ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Олимп" меттахIоттош бацор бу цIеяьлча кхаьрдинарш


"Олимп" йогуш, синкъераме санна, хьажа баханера цхьаберш, Соьлж-ГIала, 03Оха2012
"Олимп" йогуш, синкъераме санна, хьажа баханера цхьаберш, Соьлж-ГIала, 03Оха2012

Соьлж-гIалахь "Олимп" гIишло йогуш хазахеттар интернетехула къадийна жима ши стаг гучу а ваьккхина, юьхьΙаьржа хIоттош, емалвина республикерчу Ιедалша. ХΙинца цушимма, Кадыров Рамзана динчу омрица реза а волуш, къахьогур ду цу гΙишлонна тIехь и меттахΙоттийна яллалц.


«Олимп» - 40-зза тIекIелйина гIишло - йогуш хьожуш вуно дукха адамаш дара. Цхьаберш, ша синкъераме боьлхуш санна, карахь а, марахь а бераш а долуш баьхкинера. Шаверг аьлча санна, телефонаш хьала а яьхна, видеош а, суьрташ а дохуш вара. Цхьаберш хилла цIеяларх дог кхаьрдаш, иза хазахеташ. Мацца а шайн видеогайтамаш юккъараллехь баьржар буйла дийцделлачу царна ца моьттина шайна иза бIостанехьа доьрзур дуйла.

Iаьрбийн Эмираташкара цIа ма вирззинехь, Нохчийочьнан куьйгалхо хьажа ваханера цIе яьллачу метте. Цигга схьавалийнера, телефонца видео а яьккхина, и бохам хилла хазахеташ, къамел дина жима ши стаг а. Цу меттехь, гулбелла лаккхара хьакамаш а болуш, меттигерчу телевизионехула жоп дала дийзира цу шиннан.

Кадыров: «ГIали юккъахь, дуьне цец а долуш, оццул лекха гIаланаш ю аьлча, уьш йогуш хьо воккхавер, и болх бийцахь соьга».

ДIалаьцнарг: «Галваьлла аьллера ас иза».

Кадыров: «ХIун аьллера ахь?»

ДIалаьцнарг: « Йогуш ю, яьгна яьллалц йогур а ю, аьллера ас. Нохчийн карара иза яьлла, аьллера».

Кадыров: «Мича йоьдуш яра иза нохчийн карара яьлла? ХIорш Ямадаевца хилла бу. ХIара, Iедалан тапча а йоьхкина, ведда ву. Яьгча хIун дан волу хьо? Чохь адамаш хиллехьара хIун дан воллура хьо? Кувейтехь, хIара санна гIишло яьгна, 80 стаг велла. Абу-Дабехь уггаре а керла технологеш йолу, 23 гIат яьгна дIаяьлла. Нохчо ванне а вац хьо! Хьо цIий цIена долуш вац. Хьан бух лаха безаш бу. И тайпа дог муха хуьлу хьан?».

Шина жимчу стага, шайгара даьлла гIалат нисдархьама, и гIишло тойина яьллалц, цу чохь болх бар тIелецира цу меттехь. Гарехь, ишшта кIелхьарваьлла а хазахеташ вара и шиъ.

Оцу гIишлонна цIеялар толлуш долийна зераш дерзанза ду. Бахьанех лаьцна олуш маситта верси ю. Царна юкъахь ю цIе тесина хилар а, амма, говзанчаша бахарехь, и тайпа доккха зе хилча юьхьароьцу верси ю иза.
XS
SM
MD
LG