ ду, ша митрополит Алексий а тΙехь, кΙеда, мерза, комаьрша нах бу, ткъа гΙезалой а, кхиболу Ордан векалш а маьттаза бу амалшца а, къиза бу гонаха мел волчуьнца а, кхетамна а бац уьш гена бевлла гойтуш.

Оцу васто бехк а бац гΙезалой оьгΙазбахийтича а. Ткъа оьрсийн кинематографо васт ирча хΙоттийнера аьлла, масала, кавказхой оьгΙазбоьлхуш хилча – оцу хьолера уьш ца бастабаллал ирча ду церан васт муьлххачу филмехь а аьлча санна.

Схьаоьцур вай царех гоьевлларш. « Кавказан йийсархо» («Кавказская пленнница»). Беламе кинох иза елахь а, Кавказехь зударий идабо, уьш шайн ламехь бац, иза могΙара, массара а леладе хΙума ду, бохуш санна яккхина ю филм.



Эшначохь аьшпаш буьттуш а, хΙиллане а, оьрсийн мотт шерра ца хаарна беламе хоьтуьйтуш а яьккхина яра, «Кавказан йийсархо» а санна, Советан заманахь яькккхина «Мимино» а.

Бакъду, оцу киногайтамаша юхь-дуьххьал къаьмнашка гамо ца яржайора. Ткъа и дан а долийра тΙаьхьо оьрсийн кинематографо. Нохчийчу тΙемаш кхачале а, кхоччуш а.

Масала, Балабанов Алексейс ша 2002-чу шарахь яьккхинчу «ТΙом» филмехь къиза а, оьрсий ша жΙалеш санна байъа хьагна а гойту нохчий.

ТΙаьххьарчу заманахь кавказхочун васт мелла а довха, безамехьа гайта деза, аьлла, кхоьссира маситтаза Кремлан дайша. Амма оццу кавказхочун васт муха гайта аьтто бу оьрсийн кинорежиссерийн дика хоуьйту хΙинца «Орда» филм яьккхинчара.

Ала дашна, Орда юьйцуш, беккъа цхьа гΙезалой, башкираш бийцина Ιойла а дац, оццу Дашо Ордах схьабевлла бу Кавказера ногΙий а, гΙумкий а, балкхарой а, кхарачой а. Ткъа Прошкин Андрейс «Орда» чохь гойтурш аьттехьа а тера бац шайн гΙиллакхаш а долуш , синбахам а болуш даьхначу къаьмнех. Цо оьрсашлахь, оьрсийн историкаша гΙо а деш, даьржина ма-леллара, цхьа кхетамна эшна, адамалла ца евза, къиза-цΙармата къам гойту – бац уьш бакъболу гΙезалой, кипчакаш я монголаш – антитурпалш бу.

Иштта мах хадабо кху деношкахь хΙинцале ехха йийцаяьккхинчу Прошкинан «Орда» филм, оцу чохь гойтург а, дуьйцург а хΙун ду а хууш, шайх иза хьакхалуш юйла кхетачу наха. Уггаре хьалха уьш бу гΙезалой. Амма уьш хилла а ца Ιа.

Юьззина квалификаци йолчу критикех цхьаъ ву историк-археолог, шерашкахь Дашо Ордан шахьарш лаьттина меттигаш охкуш а, толлуш а леллаш волу Рудаков Вадим. Иза юьхьанца, ша филм яккха волалуш консультант кхайкхина а хилла кинорежиссера Прошкина.

Амма ша шарахь сов оцу филмана кечйина гΙишлош, йийбар, сюжет аьттехьа а бакъдолчунца йогΙуш яц боххушехь, шега ла ца доьгΙча, эхь шена тΙе ца эца, ша ведира оцу тобанера, аьлла, дийцира Рудаков Вадима деношкахь Маршо Радион гΙезалойн редакцига.

Араяьлла филм оьрсийн цΙе язъярехь мехала ю, амма историца, цуьнан бакъдолчунца аьттехьа а йогΙуш яц. Дашо Орда, кхечу къаьмнийн оцу заманахь хилла а доцу оьзда гΙиллакхаш а долуш, прогрессехь генна хьалха яьлла пачхьалкх хилла, ткъа Прошкина иза вуно-вуно беркъа гойту, аьлла хета историкна Рудаковна.

Делахь а, пайда а бохьу «Орда» филмо – и пайдаоьцург оьрсийн пачхьалкхалла, оьрсийн юьхь-сибат ду. Цундела филм хестош бу тахана оьрсийн мозгΙарш, оьрсийн националисташ, Оьрсийчоьнан мукъ оьрсашкахь хила беза аьлла мел хета кинокритикаш а, историкаш а, политикаш а.

Ткъа хΙун ойла кхоллало оьрсех боцчу Оьрсийчуьрчу бахархойн бохург дуьсу, хьалха а санна, ша доллучохь. Кинохьажархочунна – иза дукха хьолахь оьрси ма вуй - Прошкинан филмехь мехалниг цо шен къам даздар ду. И Ιалашо кинорежиссера юьззина кхочуш а йина.
XS
SM
MD
LG